Украинерчу тIамехь вийначу 11 полисхочунна Кадыров Ахмадан цIарах орден а луш, омрана кIел куьйг яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Царах кхаанна цIерш хьалхо беллачийн оьрсийн диллинчу тептарехь яцара.
Буьйцурш бу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу патрулан-постан сервисан эскархой, иштта Соьлжа-ГIалара а, республикан Куршлойн кIоштан а полицин тобанашкара.
- Рамазан Висалиевич Каимов – капитан, Кадыровн цIарах йолчу ППС-н 8-гIа тобанан буьйранча. Охан-бутт болалуш хиира иза вийна хиларх.
- Магомед Саидович Титиев – лакхара сержант, Кадыровн цIарах йолчу ППС-н 4-чу тобанан лор.
- Ибрагим Шайахмедович Ахматханов – сержант, Кадыровн цIарах йолчу ППС-н 12-чу тобанан машен лелориг. Стигалкъекъа-беттан 25-хь вийна.
- Бувайсар Андиевич Дениев – лакхара прапорщик, Кадыровн цIарах йолчу ППС-н 11-чу тобанан буьйранчан гIовс. Диллинчу хьосташкахь иза кхалхарх лаьцна хаамаш бацара.
- Хосейн Майрбекович Курмагомадов – прапорщик, Куршлойн кIоштехула йолчу ППС-н ротан 3-чу декъан буьйранча.
- Адам Мухайдович Бачаев – прапорщик, Висаитовн кIоштехула йолчу полицин взводан ППС-н ротан полисхо.
- Гапур Адихашидович Дакалов – прапорщик, Кадыровн цIарах йолчу спецназан 5-чу взводан буьйранча. Стигалкъекъа-беттан 20-хь вийна, Северодонецк йоккхуш тийсдаларшкахь.
- Али Султанович Бетишев – лакхара сержант, Кадыровн цIарах йолчу спецназан 4-чу взводан буьйранчан гIовс. Стигалкъекъа-беттан 20-хь вийна, Северодонецк йоккхуш тийсдаларшкахь.
- Заур Ломалиевич Димаев – подполковник, Кадыровн цIарах йолчу спецназан 4-чу батальонан буьйранчан гIовс. Стигалкъекъа-беттан 31-хь вийна Запорожан кIоштахь Камышеваха гIала йоккхучу хенахь артиллерин тохарш а дина.
- Муслим Сайпулаевич Автаев – капитан, Соьлжа-ГIалин ППС УМВД-н полкан взводан буьйранчан гIовс. Цуьнан кхалхарх лаьцна хаамаш бацара диллинчу хьостанашкахь.
- Айдамир Увайсович Исаев – лакхара сержант, Кадыровн цIарах йолчу спецназан 4-чу взводан машен лелорхо. Цуьнан кхалхарх лаьцна хаамаш бацара диллинчу хьостанашкахь.
Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а дIабахначу Украинерчу оьрсийн эскархойх вийначу 810 стеган цIерш евза карарчу хенахь Кавказ.Реалиина. Зорбанашкарчу арахецаршкара, Iедалан дIахьедаршкара, бакъоларъярхошкара а, Кавказ.Реалиин хьостанашкара схьаэцна хаамаш бу уьш. Баккъала а долу эшамаш кхин а сов хила мега.
Кадыров Ахьмадан цIарах орден 2004-чу шарахь юкъаяьккхира. Республикана хьалха "къаьсттина хьуьнарш гайтарна" луш ю иза. 55 грамм йолу орден 750 цIаналла йолчу деших еш ю, цIен алмазашца, сапфирашца, бриллианташца кечйина ю. И совгIат Кадыровс, масала, культуран министр даржехь йолчу шен йоккхачу йоIана Iайшатна елла.
- "Оьрсийн Би-би-си сервисо" динчу зерашца, Мангал-беттан 24-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 4010 оьрсийн эскархочух лаьцна хиина. Г1ирсан зерашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь беллачийн цIерш 40-60% кIезга хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.