ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежан кIоштахь полицин декъана тIелатар дина вевзаш воцчу стага


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Воронежан кIоштехь, Лиски гIалахь, герз карахь эскархочун духар доьхна хиллачу стага полицин декъан гIишлонна уллехь герз а кхиссина, цу чу а вахна, бомба эккхийтина. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, МВД-н зорбан сервисна тIе а тевжаш.

Министралло бинчу хаамца, Iуьйранна ялхолгIачух ах долуш вевзаш воцу стаг, кIоштан полицин декъан территори тIе а ваьлла, полисхочунна чов а йина, къайлаваьлла машенахь.

Baza телеграм-каналехь болчу хаамашца, эскархочун духар доьхна, тIехь бронежелет а йолуш "Нива" машнца веъна иза ОВД-н гIишлонна тIе. Цу стагехь хилла маса топ. Цул тIаьхьа полицин декъана чувахна, бомба эккийтина цо. Цхьаболчу хаамашца, лазийнарг ву ха деш хилла полисхо. ТIелатар динарг лохуш йолийна "лацаран план".

Mash телеграм-канала бинчу хаамца, полицин декъана тIелатар динарг бехке хила мегаш ву кхо стаг верна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG