Украинхойн Донецкан кIоштара Пески эвла схьаяьккхина аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, бархI де хьалха Оьрсийчоьнан тIеман министралло цунах лаьцна хаам бинчул тIаьхьа. Кадыров Рамзанан а, тIеман урхаллин а чIагIдаршкахь цхьаьнацадаран терго йина "Медиазона" гIирсо.
Марсхьокху-беттан 13-чохь тIеман министралло дIахьедира, Пески ерриг а "маьршаяьккхина". Оцу информацех а, формулировкех а пайдаэцна Нохчийчоьнан кутйгалхочо, амма марсхьокху-беттан 21-чохь.
Хьалхо хаамийн гIирсашна гучуделира, Кадыровн дIахьедарш Оьрсийчоьнан эскаран официалан зерашца догIуш цахилар. Масала, Украинехь шуьйра тIом болийначу хьалхарчу баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо 26-зза шен телеграм-каналехь дIахьедира, Мариуполь кеста схьайоккхург хиларх.
- Донецкана чувуллучохь ю Пески эвла, иза яккха гIерташ тIемаш бора 2014-чу шарахь Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана.
- Кадыровн тобанашна бIаьста дуьйна интернетехь цIе тиллира "тикток-эскарш" аьлла – уьш юкъахь болуш Украинехь яьхна дуккха а видеош арахецарна. ХIетте а Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIинца а тIамтIе хьийсош бу йолахой, уьш вовшахтуху йоллу Оьрсийчухула. Дийна биссинчара латкъамаш бо, шайна хьалхара дайа тийсара шьаш, ткъа юхадирзинчул тIаьхьа лур ду аьлла ахчанаш а ца лора бохуш.