Федералан пачхьалкхан чоьтехь йолчу Ульяновскан кIоштан Димитровградан "Тюрьма" хьукматан бIе гергга чубоьхкинчара мацалла кхайкхийна тIехь ницкъбина, сийсазбинчу бусулбачу тутмакхашна гIолоцуш.
УФСИН-н вовшахтоьхначу тобанан ницкъахой мIаьжгаш йоьхкина лехамаш дечу юкъанна шайн бакъонел сов а бевлла, бусулбачу нехан КъурIанаш, ламазан кузаш хIаллакдинера цара, тутмакхаш сийсазбинера, церан дин а, схьабевлла къам а бахьанехь, хаамбина Gulagu.net бакъоларъяран проектехь.
Чевнаш йина хилла волу цхьахволу тутмакх, Бекмурзаев Расанбек, дарбан цIийне хьажийра.
Бакъоларъярхоша тIечIагIдо, иттанаш тутмакхаша протест йира шайн куьйгаш а, гайш цоьстуш, иза динера чевнаш кехаташ тIехь билгалъяхийта а, тIехьоьжуш волу прокурор а, юкъараллин-тидамбаран комисси а хьовса бахкийта. Оцу гIуллакхехь царна тIехIиттина кхечу блокашкара бусулба боцу тутмакхаш а. ШолгIачу дийнахь бIе гергга стага мацалла кхайкхийра.
"Сурт гиначийн а, гIуллакхан теш хилла болчу набахтан белхахойн хаамашца а, тутмакхашна а, царна шайна а нонсенс хилира УФСИН-н вовшахтоьхначу тобанан ницкъахоша еш хилла комментариш, еттачу юкъанна цара цIарматан кепехь мохь хьоькхуш хилла: "Украине а бахана шу хIинца Оьрсийчоьнна тIехIиттинарш ду моьтту шуна?", баьхна Кавказан республикашкара схьабевллачаьрга", - билгалдаьккхина ду проектан хаамехь.
Ульяновскан кIоштан УФСИН-н официалан сайтехь хиллачух лаьцна, йа цуьнан хьокъехь талламбарх лаьцна цхьа информаци яц. Оцу хеначохь, таханалерчу Iуьйранна, цигахь арахецна кхин хаам бара, гIалин маьждигера имам кхечу набахте - №3 йолу колоне вахна аьлла. Ламазан хIусамчохь цо бусулбачарна хьехам бина аьлла, яздина ду.
- Бахначу Стигалкъекъа-баттахь Саратован кIоштера Балашова набахтера 40 гергга мацалла кхайкхийра чохь латторан хьелаш бахьанехь. Царлахь вара ГIалгIайчуьра схьаваьлла Тумгоев Тимур.
- Оцу баттахь Смоленскан кIоштан №3 йолчу набахтерчу 30 гергга тутмакхаша хи а ца молуш мацалла кхайкхийра, шайн бетош дIатийгира. Царлахь вара набахтин белхахоша шена тIехь сих-сиха сийсазалла лелорна юханехьа мацалла кхайкхийна волу Дагестанера схьаваьлла Нурмагомедов Шамиль а.
- Дахначу шарахь анализан а, конфликташ юхатохаран а Центро "Къибаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь"цIе йолу доклад арахийцира. Бакъоларъярхойн хаамашца, бусулба дин лелочарна уггаре чIогIа дискриминаци йо оьрсийн набахтешкахь. Iазапехь латторна, еттарна, кхечу тутмакхашкара гIелонна а тIеIиттало уьш, и дерриг хуьлу дукха хьолехь шайн гергарнаш ган йиш а йоцуш.
- Рамадан – бусулбачийн беттан рузман уьссалгIа бутт бу, мархийн бутт (ас-саум), синан, кхетаман цIано яран, иштта дин а, доьналла а чIагIдаран бутт. Рамадан баттахь бусулбачийн серлонан де чекхдаллалц кхачанах, маларх юхадовла деза.