ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI шо хьалха полисхошна тIеллетта ву аьлла ГIалгIайчуьра вахархо жоьпе озийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2014-чу шарахь Мангал-баттахь Несарарчу мехкан дарбанан хIусам ларъечу полисхошна тIелеттачу тобанца хилла ву аьлла, кхин а цхьа стаг шеконашца лаьцна ГIалгIайчохь, яздо Кавказский узел интернет-ресурсо. ХIетахь Несарахь дарбанан цIенна динчу тIелатарехь виъ полисхочунна чевнаш йинера. ШолгIачу дийнахь тIелеттачарлахь хилла ву аьлла, шиъ дIалецира. Товбеца-беттан 11-чу дийнахь Талламан комитето дIахьедира, кхин а цхьаъ шайн каравеана аьлла.

Ницкъошна тIелатар толлучу юкъанна кху деношкхаь кхин а цхьаъ дIалаьцна - Плиево эвлара 34 шо долу вахархо. "Интерфаксо" шайн хьостана тIетевжина хаам бо, и лаьцнарг ялхолгIа ву аьлла.

Лаьцна латточу пхеаннах цхьаьнга бехк кховдийна, бакъоларъяран органийн белхахошна тIелатар дарца, шолгIаниг жоьпе озийна гIаттамхошна гIо дина ву, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла. Кхин а кхааннах шеко ю, цара тIемалошца уьйраш латтийна хила тарло бохуш.

Карладоккху, оццу шеран Стигалкъекъа-баттахь СагIопшехь леринчу операцехь байъинчийн декъий латточу моргехь ха деш хилла бу, цара тIелатар дина хилла полисхой. Байъинчарлахь вара "ГIалгIайчоьнан эмир" Гетагажев Артур, хаам бира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин зорбанашца юкъарло лелочу урхаллан хьаькамо Боков Тимура.

Life хьостано яздира, шайн лидеран Гетагажев Артуран дакъа моргера арадаккха дагахь дина тIелатар дара аьлла. Верриг а постехь оцу заманчохь ха деш 14 стаг хиллера. Декъий лардеш дуй хиъча, къайлабевллера тIелеттарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG