Миннесотехь лоцучу заманчохь веллачу афроIамеркахочуьнца Флойд Джорджаца доьзна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь латтош ю хIинца а протесташ. Цкъацкъа полицица тасадаларш нисло гулбеллачийн. Масех иттаннашкахь Iамеркан гIаланаш дIалецна протестхоша. Оцу юкъанна цхьайолчу шахьарашкахь полисхоша а, Къоман гвардин эскархоша а дIахоуьйту шаьш бахархошца цхьаьнахилар. Миссури штатерчу Фергюсонехь жигархошна хьалха цхьана голина тIе а хIуьттуш, исс минотехь лаьттира полисхой. Оццул хена чохь шен гола Флойдан лога тIехь латтийна полисхочо Чавен Дерека. Майамехь а, Вашингтонехь а, Нью-Йоркехь а, Флоридехь а, Калифорнехь а хиллачух шайна а дакъа кхачар гайтира полисхоша демонстранташна.
Iамеркан гIаланашкахь полисхой протестхойх дIакхетта. Суьрташ

1
Джорджия штатерчу Атлантехь хIоттийна полисхойн дакъа кхочуш хиларан акци. 2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де.

2
Голина тIе хIоьттинчу Филадельфин полицин хьаькамо Синглетон Мелвина кхайкхам бира кхечу полисхошка, шех схьакхетар доьхуш. Филадельфи. Мангал-беттан 1-ра де, 2020 шо

3
Синглетон Мелвина кхайкхамбинчул тIаьхьа полисхой а, Къоман гвардин эскархой хIора а голина тӀе хӀоьттира. Мангал-беттан 1-ра де, 2020 шо

4
Дуьххьара вовшашка куьйгаш луш бу протестхой а, полицин белхахой а. Филадельфи, Мангал-беттан 1-ра де, 2020 шо