ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ведда "Басаевн тIемало" лоцуш гIо динчунна 100 эзар сом кхайкхийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Астраханерчу Оьрсийчуьрчу федералан таIзар кхочушдаран урхалло 100 эзар сом ахча кхайкхийна, гIалин психиатрин лазартнера ведда тутмакх Алханов Мохьмад лохуш а, лоцуш а гIо динчарна. Новости хаамийн агенталло яздо цунах лаьцна.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Астраханерчу урхалло шайн сайтехь бинчу хаамца, веддачу Алхановн тидам бина видеокамераша. Полицино оршотан дийнахь Iорадаьккхичну цхьана сурта тIехь гуш ву Iаьржа еха куртка а, маска а йоьхна стаг туьканан касси хьалха лаьтташ. Урхаллан сайтехь иштта хаамбина Алхановна тIерачу духарх а, цуьнан юьхь-аматах а. Федералан лехамашка велла Алханов Мохьмад.

Талораш лелорна бехкевина, Астрахнерчу психиатрин дарбан цIийнера байначу беттан 26-чохь ведда Алханов. Агенталлан хьастано билгалдоккху, талораш лелорна хIинцале а итт шо хан текхна хиларх веддарг. Цул тIаьхьа къаьстира, Басаев Шемалан тобанхошлахь Нохчийчуьрчу Шуьйта-кIоштарчу Улус-Кертахь Псковерчу десантхошна иза тIелетта хилар. Яхначу аькха Ставрополехь лецира Алханов, ткъа Астрахане валийнера иза психиатрин экспертизех чекхваккха Iалашонца.

Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.

Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дехира Нохчийчохь 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом барна амнисти юкъабахначарна а цхьаьна. Кавказ.Реалии портало шуьйра яздира, масала, ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал айдинчу гIуллакхах.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG