ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веддачу "Басаевн тобанхочух" лаьцна 20 стага "мехала хаамаш" бина


Видеокамераша туьканахь даьккхина Алхановн сурт
Видеокамераша туьканахь даьккхина Алхановн сурт

Астраханехь хIинца а лоьхуш ву, Басаевн а, Хаттабан а тобанхошлахь зуламаш лелийна ву аьлла, шеконе эцна, психиатрин лазартнера ведда Алханов Мохьмад. "Цхьаццайолчу Астрахань гIалин кIошташкахь болх беш бу бакъоларъяран органийн белхахой. Меттигерчу бахархошца деш къамелаш ду, цаьрга кхайкхам бо сема а хила, лоьхучуьнца боьзна муьлхха а хаам шайга схьа а хаийта бохуш. 20 сов стаг ваьлла зIене, мехала хаамаш кхачийна цара", - дIахьедина регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша.

Цара тIечIагIдина, лехамашна юкъаозийна хиларх полицин а, регионерчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН)а, Астрахань-кIоштарчу Росгвардин а, Талламан комитетан урхаллин а белхахой.

Оцу заманчохь, Астраханерчу Трусовскан кIоштахула шаьш бинчу талламах мессенджерашкахула меттигерчу бахархоша видеош кхохьуьйту, тобанаш вовшах а тоьхна, Алханов лоьхуш. Ишта видео ю, бIеннашкахь ницкъахойн барзакъ доьхначу наха кIошт мел ю веддарг лоьхуш гойту.

84 стаг а вуьйш, Басаевс а, Хаттаба а герзашца вовшахтоьхначу тобанашца динчу тIелатарна тIехула, шеконаш кхоллаелла лаьцна вара Алханов. Дуьйцург ду 2000-чу шарахь Нохчийчуьрчу Шуьйтан-кIоштарчу Улус-Кертахь Псковерчу десантхошна дина тIелатар.

Дахначу шинарин дийнахь Астраханерчу кхетамна галбевллачу нехан дарбан хIусамера ведда Нохчийчуьра Алханов Мохьмад. Медицинан экспертизех чекхвоккхуш хиллера Алханов оцу психиатрин дарбан цIийнехь.

  • "Кавказский узел" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина- Редакцин билгалдаккхар.) интернет-ресурсо хаам барехь, Псковрчу десантхошна тIелатарна ша бехке ву бохуш, шена дохку бехкаш тIе ца лоцу Алхановс. Цуьнан адвокато чIагIдарехь, иза бехкехиларх цхьана а кепара тоьшаллаш талламо далийна дацара.
  • Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дехира Нохчийчохь 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом барна амнисти юкъабахначарна а цхьаьна. Кавказ.Реалии портало шуьйра яздира, масала, ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал айдинчу гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG