ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

3 миллион гергга сом лачкъийначу эскархошна кхел йина Нохчийчохь


Соьлж-ГIалара тIеман гарнизонан кхелехь хан кхайкхорца дIадирзина 3 эскархочун хьокъехь дIахьош хилла дов. Эпсаршна Бехолов Эдуардан а, Петров Евгенийн а, Сулейманов Измуллан а кхоккха сов шераш хан тоьхна набахтехь яьккха.

Уьш бехке лаьрра Нохчийчохь болх бан баьхкинчу салтийн алапашна тIехь хIилланца 3 миллион сом ца кхоччуш ахча лачкъина аьлла. Къастийна, 2011 шарахь дуьйна, 7 салтий берта а валийна, цаьрга куьйг а таIадайтина, алап лакхадоккху аьлла бух кечбина хилар.

Ткъа, долчун тIе совдаьлла ахча шайна кисанна диллина цара. Иштта кхин цкъа а 2015 шарахь дина цара и санна курхалла. Ша дерриг оцу кхаа эпсара лачкъина ачханна барам 2 миллион 700 эзар сом бу. Иштта царна тIедожийна лачкъина ахча юхадерзор а.

2012 шарахь Шелан кIоштерачу эскаран декъехь лакхахь ма дийцара 2 эскархо а, Iедалан ял йоккхучу урхаллера белхахо юкъахь волчу тобано лачкъийнера боккхачу барамехь Iедалан ахча. Кассацийца вовшахтоьначу кхело а церран бехк лерира оцу зуламашна. 8-й, 9-й шера тоьхна чубоьхкира уьш а.

Нохчийчохь къепе а, хьаьшна йолу Оьрсийчоьнан Конституци а меттахIотто баьхкина эскархой куьйган цIена ца хилар лечкъина хIума дац. Хаддаза болх беш ю эскархойн хьокъехь талламан урхалла, аьлла дуьйцу адвоката Касумов Султана. Шен зеделлачуьнах иштта дийцира цо.

Касумов: «Соьгахь цхьа гIуллакх дара Борзера тIеман декъера цхьана салтийчун хьокъехь. Каптеркера 2 миллион сов сом ахчана хIуума тIе ца тоьура. Салтийн духар латточу оцу меттера дайнера иза. Суна цуьнах кхин дIа хIун хилира ца хаа, со талламехь висира. Иштта болх беш ю-кх эскархошна тIехь талламан система».

Нохчийчохь юккъерачу тIегIанера эпсарш лачкъийна а, лачкъош долу ахча хIумма а йоцург ю лаккхарчу барамашкахь тIеман министраллехь хилларг. 2008 шарахь оцу министраллехь баккхий хийцамаш бан болийначу дуьйнаяьккхий финансан скандалаш сецна а яц.

Беракеманаш оьцуш а, хIаваъкеманашна гIирсан а, эскаран гIишлонаш яран тIехь а ма хуьллу кисанаш дуьзира цхьацца лаккхарчу эскархоша. Модельера Юдашкин Валентина эскаран керла духар тегначул тIаьхьа, дукха салтшна шелбелла пехийн цамгар кхеттера. И модельер жоьпе озо гIерташ бара, амма цо ша дина духар аьттехь тера дац салтша лелош дерг, аьллера цо.

Ткъа, оцу юккъолгIа шайн йохийна бакъонаш меттахIоттор доьхуш нохчийн обмудсмене эскархоша арз дина меттигаш а ю. Шайна алап делла дац бохуш гIо дехна моситтаза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG