Миннесотехь лоцучу заманчохь веллачу афроIамеркахочуьнца Флойд Джорджаца доьзна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь латтош ю хIинца а протесташ. Цкъацкъа полицица тасадаларш нисло гулбеллачийн. Масех иттаннашкахь Iамеркан гIаланаш дIалецна протестхоша. Оцу юкъанна цхьайолчу шахьарашкахь полисхоша а, Къоман гвардин эскархоша а дIахоуьйту шаьш бахархошца цхьаьнахилар. Миссури штатерчу Фергюсонехь жигархошна хьалха цхьана голина тIе а хIуьттуш, исс минотехь лаьттира полисхой. Оццул хена чохь шен гола Флойдан лога тIехь латтийна полисхочо Чавен Дерека. Майамехь а, Вашингтонехь а, Нью-Йоркехь а, Флоридехь а, Калифорнехь а хиллачух шайна а дакъа кхачар гайтира полисхоша демонстранташна.
Iамеркан гIаланашкахь полисхой протестхойх дIакхетта. Суьрташ
5
БIеннашкахь гулбеллачу нахана хьалха полисхой голина тIе хIиттира КIайчу ЦIенна гергахь. Вашингтон, Стигалкъекъа-беттан 31-ра де, 2020 шо
6
Вашингтонера полисхой, Стигалкъекъа-беттан 31-гIа де, 2020 шо
7
Нью-Йоркан полицин хьаькам Монахан Теренс а цхьаьна голина тIе хIоьттира протестхошна хьалха. Нью-Йорк, Мангал-беттан 1-ра де, 2020 шо
8
Нью-Йоркан полицин куьйгалхо Монахан Теренс маракхетта жигархочунна, Мангал-беттан 1-ра де, 2020 шо