ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь "турпалалла, майралла" гайтарна "ЛНР-н" турпалхочун чин делла Кадыровна


Кадыров Рамзан. Архивера сурт
Кадыров Рамзан. Архивера сурт

Сепаратистийн Луганскан къоман республика шех олучун куьйгалхочо Пасечник Леонида Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане "ЛНР-н" турпалхочун чин кховдийна "СВО йоьдучу юкъанна тIеман декхар кхочушдеш майралла а, турпалла а гайтарна".

ТАСС агенталло хаам бо, даздарийн барам Соьлжа-ГIалахь хIоттийна хилар – Федерацин Кхеташонан куьйгалхочун хьалхара гIовс Турчак Андрей а, Нохчийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан керла куьйгалхо Алаудинов Апти а вара цигахь.

Шайн рогIехь, Турчакана а, Пасечникана а Кадыровгара республикан лаккхара совгIат кхечира – Кадыровн орден. Муьлха хьуьнарш гайтарна елла иза, хууш дац – совгIат дIакховдочу юкъанна Нохчийчн куьйгалхочо дIахьедира, Турчак пачхьалкхан гIишлош йоттарна Iуналла деш ву, говзанча а ву, тIаккха Пасечник декъалвина цо "ЛНР маьршаяларца".

Цул сов, совгIат Алаудинов Аптина а кхаьчна – Оьрсийчоьнан турпалхочун чин делла цунна "Украинан а, "ЛНР-н" а дозанашкахь майралла а, турпалалла а гайтарна". Полицин инарла-майор Алаудинов "Ахмат" лерринчу тIеман тобанан буьйранча вара, Луганскан агIонехула жоьпаллехь а вара. Регионерчу кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хIоттийра иза, тIеман тийсдаларш доьлхучу меттера цIавирзича.

  • Украинерчу тIаме хьийсабо Нохчийчийн республикан куьйгалхочун доларчу батальонашкара ницкъахой а, шайх кадыровхой олурш, иштта ерриг Оьрсийчуьра лаамхой а (ма-дарра аьлча, тIеман йолахой). ТIаьххьарчара Гуьмсерчу Оьрсийн спецназан университетан базехь 10 дийнахь кечамаш бо. Республикера Украинерчу тIаме хьийсийначара, доккхачу декъанна, "ЛДНР-чу" тийсдаларшкахь дакъа лоцу, иштта Мариуполехь а гучубевлла уьш.
  • Кадыровхой масийттаза бехкебора, Украинан дозанехь тIеман зуламаш лелорна – царлахь ду талораш дар, оьрсийн эскархой байъар, иштта шайн тIеман накъостий а.
  • Украинехь тIом болабелчхьана нохчийн зорбанан гIирсаша шен-шен рогIехь кхуллу Кадыров Рамзанна "хиндерг хуучу стратеган" а, "хьекъалечу тIеман буьйранчан" а васт. Мехкан урхалхочунна совгIаташ до, шен тактикан хьехарш бахьана долуш, ткъа нохчийн командийраш цецбуьйлу, цо тIамехь говзаллица хIитточу Iалашонех. Делахь а, билггал дерг цуьнан вастаца бIостане догIу – эксперташна хетарехь, геннара эскаршна тIехь буьйралла дойла яц, ткъа тIеман зеделларг, Кадыров дIахьеда марзвеллачул а, кIезиг ду цуьнца.
  • Товбеца-беттахь чакхенехь Невский Александран орденца совгIат дина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, "Нохчийчоьнан социалан-экономикан хьал кхиорна". Мангал-баттахь "Стоматологина гIуллакхаш дарна" I-чу даржан орден елира цунна, кхин а хьалха пачхьалкхан "Грозный"телеканалан совгIат дира цунна 45 эзар сом преми а луш, тотица яьккхинчу видеох. Кадыров Рамзанан дерриг а ткъе итт сов официалан Iедалхоша дина совгIат ду.
  • Хьалхо Луганскан агIонехьа жоьпаллехь верг ву шех олуш волчу Алаудинов Аптис Северодонецкерчу украинхойн офицерана йинчу чевнех бехк ца биллар доьхуш видео арахийцира. "Иштта нисделла, шайн лаамехь герз охьадиллар хьехча, оцу аьттонах пайда ца эцна оцу наха", - аьлла цо. ТIаккха Кадыров Рамзана зорбанехь дIахьедина, "бехказвийла хьашт дац".
  • Полицин инарла-майор Алаудинов шайна дуьхьал Великобританин а, Амирикан а санкцеш яьхначу нехан тептарехь ву. Нохчийчуьрчу ЛГБТ-юкъараллина тIаьхьваьлла хьийзарна бехкево иза.
  • Кадыровн Нохчийчуьрчу рожан критикаша дIахьедира, Алаудинов Украинерчу тIаме "бехказваларан миссица" хьажийна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун бехкалабахначу накъостан кепехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG