ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин тIеман хIордан ницкъийн хилла буьйранча бехкевина махкана ямарт хиларна


Украинин ТIеман ХIордан ницкъийн хилла буьйранча Березовский Денис
Украинин ТIеман ХIордан ницкъийн хилла буьйранча Березовский Денис

ГIирмехь а, Севастополехь а йолчу Украинин прокуратуро кхеле хьажийна Украинин ТIеман ХIордан ницкъийн буьйранча хиллачу Березовский Денисан гIуллакхехула бехкевен акт, хаам бо Свобода Радионо. Хилла контр-адмирал бехке веш ву пачхьалкхан ямарт хиларна а, 2014-чу шарахь Оьрсийчоьнехьа вала дагахь зуламан юкъарло кхолларна а.

2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь, украинахойн флотан коьрте хIоьттина шолгIачу дийнахь, иза дуьхьал велира Киевера омраш кхочушдарна, цо байIат дира ГIирман халкъана, ткъа цул тIаьхьа – Оьрсийчоьнна. Украинин прокуратурина хета, шен леларца а, сацамаш барца а Березовскийс аьтто бина аьлла, "Украинина дуьхьал зуламе гIуллакхаш дайта". И бахьана долуш цунна чохь яккха хан кхайкхо мегаш ю 15 шаре кхаччал.

Карарчу хенахь Березовский гIуллакх деш ву Оьрсийчоьнан флотехь, вице-адмиралан чинехь. Иза ву Оьрсийчоьнан Тийначу хIордан флотан буьйранчин когаметта. Шена дуьхьал криминалан гIуллакх даккхарна официалан комментари йина яц цо.

ГIура-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето тIедожийна шен коьртачу аппаратан талламхошна Украинехь тIеман хьаькамна дуьхьал криминалан гIуллакх даккхар къастор. Бух каро аьтто балахь бехктакхаман гIуллакх долор ду, цунна дуьхьал низамца догIуш доцу бехктакхаман г1уллакх долорна, - яздина ду Талламан комитетан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG