Соьлжа-ГIалахь, баттанна кхайкхийна субботникаш наха дехарш а дина, яхйина кхин а шина кIиранна, хаамбо Соьлжа-ГIаларчу мэрин векало. Керлачу графикца субботник дIаяла лерина ю кху беттан 15-чу дийнахь. Ала догIу, субботникехь дакъалоцуш дукхахберш Iедалан системехь алапна болхбеш нах бу. Дийцарехь, царах дукхахберш нуьцкъал “шайн лаамехь” дакъалоцуш бу субботникашкахь.