Йийсархошца цхьаьнакхета ца лиина Кадыровна, даккхийчу зуламашкахь зебеллачу хьаькамашна "турпалхойн" мидалш йалар, Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо Радион 7-чу подкастехь дуьйцу.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Зуламхой хила тарлучех "турпалхой" бина Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пачхьалкхан тайп-тайпана совгIаташ делла хьаькамашна а, ницкъахошна а. Царлахь нисбелла Украинина дуьхьал тIом бинарш а, зуламаш дарна шеконехь берш а – дуьйцург нах байъар, уьш лечкъор, къизаллаш лелор а ду.
Соьлжа-ГIалахь совгIат деллачех уггар вевзаш верг ву Нохчийчоьнан цIарх оьрсийн пачхьалкхан думан депутат волу Делимханов Адам. Адамийн бакъонаш эшорна а, Украинина дуьхьал бечу тIамехь дакъа лацарна а, Дуьненайукъарчу санкцешкахь ву иза. Делимхановс хаддаза кхерамаш тийсира журналисташна а, бакъонашларйархошна а, Кадыровн критикашна а. Иштта политикан бахьанашца масех стаг верца воьзна а хета иза. Царах уггар гIардаьлларг – 2015-чу шарахь Кремлан пена уллохь оппозицихо Немцов Борис вер дара.
Иштта Кадыровн карара «Нохчийчоьнан турпалхо» мидал кхечира Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин куьйгаллехь волчу Делимханов Шерипна а. Цунна дуьхьал йаьхна а йу санкцеш. Немцов верна декъехь ву аьлла шеконашкахь волучух вира иштта «Нохчийчоьнан турпалхо» – Геремеев Руслан ву вуьйцург. Оьрсийчоьнан политикна герз тоьхначул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу МВД-н эпсар лаьттинарг тIепаза вайра, гучувелира 2022-чу шарахь Украинехь тIом болабелча. Дукха хан йалале чов а йина, лазартне кхечира и, цига Кадыров а веара цунна зерат дан. Цул тIаьхьа Геремеевс тIамехь дакъа лацарх хаамаш боцуш бу. Кадыровн резиденцехь совгIаташ луш цунах "тӀаьхьалонан майор" элира.
"Нохчийчоьнан турпалхой» хиллачех кхин цхьа ницкъахо ву республикан МВД-н полковник Рашаев Султан – "Борец" цIарца вевзаш волу. 2006-чу шарахь Москвахь Делимханов Адамца цхьаьна Кадыров Рамзанна дуьхьал хилла волу ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади верна гунахь лоруш ву иза. 2002-чу шарахь Рашаевс дакъа лецира Оьрсийчоьно Украинина динчу тIелатарехь, иза хаавелира Донецкан, Луганскан, Херсонан, Запорожан кIошташкахь.
"Нохчийчоьнан турпалхо" шех хилла волу рогIера кадыровхо бехке лору, кхиазхочунна тIехь гIело йарна. Вуьйцург "Ахмат-Грозный" ОМОН-н буьйранча Бисаев Анзор ву. Украинан кхерамазаллин урхаллин зерашца, 2022-чу шеран заздоккху-беттан йуьххьехь шен куьйгакIелахь болучаьрца кхиазхочунна тIехь гIело латтийна цо, Украинан эскарш долу меттигаш схьа йийца бохуш. Киевн кIоштан вахархо хиллера важа. Бисаев иштта вевзира 2021-чу шарахь Ставрополан махкахь цIен берет лело бакъо йоккхучу къийсамашкахь дакъа лоцучу хенахь. Вада везачу меттехь нохчийн спецназхой машенашкахь дIакхачош хилар гучуделира. Оцу скандалехь ишта хаавеллера СОБР "Ахматан" буьйранчан гIовс Лорсанкаев Сайди – хIинца цунах а хилла кадыровхойн Нохчийчоьнан "турпалхо".
Республикан деза совгIат кхаьчначарлахь вара иштта 2004-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан МВД-н куьйгаллехь волу Алханов Руслан. Масала, иза вевзаш ву, нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналан модератор хилла волу 19-шо долу Тепсуркаев Салман сийсазвар къобалдарца. 2020-чу шарахь лачкъийра и жимстаг. ТIаьхьо, IADAT боламан тIечIагIбазболчу хаамашца, Тепсуркаев вийра. Вай хьалхо хьахийна болчу вежарша - Делимханов Адама а, Шарипа а.
"Нохчийчоьнан турпалхо" дарж делира иштта республикерчу Росгвардин урхаллин ОМОН-ан куьйгалхочунна Хизриев Адамна. Иза бехкево дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь карийначу къайлахчу набахтехь лечкъийна нах латторца а, уьш байъарца а; совгIат кхечира Агуев Рустамна а – иза ву адамийн бакъонаш эшорна Американ санкцийн тептарехь йолчу Курчалойн эвлан РОВД-н куьйгалхо.
СовгIаташ деллачу кхечарах хууш дукха дац – уьш бу 96-чу оперативе гIуллакхаш кхочушдечу полкан буьйранча Тушаев Мохьмад а; бу царлахь Соьлжа-ГIалара ницкъахой Ахматов Муса, Ибриев Тимур, Мусаев Iела а.
"Нохчийчоьнан турпалхо" чин йукъадаьккхира Кадыров Рамзана 2022-чу шеран гурахь, тIаьхьо и совгIат шена кхаьчначех дуьххьарниг иза ша хилира. Хаддаза адамийн бакъонаш эшорна а, Украинина дуьхьал бечу тIамехь дакъа лацарна а, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан доьзалера нах а дуьненайукъарчу санкцийн тептаре баьхна бу.
Украинера балийна нохчийн йийсархой ган ца лиъна Кадыровна
Украинерчу йийсарера цIабалийначу нохчийн эскархошца цхьаьнакхета ца лиира Кадыров Рамзанна - цул совнаха, цо уьш бехке бира тIаманна кхоччуш кийча цахиларна. ХIинца тIом луьра болччу йухадаха деза шу аьлла цо цаьрга. Йуха а гIо, шаьш тIамах уьдуш ца леллий а гайта, элира куьйгалхочо.
"Север-Ахмат" полкан пхи белхало Украинерчу йийсарера Нохчийчу йухавелла. Уьш бу: Зелим Исмаилов, Жабраил Юнуев, Апти Тасуев, Салахь Гайтамиров, Тамирлан Хамидов. Республикин Iедалхоша дийцарехь, йийсарехь биъ бутт баьккхира цара. ЦIабахкийтанчаьрца цхьанакхийтира нохчийн парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад. Кадыровс санна ца олуш, хилла йийсархой "бакъболу нохчий" бу аьлла хастийра Даудовс. Аша майраллин масала гайтина, Даймахкана шаьш муьтIахь дуйла хаийтина, бохуш. Уьш паргIатбаьхнарг Кадыров ву аьлла билгаладаьккхира цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун реакци кхин йара. Цо элира. Цитата: "Нохчийн тIемлочун йийсаре кхача цхьа бахьана хила ца деза". Цул цхьа бутт хьалха Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело шега дуьхьало йаллушехь йийсаре вахар зулам лара догIу аьлла сацам бинера. Америкхойн тIом талларан институтерчу аналитикаша шайн балхахь билгалдаьккхира, йийсархой хийцарна Кадыровс йина реакци "къизачу ницкъахочун" имидж чIагIйеш йина аьлла. ДIадаханчу шеран марсхьокху-баттахь Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, кадыровхойх йийсаре лацарна ВСУ эскархошна уггаре даккхий совгIаташ ло аьлла.
Нохчийн оппозицихой вовшашца эгIар
Кадыров Рамзанан нахера даккхий ахчанаш схьаэцарехь 1ADAТ оппозицин боламо бехк биллина шина блогерна Абдурахманов Тумсона а, Халитов Хьасанна а. IADATО дийцарехь, ахча Кадыровн критикашна "тIелатар" кечдиначаьргара схьаэцна ду. Цул тIаьхьа Абдурахмановс хиллачух шен агIо йовзуьйтуш, ша и киллераш лебеш, кеп хIиттош видео йаьккхина олу.
Йуьхьанца дIадуьйлало вай. ДIадаханчу шеран лахьан-беттан чакхенгахь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла хаам баьржира. ГIуран-беттан 5-хь 1ADAT телеграм-канало, хаам схьабаьлла хьоста ца дуьйцуш, блогер билггал кхелхина аьлла, тIечIагIдира.
Лахьан-баттахь къайлаваьлла блогер кхо бутт баьлча гучувелира - чиллин-баттахь цуьнан каналехь керла видео хIоьттира. Йуха кхин а ши бутт баьлча, иза къайлавалар шеца кхин а керла дагахь доццу эларш-бахарш долуш дирзира.
ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Тумсо къайлаваларах дуьххьарлера хаам хилча, 1ADAT боламан куьйгалхочуьнца Янгулбаев ИбрахIимца зIене волу цхьа Албогачиев Башир. Цо шена гIо оьшу элира бохуш, дуьйцу оппозицерчу боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима. Цо бахарехь, вукхо ша Тумсона, Нохчийчуьрчу Iедална йуккъе лелаш ву, шега нохчийн Iедалхоша Абдурахманов а, Хьасан Халитов а вен аьлла болх кховдийна, аьлла. Халитов а цу муьрехь къайлаваьлла вара.
Цо дехарш дира Тумсо валарх пост йахьара, шайга и болх беллачарна тоьшалла хир дара цунах, бохуш
Амма Кадыров ша бахийтанчарех ца тийшира. Шен оппоненташ белла хиларан керла тоьшаллаш дийхира цо - и тоьшаллаш схьакхаччалц киллераш къайлахчу набахтехь латтош бара, дийцира 1ADAT-е Албогачиевс.
Тумсо баккъал велла алий хаам бахьара аша бехира цо, шайн нах вукхо дIахоьцур бара бохуш. Янгулбаевс дийцарехь, Тумсо "дIасоцург" цунна 800 эзар доллар делла ша бехира Албогачиевс. Ткъа 1ADAT боламо Албогачиевгара 50 эзар доллар схьаийцира. Цунах дерг олуш иштта вистхилира Янгулбаев:
"Цуьнан нах кIелхьарабахархьама цунна гIо дира оха. Амма уьш маьршабаьхча, уьш цигара дIа ца бахара. Тумсона дIадала дезаш долчу ахчане хьожуш Iаш бара уьш цигахь, элира цо. ТIаккха оцу нахах шекдевлира тхо, уьш талла дуьйладелира".
Цу кепара, Соьлжа-гIаларчу наха шайна стаг верахьам йелла йоккха гонорар йоькъучу юккъехь, оппозицерчу блогерийн Халитовн, Абдурахмановн Кадыровна "цалер" ийцира, боху Янгулбаевс. 1ADAT каналехь и видео гучуйаьлла масех сахьт долуш, Абдурахмановс шен жоп луш видео хIоттийра. ХIара боху цо шен къамелехь:
"Харжамна хьалха нисвелира со: йа со реза ца хуьлу, амма тIаккха со вен дагахь сайна тIе цхьаъ кхачале хьоьжуш Iан дезара дара сан. Йа и дерриг сайн кара а эцна, Кадыров Iехо цхьа агIо лоху ас".
Кавказ.Реалиин корреспонденто Абдурахмановга, Халитовга IADAT боламан хаамах дош олуш дистхила элира, амма вукхара жоп ца делира. Кхинйолчу зорбанийн белхалой буьйлира блогерца къамел дан, амма цуьнан цхьа а реакци ца гира царна.
Москвахь КъурIан дагор а, Нохчийчуьра реакци а
Москва гIалахь бехкзуламан гIуллакх долийна, социал-машанашкахь КъурIан дагош йаьккхина видео хьокъехь. Москварчу Косино-Ухтомск кIоштарчу КIайн Iомана уллохь. Охан-беттан 15-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо иза Украинин провокаци йу элира. Цо дийцарехь, видео цкъа хьалха "гайта" Украине дIайахьийтина, тIаккха цара магайина, йаржийна. Ша аьллачун Кадыровс цхьа а тоьшалла ца далийра.
КъурIан дагорна бехкеверг цкъачунна карийна вац, боху ТАСС гIирсо. Хьалхо ASTRA телеграм-канало дийцира, ницкъахоша Делах тешачийн синхаамаш лазорна олучу артиклаца зераш дира аьлла.
КIайн Iам олучу КъурIан дагийначу меттигна, хьалхо маьждиг дан билгалйаьккхинчу Безачу Iомана йуккъехь 4 км. йу. Меттигерчу бахархоша цхьана баттахь эхабаттахь гуламаш латтийра цу хьокъехь. Iедалхоша маьждиг кхечу меттехь дан сацам бира. И резабоцурш мобилизаци йуккъе бахийта баьхначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iедалхойн керла сацам "вуно дика" хета шена элира.
Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Жесткий курс") партин хьалханча а, "ультра-аьттон" политикхо а волчу Расмус Полудана иттех дийнахь кхузза КъорIан дагийра. Европера Ичкерин агIончаш цхьа а реакци цайарна бехкебира Кадыровс. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.
Нохчийчохь тIом барна кхело озабезам оьрсийн полковникна
Москва гIаларчу гарнизонан кхело 400 эзар сом гIуда тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан полковникна Мертвищев Иванна. Шина шарчохь Iедалан даржашкахь латтар а дихкира цунна.
Йуьхьанца цуьнан гIуллакх йасакхаш йахар аьлла дара - зуламна чохь йаккха 12 шаре кхаччалц хан йогIу. ТIаьхьо и артикл "талораш дан гIортарна" аьлла хийцира. Амма Мертвищевс шен бехк хилар тIелацарна а, иза Нохчийчуьрчу тIамехь хилла хиларна а, цуьнан цигахь йаьхна мидалш хиларна, кхело цуьнгхьа озабезам бира.
Цул совнах, "Коммерсанто" дийцарехь, кхел йоьдуш йолуш, полковника ша Украинерчу тIаме вахийта аьлла рапорт йира. Талламхоша дийцарехь, нах тIаме кхайкхарна жоьпаллехь волчу Мертвищев Ивана Москварку Раменки кIоштарчу тIеман комиссарера йасакхна бедарш йуьтту машен йехна хиллера.
Мертвищевс военкоме телефон тоьхна "нах тIаме кхайкхаран гIуллакх ледара дIадоьдуш ду", зераш дечарна иза гучудалахь "хьан коммисаран карьерина боккха эшам хила тарло", аьлла. 70 эзар сом доьху хIумнаш йуьтту машен йелча, и хьал талур долуш дуйла хаийтира Мертвищевс. Раменкерчу коммисаро ша и совгIат дала реза волуш санна кеп хIоттийнера, ФСБ-н контрразведкин департаменте шегара йасакх йоьху аьлла хаам бира цо. Машен дIайахьа веанчохь дIалецира полковник.
Мертвищевн бехктакхаман гIуллакх дIадаханчу шеран лахьан-баттахь долийна ду.
ХIорш дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца доьзна керланаш дара. Йазло Маршо Радион социалан машанашка, йазйе комментареш, йахка лайкаш.
Йазло Маршо Радион подкасте: