ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамера юхабирзинчу нохчийн эскархошна гIо а, дарба а ца кхачадо


Нохчийчуьра бIахой Мариуполехь, Охан-беттан 17-гIа де, 2022 шо

Украинерчу тIамехь дакъалаьцначу а, чевнаш йинчу а Нохчийчуьрчу эскархоша видео дIаязйина мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах, юхадирзинчул тIаьхьа социалан гIоьнах доху шаьш, дарба а ца до шайна аьлла, латкъамбеш.

1АДАТ боламо яржийначу видео тIехь, шен цIе ца яьккхичну стага дуьйцу, Украинехь хилла ша, накъосташца цхьаьна Мариуполеру тIемашкахь дакъалаьцна а ву, Зазадокху-беттан 18-чуьра Охан-беттан 28-чу дийне кхаччалц бохуш. Цуьнан дешнашца, хьалхо заьIапхо ву аьлла, пенси оьцуш хиллера иза, амма иза цунна ца лун кхо бутт а бу. Цул совнах, чевнаш йина аьлла, тоьшалла ден кехаташ а ца делла царна, ткъа хIинца тIеман лазартнехь уьш чуэца а реза ца хилла, "шуна чуьра гаьргаш схьайохур яц" шаьш аьлла.

Белш лазийначу, Бадрудди цIе йолчу кхечу видеокхайкхаман декъашхочо чIагIо йо, эскархой юха а тIаме гIур болуш бу, "жимма тхан могушалла меттахIоттон оьшу" аьлла.

Кхин а цхьаммо, СайфуллахIа боху, шен гола лазийна ю, тоьшалла а ду, МРТ йина кехаташ а ду, дарбан цIийне ваханера ша, амма тIе ца лецира: "тхо цхьаммо а тергал деш дац".

Видео тIехь волчу воьалгIачух, "Москвара Колех" лаьцна боху, лур ду аьлла 100 эзар сом дIа ца делла цунна, хьаьнгара схьаэца деза а ца хаьа. Нохчийчоьнца "Колин" хIун юкъаметтиг ю, хууш дац.

Видео тIерачу декъашхоша доьху Кадыровга, шаьш "цхьанхьа гулдай, дистхилийта".

Муьлхачу статусехь оцу божарша тIемаш бина, дуьйцуш дац. Хьалха къамел динарг ханна воккха хиларца а, заьIапхочун пенсих а цо дийцарна а, воьалгIаниг – Москвара хиларца а, тарло уьш "лаамхой" санна бахана хила. Оцу юкъанна, "лаамхой" гулбечу телеграм-канало кест-кеста билгалдоккху, шира а, психикан а лазарш деш, сов дилха дерш шаьш дIаоьцуш бац, бохуш.

  • БоьалгIа бутт а бу Оьрсийчоьно Украинан дуьхьал тIом бен. Эскаран терахь дузархьама, пачхьалкхехь къайлах мобилизаци кхайкхийна. Хьалхо хаам барца, Оьрсийчоьнан президентанан Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхарш хилар ду, Украинерчу тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра денна мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажо везаш хилар.
  • Бакъонашларъярхойн хаамашца, Нохчийчоьнан бахархошна мотиваци ю – йа ахча, йа герз лело аьтто хилар. Оцу юкъанна тIамтIера юхабирзинарш тIаьхь-тIаьхьа латкъамаш бан буьйлабелла, лур ду аьлла ахчанаш ца ло шайна, оьшу тIеман барзакъ доцуш тIама юккъе кхийсинера шаьш, яа-мала а ца латтайора бохуш.
  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIамтIе хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • Стигалкъекъа-бутт юккъе баьллачу заманчохь украинхойн талламхоша Нохчийчуьра тIаме хьийсийначу "лаамхой" олучийн а, кадыровхойн а цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхира. Цу тIехь билгалъяьккхина ю 2425 цIе, эханнал жимма сов бу царлахь нохчий, доккхаха долу дакъа ду Оьрсийчоьнан кхечу регионийн векалех лаьтташ.
  • Украинерчу тIамехь хиллачу Нохчийчуьрчу эскархочо дийцира Кавказ.Реалиина, катоьхна тIеман декъара дIа а ваьлла, юха а Украине ца хьажавайта, юрист лоьхуш ву ша аьлла.
  • Украинхойн талламо иштта хаамбо, нохчийн дакъошкахь хиллачу саботажах а. Доккхачу декъанна, Шела гIалара 42-чу дивизин гвардин 70-чу полкан бIахой дуьхьал бу Украинерчу тIамехь дакъалаца, шаьш Оьрсийчу юхадигар тIедожийнера цара, ткъа церан куьйгалла салтий шайна дуьхьалбовлар хьулдан гIерта.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG