ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу "ДНР-н" куьйгалхочун цIе туьллур ю Соьлжа-ГIаларчу урамна


Захарченко Александр
Захарченко Александр

2018-чу шарахь Донецкехь динчу эккхийтарехь вийна волчу "ДНР" шех олучун куьйгалхочун Захарченко Александран цIе туьллур ю Соьлжа-ГIаларчу урамна. Ураман цIе хийцарх лаьцна дIахьедина Кадыров Рамзана.

Захарченкон цIе урамна тиллар дуьйцуш хаамбира Кадыровс телеграмерчу каналехь Стигалкъекъа-беттан 9-хь. Цигахь Кадыровс яздо Донецкан сепаратистан "иэс бIешершка даккхарх" лаьцна.

Сахалинскан кIоштан губернатора Лимаренко Василийс Оршот-дийнахь дIахьедира, Южно-Сахалинскан керлачу жимачу кIоштера урам Захарченкон цIе лелош хир бу аьлла. Хабаровскан кIоштан куьйгалхочо Дегтярев Михаила а дIахьедира, Захарченкон цIарах урам Комсомольск-на-Амуре гIалахь кхуллург хилар. Омскан кIоштан куьйгалхочо Бурков Александра Омскан мэрна Шелест Сергейна хьийхира, хьалаюттуш йолчу "Зеленая река" олу жимачу кIоштера шина урамна Захарченкон а, Жоганан а цIерш тахкар, яздо Радио Свободано.

Захарченко Александр вийра Марсхьокху-беттан 31-хь "Сепар" олучу кафехь эккхийтар а дина. Цуьнца велира цуьнан хадархо, лазийра кхин а 9 стаг. Захарченкон хьехамчас Казаков Александра бахарехь, бомба оцу гIишлон неIарна тIехула йиллинера, иза эккхийтира генарчу зIенаца. "ДНР-хь" хета, и бомба цуьнан кхалхар хилале хьалха еанчу буса йиллина хиларх. "ДНР-н" сепаратистийн куьйгалхо хилира Захарченко 2014-чу шеран Марсхьокху-баттахь. Донбассера конфликт маьрша ерзийта Минскехь бинчу бертана бухахь куьйг яздина цо.

  • ТIаьххьарчу шина баттахь Кадыровх Украинерчу тIеман коьрта рупор хилла: шен телеграмерчу каналехь цо хIора денна дуьйцу нохчийн эскархоша тIомбарх лаьцна, тIеман гIуллакхаш дарна кечамаш бо, шен мостагIашна байташ йоьшу цо.
  • Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де - Украинерчу тIеман 75-гIа де ду. Луганскан кIоштарчу Белогоровкерчу школана тIе тохар дича маьрша нах байъина. Оцу махкара Севередонецкан, Лисичанскан кIошташкахь дIахьош шога тийсдаларш ду. Адамийн бакъонехула йолчу ООН-н лакхарчу комиссаран урхалло Украинехь беллачу маьршачу нехан терахь хазийна: Чиллан-беттан 24-чу дийнера Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийне кхачалц вийна 3 309 стаг, 3 493 лазийна, дуьйцу урхаллан хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG