Соьлжа-ГIалин мэрино конкурс кхайкхийна бахархошлахь, вакцинаци яйтиначарна а, ян дагахь болчарна а юкъахь.
"Итт толамхо къастор ву. Царех хIоранна а деза совгIаташ кхачор ду бIе эазр соьма тIера, ткъа коьрта совгIат хир ду - Hyundai Solaris автомобиль", - хаамбина мэрехь, яздо "Чечня Сегодня" хаамийн ресурсо.
Къовсамах кIорггера хаа аьтто бу, хаамбо, Соьлжа-ГIалин мэрин сайта тIехь.
Маршо Радионо яздира, Марсхьокху-баттахь COVID-19 вирусна дуьхьал мехий деттийтинчарна юкъахь ловзо совгIаташ дехкина Оьрсийчоьнан Iедалхоша аьлла. 100 эзар сом кхочур ду гурахь пачхьалкхерчу бахархошна аьлла, яздина дара министрийн кабинетан сайта тIехь, хаам бирао Lenta.ru гIирсо.
- Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.
- Оппозицин IADAT телеграм-канало чIагIдора, Нохчийчохь прививкаш яйтина боцчу нахера машенаш схьайохуш ю, ткъа пачхьакхан белхахошна тIедиллина вакцинаци яйта шайгара нах тIебалор, бохуш.
- "Кавказский узел" интернет-гIирсо хаам бира, дас-нанас прививкаш яйтина аьлла, тоьшаллин кехат да аьлла, дешархошна тIедожорах.
- Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо дийцина ресурсна, балхара дIавоккхур ву аьлла, кхерам тесча декхаре хилира ша вакцина тохийта аьлла.
- Новости агенталло яздира, Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина, баккхийчарлахь 100 процент бахархой вакцинацех чекхбаьхна шаьш аьлла. Амма, тIаьхьо маса хийцира терахь, ткъа хIинца юьйцург ю 60 процент.