ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вевзачу бардан Муцураевн иллина тIехула гIуда тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна


Бард Муцураев Тимур
Бард Муцураев Тимур

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан кхело бехкевина Сиржа-Эвлара Магамадов Аслан, бардан Муцураев Тимуран (кхелан сацамна тIехь язвина ву Муцараев) "Исламан умма" илли бахьана долуш, экстремистийн материалаш яржийна аьлла.

Кхело тIечIагIдарца, 2017-чу шарахь дуьйна "ВКонтактерчу" шен агIонера "Музыка" декъе хIоттийна хилла Магамадовс "Исламан умма" илли (кхелан сацамехь – "Мы прежде…" илли). Социалан машанашкахь мониторинг дIахьочу юкъанна цуьнан терго йина хилла Оьрсийчоьнан УФСБ-н Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу урхаллин белхахочо Гончаровс.

Дуьйцу Муцураевн илли 2793 номерца экстремистийн федералан тептаре язйина ду 2014-чу шарахь ГIуран-беттан 8-чохь Ростов –ГIаларчу Первомайскан кIоштан кхело.

"Кхелан кхеташонехь Магамадовс шена буьллу бехк тIелаьцна, динчунна дохковаьлла, интернетерчу шен аккаунте хIоттийна аудиофайл экстремистийн лоруш дуйла ца хаьара шена аьлла, кхетийна", - аьлла ду кхелан сацам тIехь.

ТаIзар кIаддар бехкана къера хилар лерина Веденан кIоштан кхелан федералан суьдхочо Садулаев Iилмана, цундела Магамадов Асланна, оцу Iедалан къепехь уггар а лахара таIзар кхайкхийна – эзар сом гIуда.

  • Муцураевн иллешка ладоугIучарна Оьрсийчохь кест-кеста кхел йо соцаиалан машанаш лелочарна, иштта Нохчийчохь а цхьаьна. Ткъе итт эзар сов нохчийн бардан илли экстремистийн материалаш лерина, федералан тептаре даьккхина ду.
  • Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, цунна эзар сом гIуда хьарчийра цунах.
  • Ставрополан кIоштан Лермонтов гIалин кхело бехкевира ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо Кадыкоев Туган экстремистийн материалаш яржийна аьлла. Дуьйцург дара, экстремистийн лерина, федералан тептаре даьккхина нохчийн бардан Муцураев Тимуран илли. Ши эзар сом гIуда туьйхира цунна.
  • Лахьан-баттахь бардан цхьахйолчу йихкинчу композицина публикаци ярна жоьпалле озийра ГIалмакхойчуьра Яшалтинскан кIоштан вахархо, гIуда а тухуш.
  • Изза сацам тIеийцира ГIуран-беттан 5-чохь Гуьмсан гIалин кхело, меттигера вахархо Саиев Адам бехкевина. Иза бехкевира "ВКонтактехь" экстремистийн материалаш яржорна аьлла, цхьа илли зорбане даккхарна. Тамашен дара, кхелахоша листина "Пайхамаран Хьадис" экстремистийн материлех хIоттийначу тептарехь цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG