ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ВСУ-ца юкъарлонаш хилла" Украинера кхиазхой лецна кадыровхоша


Украинера кадыровхойн дакъошкара эскархой, гайтаман сурт
Украинера кадыровхойн дакъошкара эскархой, гайтаман сурт

Украинехь тIемаш бечу кадыровхойн декъан командиро бехкбаьккхина Оьрсийчоьнан эскарш долчу меттигех ВСУ-на хаамаш дIакхачош хилла аьллачу пхеа кхиазхочуьнгара. ДIахьедарехь, Запорожьен кIоштара оккупаци йинчу декъан бахархой бу уьш.

Кадыровн лерринчу 96-чу полкан ("Молния") командиро Тушаев Мохьмада видео тIехь чIагIдо, украинхойн тIеман ракеташа 13 техника йохийна бохуш. Оцу тIехь аьтто бина боху, ВСУ-га информаци дIакхачийначу кхиазхоша. 15 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолуш ду лецна бераш, аьлла ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь.

Видео тIерачу кегийрхоша шайна гечдар доьху, Оьрсийчоьнан техникех суьрташ, "ВСУ" йолчу чате хьийсорна. Иштта цара чIагIонаш йо, шаьш "Оьрсийчоьнехьа" хиларх. Карарчу хенахь аьтто бац, лецначарна тIехь Iаткъам биний хаа. Украинхойн агIоно цкъачунна хьолах лаьцна йина комментарий яц.

Хьалхо хаамбира, Нохчийчу Кадыров Рамзане къамел дайта масех украинхойн йийсархо валорах. Уьш цига лаьцна кхачийнера, хьаькаман бераш Украине дахначул тIаьхьа, аьлла пачхьалкхан "Россия 1" каналан сюжетехь. Кадыровс тIедиллина боху йийсархошца "кIеда" хила аьлла, дош делла уьш цIа бахийта а. Оцу юкъанна дуккха а меттигаш гучубийлина, Оьрсийчоьнан эскарша украинхойн йийсархой Iазапечу хелашкахь латтийна.

  • Хьалхо хаамбарца, гезгамашин-беттан чакхенгара схьа дуьйна Оьрсийчу валийра украинхойн "Азов" (Оьрсийчохь йихкина ю) полкера йийсаре лаьцна 402 стаг, уьш дIатарбинера Ростовн а, Волгоградан а, Белгородан а, Воронежан а кIошташкарчу дозанаш тIера кхочушден системин урхаллашкахь. Украинхойн тIемалой Донерчу колонешках а, СИЗО-хь хиларх гIараделира стигалкъекъа-баттахь – Iедалхоша духхьара бакъйира и информаци.
  • Стигалкъекъа-баттахь Ростовн зорбанан гIирсаша хаамбира, Мариуполера "Азовсталь" комбинатера арабаьхна украинхойн эскархойн цхьа дакъа Ростовера а, Таганрогера а талламан изоляторшкахь бара аьлла. ДIахьедора Таганроге 89 эскархо кхаьчна бохуш. Товбеца-баттахь и хаам тIечIагIбира меттигерчу ОНК-н куьйгалхочо Омельченко Игоря.
  • Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар лакхара мах стенна хIоттийна а, Оьрсийчоьнан салташца Украинера муфтий цхьаьна хIунда кхеттера а.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG