ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Военкоматашка дIагулбеш бу Къилбаседа Кавказера мобилизаци йина бахархой


Гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь дакъа лаца кечбеш Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а мобилизаци йина болу бахархой дIагулбарх хаамаш гучудуьйлу социалан машанашкахь.

Масала, Baza телеграмерчу-канало Дербентера шиъ сурт гайтина – дIагулочу пунктана уллохь масийтта стаг ву цигахь гуш, йистехь автобус ю. Царна уллехь хадеш полисхой бу.

Дуьйцу, Дагестанан Бабаюртан кIоштахь протесташ юьйлаелла мобилизаци бахьанехь – бахархоша федералан некъ дIакъевлина. Baza-но видео арахецна – цу тIехь масийтта стага военкоматана хьалха шаьш дуьхьал хилар хаийтина. ASTRA каналан хаамашца, даймехкан декхар гулбеллачарна тIехь хиларх тешо гIиртина военкоматан белхахо – тIаккха протестхоша иза политика бен яц аьлла, жоп делла цунна.

Цул сов, телеграмехь видео яьржина, дийцарехь, военкоматашка буьгуш Нохчийчуьра кегийрхой бу цу тIехь. Цу тIехь а гуш масийтта стаг ву. Маца, мичахь яьккхина ю и видео билггал хууш дац.

ASTRA телеграмерчу каналан хаамашца, мобилизаци йинчу нехан хьалхара тоба Краснодарера дIайигина. Видео тIехь гуш ю пхи автобус а, нах дIасабуьгу ворхI тIеман грузовик а – оьрсий Украине гIортаран билгалонех цхьаъ долу "Z" элпаш ду царна тIехь. Цаьрца ницкъахой бу, билгалонаш йоцу машен а ю, тIеоьллина цIен байракх йолуш.

93.ru сайто яздарехь, Ян Полуянан урамерчу военкоматан белхахой "къаьсттина тIедиллар кхаччалц" дуьхьал хилира нах тIелаца. РагIехь лаьттачех цхьамма дийцина журналисташка, военкомате вахар балхахь тIедиллина цунна, кечамаш бан ши сахьт хан елла. ТIаьхьо оцу дийнахь, сайтехь яздарехь, массочу кегийрхошна повестка елла – кхана Iуьйранна военкоматехь хилар тIедожийна царна. Мобилизаци йинарш мича хьийсор бу дуьйцуш дац.

Волгоградан Городищенскан кIоштехь культуран цIа дерриг дIаделла мобилизаци йинарш тIелаца, дуьйцу VI.ru сайто. КIоштера божарий автобусашкахь схьабалийра кхуза гезгмашин-беттан 21-хь. Царах цхьаболчара дийцарехь, мобилизаци йинарш, полисхой, администрацин а, военкоматийн а белхахой бен чу ца буьтучу культуран цIийнахь лоьрийн хьовсар дIадаьхьира, инструктаж йира, "фильм а гайтира". Меттигерчу бахархоша дийцарехь, запасехь болчу божарийн хIусамашка Iуьйранна 4 сахьт даьлча бахнера военкоматан белхахой. КIоштехь мобилизаци йан дагахь бу мукъа денош тIекхачале.

  • Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаамбира, пачхьалкхехь дIакхайкхийна юьззина йоцу мобилизаци хиларх. Цунах лаьцна омрана куьйг яздина ду, элира президента Оьрсийчоьнан бахархошка гезгмашин-беттан 21-чу Iуьйранна бинчу кхайкхамехь. ТIеман декхарш кхочушдинарш а, запасера бахархой и нислур бу омрана кIел. ДIахьийсорал хьалха кхин а кечамех чекхбевр бу уьш.
  • Оьрсийчоьнан регионашкахь протестийн акцеш хилла Путин Владимиро Украинерчу тIамца йоьзна дIакхайкхийначу мобилизацин дуьхьал. Дуккха а нах дIалецарх а, протестхошна тIехь полисхоша ницкъбарх дуьйцу. Уггар яккхийра протесташ Москвахь, Санкт-Петербургехь а хилла, иштта Уралан, Сибрехан а яккхийрачу гIаланашкахь.
  • Соьлжа-ГIаларчу тIамна дуьхьал йолчу митингехь 15-20 зуда дIалацарх дийцина Кадыров Рамзана – хьалхо республикан Iедалша харцдира акци кечъеш ю бохург. Бакъоларъярхоша хаамбора нах дIалецарх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо лач агIор бакъдира и хаамаш, бохура, ша къамел дина митинге арабевллачу нахаца.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG