ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхо Iазапехь валлийна Оьрсийчоьнан эскархо Кадыровн "Ахмат" декъаца вузу


Северодонецкера "Азот" химин комбинат, Мангал-беттан 30-гIа, 2022 шо
Северодонецкера "Азот" химин комбинат, Мангал-беттан 30-гIа, 2022 шо

Украинхойн йийсархочунна тIехь гIело хьоьгуьйтуш гойту, цхьа могIа Оьрсийчоьнан телеграм-каналашкахь яржина видео, талла аьлла дехар дина пачхьалкхан Коьртачу прокуратуре Украинан омбудсмено Лубинец Дмитрийс.

"Украинан Лакхарчу Радин цIарах адамийн бакъонаш Iалашъян векал вина хиларе терра, со Коьртачу прокуратуре ваьлла тIеман зулам дина хилар а, Женевон конвенцин низамаш дохор а таллар а тIедуьллуш. Иштта тахана оха хаам бу кечбеш ООН-н Iазапашна дуьхьалояран Комитете, маса Оьрсийчу а, ханна оккупацехь латтош долчу Украинан дозанаш тIе а бахийтар вовшахтохийта, иштта Европерчу Iазапашна дуьхьал яран а, адамалла йоцуш, йа стеган сий дойуш, таIзар дарна дуьхьал йолчу комитете а", - далийна Лубинецан дешнаш "Украинхойн бакъдерг" газето.

Оцу юкъанна, машанехь яржийначу украинхойн йийсархочунна тIехь ницкъбечу видео тIехь волу Оьрсийчоьнан эскархо вевзина. Хетарехь, Северодонецкерчу "Азот" химкомбинатехь яьккхина видео гайтина РИА "Новости" агенталлан сюжетехь, талламаш бечу юкъараллаша цкъачунна экспертиза йина яцахь а. Цхьадолчу зорбанаша и стаг вузу Кадыровн "Ахмат" лерринчу декъаца.

Видеороликан дийнна верси тIехь украинхойн йийсархочунна кастраци йо канцелярин уьрсаца. Машанехь зорбане яьккхина вихкинчу йийсархочунна йетташ, цунна тIера бедарш, чухула юхург а цхьаьна этIош, видео. Кадрехь нисделла гIело хьоьгуьйтучу тIемалочун специфике шляпа а, браслет а.

Шляпица а, браслетаца а вевзина, РИА "Новости" ресурсан сюжетехь гайтинарг, дуьйцург ду, Оьрсийчоьнан агIоно "Азот" дIаяьккхинчул тIаьхьа, цигахь карийна украинхойн герз. Корреспонденто чIагIдо, заводан доллу доза "Ахмат" лерринчу декъан а, Луганскан Халкъан Республикан халкъан милицин тобанийн а карахь хиларх. Шляпа тиллинчу эскархочуьнгахь иштта шеврон яц, амма цуьнан аьрру агIорчу пхьаьрсах йихкина, мажца волчу тIемалочуьнгахь йоцу, бехчалг ю Георгийн лентин беснашкахь.

Оццу дийнахь РИА "Новости" агенталло зорбане яьккхира кхин а цхьа видеоматериал: "нохчийн лерринчу "Ахмат" декъан цхьахволчу, "Раф" цIе лелочу командиро дуьйцу, украинхойн эскархоша кечъечу "провокацех". Оцу кадраш тIехь юха а гучуволу шляпа тиллина эскархо. Видео тIехь "Рафан» а ю нохчийн дакъойн билгало тIехь йолу шеврон, шляпа тиллинчу бIахочун яц иза. Видеоматериал кечйина ю "Рафан" комментарий тIехь, делахь а, цу тIехь хьахайо "ЛНР-н халкъан милици" а.

Moscow Calling а, ASTRA а телеграм-каналаша шляпа тиллина стаг "Ахматан" тобанхо ву боху. Кадыров Ахьмадан цIе тиллина Нохчийчуьрчу масех ницкъаллин структурина. Хууш ду, "Азот" заводехь хиллачу операцехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис урхалла деш хиллачу СОБР "Ахмата" а, "ЛНР-н халкъан милицино" а дакъалацарх. Хила тарло, шляпа тиллинарг "Ахматан" эскархо лерина хила, маж йолчу цхьаьнца а, "Рафца" кхечу видео тIехь а нисваларна.

Moscow Calling канална хетарехь, кхечу хаамашца, шляпа тиллинарг хила тарло Нохчийчуьрчу "лаамхойн "Север" батальонан" эскархо. Юьйцург йолчух тера ду "Север-Ахмат" полк, делахь а, РИА "Новости" агенталло сюжет зорбане йоккхучу хенахь – Манагл-беттан 27-чохь- иза яцара кхоьллина: оцу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира вовшахтоха лаам хиларх. "Север" полка санна евзаш ю иштта Кадыров Ахьмадан цIарах йолу 141-ра полк, амма Северодонецкехь цо дакъалаьцна дац.

Украинан президентан офисан гIоьнчас Подоляк Михаила дIахьедина, украинхойн йийсархошна тIехь къизаллаш лелорна бехке хеташ болу Оьрсийчоьнан тIемалой бевзар бу, царна таIзар а дийр ду аьлла, хааме даьккхина Крым.Реалии сайто.

  • Украинехь Оьрсийчоьно лелош долу тIеман зуламаш дIаяздеш кхечарлахь ю иштта Iедалшца йоьзна йоцчу юкъараллийн "Евромайдан SOS" тоба а. Оцу группин декъашхочо, украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн докторо, профессоро Савва Михаила дийцира Кавказ.Реалиига, муьлха зуламаш хIинцале а шаьш вовшахтоьхна, меттигерчу бахархойн дийцаршца, ханна дIалецначу Киевн кIоштахь кадыровхой муха лелла а.
  • Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцучу Оьрсийчоьнан доллу эскаршлахь, къаьсттина гIарабевлла, мехкан республикан куьйгакIел болу нохчийн ницкъахой а, "лаамхой" олучех йа кхечу регионера йолахойх вовшахйиттина тобанаша а. Маьршачу нахаца а, йийсархошца а, шайца вовшашца а цара лелочу къизаллех украинхойн кхайлахчу сервисаша, а гинчара а, бакъонашларъярхоша дийцина ца Iаш, дуьйцу Европерчу пачхьалкхийн парламентийн векалаша а. Делахь а, экспертийн шеконаш ю кадыровхой башха бу бохучух – Украинехь мел хуьлучун фонехь, нохчийн тIемалойн лелар кхин дIоггара къаьсташ дац дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG