ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци йина аьлла харц кехаташ даьхна меттигера вахархо бехкевина Нохчийчохь


Дудаев Алихан, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан инстаграмерчу аккаунтера видео юкъара йина скриншот
Дудаев Алихан, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан инстаграмерчу аккаунтера видео юкъара йина скриншот

Коронавирусан инфекцина дуьхьал вакцинаци йина бохуш, харц кехаташ духкуш хилла 63 шо долу ГихтIера Тучаев Джамалайла лаьцна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Лаьцначуьнца яьккхина видео инстарамерчу урхаллан сайте хIоттийна, яздо Кавказ.Реалиино.

"Оцу хенахь цхьана а кепара дог дацара сан вакцинаци яйта. ХIинца кхета со, нийса суо цахиларх, ас дан дезаш дацара и. Со медик а вац, говзанча а вац. Хала хетахь а, даьлла соьгара и", - боху Тучаевс камера чу а хьоьжуш.

Махкарчу кеп-кепарчу медицинан клиникийн цIерашца йоьзна харц бланкаш а, штампаш а Тучаевгара схьаяхарх дIахьедина Грозненскан кIоштан полицин хьаькамо Тунтаев Идриса.
Бланкаш еш Тучаевна гIо деш хилла аьлла, шеконаш эгна полисхойн декъе валийнера иштта Соьлжа-ГIалин вахархо Дудаев Алихан а. Видео тIехь къера ву иза шегара даьллачунна, амма "мича Iалашонца бланкаш цунна оьшура хууш дацара" шена боху цо.

Маршо Радионо яздира, карарчу беттан 12-чохь дуьйна Соьлжа-ГIала коронавирусна дуьхьал прививка ца йина машенлелорхой буьтуш бацара аьлла. Иштта, дихкина хиллера бахархошна мехкан кIошташкахула дIасалелар а. Юкъарчу транспортца дIасалелачу пассажирашкахь мехий диттина хиларх кехат дацахь, масканийн раж ларъяр тIедожадора царна.

  • Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
  • Нохчийчоьнан Iедалш кийча ду республикерчу телевизионехь а, газеташкахь а нахе бахархой къинтIера бахийта рубрикаш кхолла аьлла "Говорит Москва" радион эфирехь дIахьедар динра 2019-чу шеран Дечкен-баттахь хIетахь меттигерчу зарбанан а, хаамийн а министр волчу Умаров Джамбулата. Иза оьшуш ду аьлла хетара министрна, социалан машанашкахь бахархой "бохо гIертачу хулиганашца къийсам дIабахьа".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG