ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхан гIепаш кхузахь цхьамма а йохор яц". Нохчийн батальонан эскархочо – Украинехьа тIом барх лаьцна


Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан декъашхой Широкино-эвлахь, Донбасс. 2015-чу шеран Мангалан-бутт

Украинан агIо лаьцна, тIом беш шиъ нохчийн шайн лаамехь тобанаш ю: Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш. Кремло хIоттийна волчу Кадыров Рамзанан Iиттарел совнах, Украинан Iедал а ду царна тIаьхьдаьлла – дахначу шарахь къоман кхерамазаллин Кхеташоно эскархошна дуьхьала санкцеш ехира.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хаамийн сервисан хьалханчас Чеченский Богдана дийцира, шайна тIехь махкара арабахаран кхерам лаьтташехь, стенна бо цара Украинан маршо а, демократии а ларъян гIерташ тIом.

- Богдан (къамелдечун бакъйолу цIе оха ца йоккху, цуьнан кхерамазалла ларъярхьама), Украине муха кхаьчна хьо? Муьлхачу Iалашонаша валийна?

- Дуьххьара, Делан лаамца нисделла тхо Украинехь, кхолламо вовшашца а, украинхойн къомаца а цхьанатоьхна тхо. Тхан къам лоллехь латтош йолу импери иштта дIаериг ца хиларх кхеташ хилар дара кхуза схьаваран бахьанех цхьаъ. Шен декъехь вайн нохчийн къам долчу, дуьненан адамаллин кхолламца бала болчу берриг нехан гIо оьшуш яра Украина.

- Украинехь тIом боьду шолгIа бутт бу, амма шун батальонан эскархошна дуьхьала яьхна санкцеш, суна хаарехь, хIинца а дIаяьхна яц. Амма шу украинхойн агIо лаьцна тIемаш дIахьош ду. ХIунда?

- Шейх Мансуран цIарахчу батальонна дуьхьала санкцеш украинхойн къомо яьхна яц, Iедалан урхаллера цхьахболчу наха яьхна ю, цара харц сацамаш дан а тарло. Тхан гIепаш йоьттина ю, уьш цхьанга а йохалур яц – хIокху бархI шерачохь тхан иттанаш эзарнаш тешаме, шайн даймохк безаш доттагIий бевзина тхуна украинхойн къоманна юккъера. Церан хIусамаш а, дегнаш а тхан гIепаш ю. И ду коьртаниг, ткъа дисинарг, шаьш украинхоша ма-аллара, ша меттадогIур догIур ду.

- Кадыров Рамзана цкъа тийсина ца Iа Украинан суверинитет ларъеш болчу нохчийн шайн лаамерчу эскархошна кхерамаш. Шу ца кхоьру шайн Нохчийчохь бехачу доьзалшна, гергарчарна цхьаъ хиларна?

Таханалера тIемаш – уьш маьIна доцу лартIехьдоцург ду, цара шайца хьашт доцу эшамаш дахьа

- Оьрсийчоьно оккупации йинчу Ичкерера марионетан рожан куьйгалхочо тхуна тийсина ца Iа кхерамаш, дерриг нохчийн къоманна тийсина цо уьш, кхаьсттина цуьнан цIахь дехачу декъанна. Цигахь цецвала хIумма а дац, хIунда аьлча, мостагIчун коьрта герз массо ханна иза кхерам бу, цуьнца муьтIахь боцурш шена муьтIахь бан гIерта иза. Иза хирг хиларх кхеташ дара тхо, цундела тхайн доьзалш кхерамазаллечу меттигашка дIабигина оха, масала, Европе, Украине, кхечу пачхьалкхашка.

- Батальоне муха дог-ойла ю украинхойн эскархойн а, маьршачу нехан а? Цаьрца муха юкъаметтигаш ю шун?

- Украинхойн эскархошца тхан юкъаметтигаш уггар доттагIалле ю. Нохчийн шина тIамехь вайн къомехь хилла доцу керла герзаш карадерзадо оха церан накъосталлица. Ала мегар ду, церан гIоьнца тхо тIекхуьуш ду, ткъа цхьахйолчу агIонашкахь хIинцпле а тIекхиъна таханлерчу хенан тIом баран керлачу тIегIане. Даггара баркалла ду царна оцу тIехь. Маьршачу нахаца а ю тхан хаза юкъаметтигаш – батальоне къаьсттина дика хьовсу волонтераш, ур-атталла тхан цхьахболчу эскархойн доьзалий терго йо цара.

- Муьлхачу тийсдаларшкахь дакъа лаьцна аша хIинцале а?

Киев. 2022-чу шеран Зазадоккху-бутт
Киев. 2022-чу шеран Зазадоккху-бутт

- Карарчу хенахь тхан батальон Киевн латтанаш лардечарна юкъайогIуш ю. Наггахь, меттиг дика теллиначул тIаьхьа, тIелатаран тоба вовшахтухий, буьйсанна арадовларш хуьлу тхан. Иштта тIелатарш дийнахь деш нислуш а хуьлу, амма иза наггахь бен ца нисло. Билгалдаккха лаьа, и дерриг а хIора дийнахь ца хуьлу.

Тхан дахаран цхьахдолу хIуманаш интернетехь хьажа аьтто бу луучеран. Дукха хьолехь тIамах лаьцна наханна исбаьхьаллин фильмашкара хаьа, цигахь салтий кара автомат лоций, "Ура!!!" бохуш маьхьарий детташ, мостагIчун позицешна тIеуьду, дуьхьала тийсалурш дIаса а кхуьссуш. Амма таханалера тIемаш – уьш маьIна доцу лартIехьдоцург ду, цара шайца хьашт доцу эшамаш бохьу.

- Делимханов Адама аьллера, шун батальонан командир, Кадыров Рамзана цуьнан коьртах ах миллион доллар лур ду аьллера, Чеберлоевский Муслим ведда. Шен дешнашна бух балош, Делимхановс командиран кехат гайтира. Баккъала а и кехат цуьнан дуй?

- Суна гира и видео, цуьнан хьокъехь сайн фейсбукерчу агIонехь а яздира аса. Цо [Делимхановс] кехатан чкъуьйриг гайтира, амма цунна юккъехь дерг ца гайтира, масала: долахочун сурт, цIеран элпаш, схьаделла терахь, кехатан долахочун сурт дIа а лоцуш, туху мухIар а. Тхан батальонан мухIар тIехь Ичкерин билгалонаш ю, ткъа цо гайтинарг, ма-ярра чкъуьйриг яра, уьш Украинехь шортта еш ю.

Ала дашна, Ичкерин мухIар тIехь долу тха удостоверенеш Украинехь официалан кехаташ лоруш ду, муьлххачу хьукмате чуваха бакъо а ло цо. Сазана (Делимханов Адамна яхна цIе ю, Радуев Салманан машен лелориг цо болх бечу юкъанна. – Ред.), массо хенахь санна, аьшпаш биттина.

- Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, батальонан могIарш кхин тIе а дузуш ду, йа жимлуш ду?

- Тхан батальонан принцип хийцамаш баран бух тIехь лаьтташ ю. Кхузахь дIахIиттийна низамаш ду: 25 шаре ца кхаьчначу эскархойн сацам оха тIе ца лоцу, батальонехь ши бутт бен баккха йиш яц, и хан чекхъяьлча эскархо декхаре ву шен доьзале юхаверза. Ур-атталла Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Ичкерера схьавеъначунна и хан чекхяьлча оха цхьана баттана чуваха меттиг ло, юха "маьршачу" агIоне дехьавоккху. И низамаш хаддане ца хададо. Иштта оха шортта нах гулбаларна духьало йо, рогIерчу гIуллакхашкахь кхачамбацарш ца хилийта. Цул сов, оцу хьолехь, шортта вайн кегийрхой герз лелоран говзаллина тIекхуьу. Ротацина кIел ца нисло еккъа цхьа командан тоба.

- Оьрсийн журналиста Невзоров Александра шен цхьахйолчу интервьюхь элира, нохчийн-оьрсийн тIом болуш шена украинхой тийсдаларшкахь гина, цундела шеконаш яц Орсийчоь Украинерчу тIамехь оьшург хиларх, аьлла. Ткъа хьуна хIун аьлла хета?

- Суна а хезна и дIахьедар, буьззинчу барамехь реза а ву со цо бохучунна. Амма Американ а, Европан а бахьанехь и гайтамаш, ала мегар долуш, цхьана нисделла – бакъдолуш, зарратан герз тидаме ца эцча. Цхьахйолчу меттигашкахь Украина Оьрсийчоьнал ницкъ болуш хилла. Цунна тIетухуш олу, къомехь шен мохк ларбаран дог-йла хиларо а йоккха роль ловзайо.

ХIинца иттанаш эзарнаш украинхойх жоьжагIатах чекх а бевлла, говзалла йолу тIемалой хилла, церан ларван гIирсаш а, нах а бу. Оцу хьуьнаршна тIе туху дерриг дуьне церан агIонехьа хилар а. Цундела со тешна ву, оцу маьIна доцу авантюрехь Оьрсийчоь хIаллакхила герга ю.

Кадыроовн ресурсаш яц, ур-атталла шен хечин да вац иза. Путинан карахь ду дерриг

- Нохчийчохь ши тIом боьдучу хенахь меттигера зударий танкашна буха лелхара, зачисткаш ечу юкъанна салтий шайн бераш дIадига гIиртича. Кадыровс кху деношкахь дIахьедира, Нохчийчуьра Украине рогIера шайн лаамера тоба яхана аьлла. Хьуна хетарехь, мичахь бу и стогалла йолу наной? Уьш стенна ца бовлу шайн бераш дайъа ца дигийта дуьхьала?

- Царна тIехь доцург царна тIедожон ца оьшу. Ша йоккхучу хеначохь нохчийн къомо цкъа а ца лайна оцу тайпа бакъонаш хьешар, таханлерчу Iедалан Iаткъамна кIелахь ловш дерг санна. Кадыров – ма-варра Даджжал ву (Даджжал – Iехориг, исламан ламасташкахь: харц мессия, керстан динера Антихристан вастах тера – Ред.). Нохчийн зударий шайн кIентий оцу маьIна доцчу тIаме хьовсорна дуьхьала бовлахь, цо [Кадыровс], адамийн моралан дерриг низамаш талхош, царна ма-ярра террор хIоттор ю.

Шен лаамца доцуш оцу тIаме цхьаъ хьажийнехь, иза йийсаре вала веза, ткъа оха тхайн агIор иза оцу йийсарера схьавоккхур ву, Европе дIахьажор ву, йа Украинехь дIатарвийра ву. Амма йийсаре кхаьчначарна хаа деза, шаьш Шейх Мансуран батальонна юкъа оьцург ца хилар, амма массо агIор гIо царна дийра ду. Делахь а, доьхнарг кхин ду – царах дукхахболу тентигаш шайн лаамехь боьлху Украине, Кадыров резаван гIерташ.

- Политологашна хетарехь, кадыровхой кхерамаш тийсаран элемент санна лелабо, ткъа ша Кадыров шена пиар еш лела. Хьуна хIун аьлла хета?

- Шен мекарлонехь Кадыровс лоьхург ши Iалашо ю: Путинна хьалха шен муьтIахь хилар гайтар а, пиар-кампани [йар] а. Цул сов, аьрта хиларе терра, иза баккъала а тешаш ву, украинхой эша а бина, цул тIаьхьа террорца караберзалур бу бохучух.

- Нохчийчоьнан куьйгалхочо зарратан герзаца а, "ерриг гIаланаш схьаяха" а кхерамаш тесна Украинана. Цуьнан кхерамийн муха мах хадабо ахь? Уьш кхочушбан тоъал таронаш юй цуьнан?

- Багалеян бен цуьнан цхьа а ресурсаш яц. Ур-атталла, шен хечин да а вац иза. Путинан карахь ду дерриг – цундела оцу тайпа кхерамашна тIе тидам бахийта ца оьшу, аьлла хета суна.

***

Охан-беттан 14-хь – 50-гIа тIеман де ду. Киевн мэра Кличко Виталийс дIахьедира, тIом болабелчхьана кхелхина бахначу бахархойн шиъ-кхоалгIа дакъа гIала юхадеана. Евросоюзо Украинана кхин а 500 миллион евро финансийн гIо кхачон тIелаьцна. Оьрсийчоьнехьа волчу, дIалаьцначу украинхойн политикан Медведчук Викторан хIусамнанас Зеленский Владимире доьху иза маьршаваккхар, ткъа Туркойчоьнан президенте Эрдоган Реджепе – оцу гIуллакхехь гIо дар.

ТIом болабелча Оьрсийчоьнан тIеман министралло беллачийн терахь шозза хьахийна: Зазадоккху-беттан 2-хь хаамбора 498 стеган кхалхарх лаьцна, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1351 стеган. Нохчийчоьно шина эскархочун валар бен тIе ца лаьцна, амма Кавказ.Реалиин шен хьостанашкара гучудаьлла, баккъала а кхелхиначийн терахь мел-кIезга 60 хилар. Редакцино хIоттийначу дерриг тептарехь 321 кхелхинчун цIе ю.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG