ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевера дарбанан хIусамехь велла Вороненков вийнарг


Киевехь дарбанан хIусамехь велла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хилла Вороненков Денис вийна волу стаг. Цунах лаьцна, Украинан инарлан прокуратуран зорбанан сервисана тIе а тевжаш хаам бина интернетан гIирсо «Украинская правада».

Вороненковна тапча йиттина Киеван юккъехь. Карахь болчу хаамашца, иза вийнарг ву 29 шо долу Украинан махкахо. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Хьалхо иза, коьртах а, накханна а чевнаш хилла а волуш, дIакхачийнера дарбанан хIусаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG