ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вежараллин кешнаш, маьршачу бахархойн декъий: стенца дагайоуьйту украинхойн Буча гIалано нохчийн СемаIашка


Меттигерчара дийцарехь, оьрсийн салташа байинчу маьршачу бахархойн декъий, Охан-беттан 2-гIа, 2022 шо
Меттигерчара дийцарехь, оьрсийн салташа байинчу маьршачу бахархойн декъий, Охан-беттан 2-гIа, 2022 шо

БIеннашкахь меттигера бахархой байинчу украинхойн Бучера суьрташка хьоьжуш, оцу сохьта дагатосу нохчийн СемаIашка, Керла Алды, СаIди-кIотар ярташ. Цу хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дуьйцучуьнга ладоьгIуш, кхета хьо, риторика хьалхалерра йиссарх. Урамашкара декъий, вежараллин кешнаш, тIехь ницкъбина декъий – и дерриге а хилла ду Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь, церан тоьшалла а ду, амма таIзар ца дина цхьанна а.

Киев схьа а ца яккхаелла, цунна герггара дIадахара Оьрсийчоьнан эскар. Коьртачу шахьарна уллорчу Бучехь украинхойн тIемалошна карийра иттаннашкахь могIарерчу бахархойн декъий- царех цхьаболчийн куьйгаш дихкина дара, ницкъбина лараш. Iадон и суьрташ дуьненаюкъарчу агенталлашкахула чекхдевлира. Москвано харцояр лору иза. И бен кхин олийла а дацара. Оьрсийчоьнан керлачу исторехь тIеман зуламех шайна дохку бехкаш тIе ца эцар – даим а марзбелларг ду нохчийн хьалхалерачу кампанера схьа дуьйна.

1995-чу шарахь Охан-беттан 7-чохь федералаш СемаIашка чубахара, цигахь тIемалой буй хьовса доьлху шаьш аьлла. Бутт хьалха уьш юьртара арабевлла, ткъа юьртахь къепе латтош 40-50 герзашца болу бахархой бу бохуш, меттигерчара чIагIонаш ешшехь, Оццу дийнахь семаIашкахошна тIедожийра, бIе тайпа герзаш схьало аьлла: оццул дацара.

Нохчийчоь
Нохчийчоь

Маьждигна хьалха хIоттийначу гуламехь юьртан бахархоша сацамбира, шайн хIусамаш дIатийса, амма кIезигчийн бен аьтто ца белира – эвлан цхьахйолчу йистера схьа снайперш йетта буьйлабелира. Кеп-кепарчу хьаькамашца зIенашка буьйлура бакъоларярхой, цара дош делира, дерриг а дика хир ду, божарех бен таллам беш бац, ткъа бераш, зударий, къаной арабовлуьйтур бу аьлла.

Суьйранна диъ сахьт даьллачул тIаьхьа юьртана тIейетта буьйлабелира. Суьйранна ворхI сахьт долучу хенахь федералан каналашкахула дуьйцура, юьртарчу къаношна тIе герзаш диттинчу тIемалойх. Церан машенашна тIе билггал герзаш диттинера. "Зачисткаш" ца хилийта Iалашонца дийцаршкахь хилла, юха богIуш бара уьш. Герзаш диттинера Оьрсийчоьнан эскарийн позицешкара.

Юьртахь тIемаш бара – нохчийн агIоно дуьйцура, Оьрсийчоьнан ницкъашна дуьхьалкхеттера ополченцаш бохуш, федералаша дIахьедора бIеннашкахь тIемалойх лаьцна. Цул тIаьхьа йолийра и юьйцу зачистка. Ницкъ беш, нах бойъуш, къоланаш деш.

Iуьйранна 8:04 велла карийра когахь мачаш йоцуш, бага йоьллина горгам йолуш, хонах а, коьртах а герзаца чевнаш йина

Федералаша вийначу 103 вахархочун цIераш йовзийтира шен рапортехь бакъоларъяран "Мемориал" центро. ХIора цIарна дуьхьал яздина дара валаран бахьана: "Лаьцначийн коврана кано дечу заманчохь тоьпаш тоьхна"; "Танка тIехьа лазийнера, АхметовгIаьргахь лечкъинчу хенахь автомат йиттина вийна, тIаьхьа вага а веш; "Iуьйранна 8:04 хан яьлча велла карийра когахь мачаш йоцуш, бага йоьллина горгам йолуш, хонах а, коьртах а герзаца чевнаш йина"; "ДIасадевдда бежнаш тIегулдечу заманчохь йоьдучу БТР-тIера герз тоьхна вийна Iуьйранна 9 сахьт даьлча"; Дагийначу цIачуьра заьIап ваша араоьцучу хенахь, тоьпаш тоьхна"; Эсий цIа далош вогIучу юкъанна минометан тохаршна буха нисвелла"; "Месаш ийзош, лармичуьра хьала а ваьккхина, герз туьйхира".

ХIун дийцира украинхойн Бучан бахархоша? "Цхьана кIантехь сурт карийнера, иза ца тайнера царна, тIаккха вийра"; "Юург кечъеш яра зуда цIийнан уьйтIахь. Оьрсий гича кхераелла, чу еддера иза, неI дIа а къовлуш, тIе автомат йиттира цунна- неIарчухула йийра"; "Денна бойуш бара маьрша нах".

ХIун дуьйцу телехьожийлехь? Бучехь "провокацеш" лелорна бехкейина Украина Оьрсийчоьнан Iедалхоша. Маьршачу нахаца вежаралин кешнаш – харцдерг ду, урамашкара декъий – хIоттийна сурт ду. Уьш дIабоьлла иштта дийца, керла хIуммаъ а дагадаийта хьийза а ца оьшу. Царна черновик яра Нохчийчоь. СаIди-кIотарахь вежараллин кешнаш хилар а бакъ ца дора цара, тIе ца дуьтура Керлачу Алдыхь нах байъар а. Цхьа а бохам ца го царна Бучехь а.

Тамашен кхин ду: шаьш лайначух дуьйцучу Бучан бахархоша, къаьстина хьехабо нохчий. Аьлча а, кадыровхой. Цхьаъ ду, Мариуполехь шаьш къола дина сурсаташ дIасайекъарца уьш билгалбовлар, йа дIатийсина украинхойн дакъош "схьадахарца". Кхиниг – зачисткаш ечу хенахь шаьш дакъалацарх дуьйцуш. Кхузахь-м цецвийла хIуммаъ а дац, царна юккъехь – Кадыров Рамзанан критикаш байинарш бу бохурш а, Нохчийчохь оцу кепарчу зачисткашна дуьхьал хиллачу политикна Немцов Борисна герз тоха кечамбина аьлла, хета нах а хилча.

"Авторан бакъо" рубрикехь яздинчо ца гойтуш хила тарло редакцина хетарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG