ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валлалц хан тоьхна волу Ичкерин агIонча вада ойла йолчу нехан тептарера дIа ца ваьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Валлалц набахтехь яккха хан тоьхна волчу къобалъянзачу Ичкерин кхерамазаллин сервисан хиллачу белхахочун Дандаев Iаьрбин латкъам тIеэца реза ца хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел. Вада гIертачу тутмакхан кепехь ша профилактикан чоьте хIотторан сацам низамехь боцуш ларар тIедожийнера цо. Хьалхо цуьнан арз къобалдан дуьхьал хилира Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кхел, амма Дандаевс и сацам къевсира.

Свердловскан махкара ша чохь хан текхна йолчу ГУФСИН-н № 56 колонина ("Черный беркут" цIарца евзаш ю иштта, 2019-чу шарахь дIакъевлина) дуьхьал динчу орзехь цо билгалдоккху: кхуза Дагестанерчу СИЗО дехьаваьккхича 2011-чу шеран марсхьокху-баттахь иза профилактикан чоьте хIоттийра вадарна тIера ву, аьлла. 2014-чу шарахь адамийн бакъонехула йолчу Европан кхеле бинчу кхайкхамна колонин куьйгалло деллачу жоьпера хиира цунна иза. Амма Дагестанерчу набахтехь оцу чоьте ваьккхина вацара иза.

"Профилактикан чоьте хIотточу хенахь администрацин комиссин кхеташонехь дакъа лоцуш вацара иза, сацам ца бовзийтинера цунна, и гIуллакх долийначу нехан къамеле ла а ца доьгIнера, чоьте ша хIотторан хьокъехь шена хетарг а ца дийцинера", - хаам бо гIуллакхан материалашкахь.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело бахарехь, административан комиссин кхеташонан протоколехь Дандаевс куьйг яздина, сацам кхетийна шена, аьлла. Арзхочо дIахьедина, администрацино гайтина хаамаш харц ду, аьлла, тIаккха кхело шеконашка диллина иза, хIунда аьлча, " дIахьедарш тоьшаллашца чIагIдина ца хиларна".

ТIаьххьаре а Дандаев Iаьрби вадарна тIера ву аьллачу чоьтера дIаваккхар тIедожош дина арз тIеэца реза ца хилира.

  • 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан тобанан декъехь амиран Карпинский Iумаран куьйгкIелахь тIелатар дарехь дакъа лаьцна Дандаев Iаьрбис. Иштта иза бехке лаьрра лакхара лейтенант Ташкин Василий а, 1999-чу шеран гезгмашин-баттахь Билт-Эвлахь (Тухчар) кхо салти верна. Талламан версица, Дандаев бархI шарахь низамхойх къайлаваьлла лелла, тIаккха 2008-чу шеран охан-баттахь кара а веана, къера хилла. Амма кхелехь цо юхаийцира шен къерахилар, шега ницкъ а бина ялийтина кийтарлонаш, аьлла. Нах бойъучу видео тIехь Iаьрби аьлла цIе йоккхуш хилар тоьшалла лаьрра цуьнан бехк хиларна, амма итт шо даларна иза Дандаев вара аьлла билгалваккха аьтто бацара.
  • Хьалхо Дандаевн аьтто ца белира, Махачкаларчу СИЗО-н ша цхьаъ чохь латторан камерехь еххачу хенахь кхабарна хиллачу моралан зуламах 300 эзар сом компенсаци даккха. 2008-чу шеран гIуран-баттера 2009-чу шеран гIуран-батте кхачалц Махачкалара СИЗО 1 чохь латтийна ша, аьлла дIахьедира Дандаевс. Низамца а догIуш, дIалецначарах шайна тоьхна хан низаман ницкъе йирзича, уьш къаьстина латтабо биссинчу чубоьхкинчу нахах а, бехкебечарах а. Дагестанан Лаккхарчу кхело валлалц чохь яккха хан туьйхира Дандаевна 2009-чу шеран зазадоккху-баттахь, амма сацам болх бан болабелира марсхьокху-баттахь. Оцу ерриг хеначохь тIемло ша цхьаъ чохь латторан камерехь валлийра.
  • Волгоградерчу ИК-19 набахтехь наркотикийн артиклехула хан токхуш волчу Котляров Никитас шена лоьрийн гIо ца дарна а, чохь латторан хьелашна а ша бина латкъамаш тесна битар низамехь доцуш лара аьлла тIедожийна, иштта дехна цо 100 эзар сом компенсаци далар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG