ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь "тIемаш бечу" шен кхиазчу кIентийн видео гайтина Кадыровс


Кадыров Рамзан шен вешин кIантаца а, шен воIаршца а
Кадыров Рамзан шен вешин кIантаца а, шен воIаршца а

Жимачу окопчуьра автоматаш а, гранатометаш а йетташ шен кхо кIант гойтуш видео зорбане хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хетарехь, видео яьккхина дIалецначу Украинан дозанаш тIехь.

Кадыровс бахарехь, масех де а ду "нохчийн ницкъахойн хьалхарчу позицешка лела" 16 шо долу Ахьмад а, 15 шо долу Iела а, 14 шо долу Адам а, хIинцале а церан аьтто баьлла "рогIера нацистийн контратака юхатоха". Кхиазхоша, дIахьедарехь, тIелетарш ден эскархой хьулбо, тохарш деш.

Оцу юкъанна, видео тIехь долчу суьрташа тоьшалла до, видео тылехь яьккхина хиларх, цуьнан терго йина оппозицин телеграм-каналаша. Масала, "тIемаш бен" меттиг, кхул хьалха Кадырова Iайшатан делегаци тIеэцначу локацица йогIуш ю. Дитташ, коьллаш, хьуьнан го а цхьатерра бу шина а видео тIехь, яздо "Niyso" телеграм-канало.

Шен берхIитта шаре бовлазчу воIарша "Украинехь тIом бийр" хиларх Кадыров Рамзана дIахаийтинера гIадужу-беттан юьххьехь. Регионан куьйгалхочо тIеман хьалхарчу позицешка могIарера нохчий хьийсабо, шен гергара нах ца бохуьйту аьлла, оппозицин блогерша бехкаш даьхначул тIаьхьа йина реакци яра иза. Кадыровн дешнашца, тIеман кечамаш бина кхиазхоша "дуккха а хьалха, бераш долчу хенахь дуьйна".

  • Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечаарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхий ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1АДАТ боламо а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьйгъяздина республикехь къепе латтон кхин а совнах самояр тIедожочу омрана.
  • Хьалхо Украина Iалашъечу къобалъязчу Ичкерин агIончаша Нохчийчоьнан урхалхочуьнга а, цуьнан роже а тIом хьебинера, республикана "деоккупаци" ян Iалашонца. Марсхьокху-бутт бовш цо кхин а тIедожийра, кхерамзалла Iалашъеш барамаш регионехь чIагIбе аьлла. "ГIуллакхдар чIагIйинчу кепе" даккха деза Росгвардин а, МВД-н а белхахоша а, иштта регионехь биссинчу эскархоша а аьлла, дIахьедира цо хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG