ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь дуккха а кадыровхой баларна Нохчийчохь даккхий ловзарш дихкина


Нохчийн эскархой Соьлжа-ГIалахь, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо
Нохчийн эскархой Соьлжа-ГIалахь, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо

Махкарчу дуккхаъчу эскархошлахь Украинехь эшамаш хиларна официалехь а доцуш, зуда ялийча даккхий ловзарш хIиттор дихкина Нохчийчохь. Регионерчу шина хьасто бина и хаам Кавказ.Реалиига, официалехь и тIедожийна цахилар билгалдоккхуш, сацамаш тIеоьцуш бу "паччахьна ма-хеттара" (вуьйцург ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан- билгалдаккхар.).

Кавказ.Реалиица къамелдинчара чIагIдо, кху деношкахь рогIера Украинерчу тIамехь вийна Куьрчалойн кIоштара Iалларой эвлара вахархо дIаволларх, цул хьалха шиъ дIавоьллира оццу кIоштарчу БIачи-Юьртахь. Уьш берриш а бу кадыровхойх, официалехь а долуш, дакъалоцуш хиллера цара Оьрсийчоьнан эскарехь нохчийн дакъошлахь.

Дуккха а нах гулбеш, даккхий ловзарш хIиттор дехкарх информаци бакъ юй хьажа гIоьртира Кавказ.Реалии банкеташ дIахьочу хIусамашкахь. Корреспонденто телефонаш йиттинчу пхеа хIусамех, еаммо жоп ца делира, цхьаъ кийча вара 50 хьаша тIелаца – меттигерчу барамашца и терахь жима ду.

Гуьмсерчу а, Устрада-ГIаларчу а масех хIусамо къаьсташ жоп ца делира, ловзар дIадахьа таро юй хаьттича, цхьа информаци "къастон деза" аьлла. 450 стаг гергга чу тарлучу кхечу банкетан залехь, бахьана а ца дуьйцуш, ца магийра.

Къайлахчу дехкарх лаьцна комментареш еш яц Нохчийчуьрчу Iедалхоша.

  • Кавказ.Реалиин хьостанан хаамца, Украинерчу тIамехь 60 гергга Нохчийчуьра схьаваьлларг вийна. Зазадоккху-беттан 1-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шиннан кхалхар тIелецира, и шиъ Тарамов Iабдулбек, Исаев Тимирлан ву. Охан-беттан 7-хь ИА "Чечня Сегодня" хьостано арахецар дира, веллачу ворхI стеган гергарчаьрга совгIаташ кховдош – уьш бу лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев ШахIрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам а.
  • Украине гIоьртинчу хьалхарчу деношкахь Къилбаседа Кавказерчу эскархойн тобанашлахь пхи эзар вийна, лазийна аьлла, мах хадийра Киево. Украинхойн агIонан хаамашца, артиллерица а, авиацица а тохар бахьана долуш эшамаш хилира кадыровхошлахь, нислора цкъа тоьхначо 30-40 тIеман техкника йохош. Конфлкитан шина а агIоно ден дIахьедарш зен аьтто бац саццанза дIабоьлхуш тIемаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG