ОвхIанистан чIанаяьккхинчу тIемийн ларш го оцу махкахь дечу кузашца. Куьйга динчу кузийн суьрташ гайтаме дехкина Британин музейхь.
ОвхIанхойн кузашна тIера тIеман васташ
ОвхIанистан чIанаяьккхинчу тIемийн ларш го оцу махкахь дечу кузашца. Куьйга динчу кузийн суьрташ гайтаме дехкина Британин музейхь.

1
Советан пачхьалкхан беракема ду куза тIехь. Когашка буьллу куз.

2
ТIеман сурт: хи тIехь - кеманаш, стиглахь – тIеман кеманаш, йистошца – танканаш. 1979-чу шарахь ОвхIанистане Советийн эскарш кхаьчча бина бу куз.

3
Эмкалшкахь боьлху овхIанхой. Советан салти вуьйш гойту цхьанхьа. МаIаш йолчу шайтIанийн вастехь бехкина интервенташ.

4
Британин музейн долахь ду хIара кузаш. Бутт хьалха шен архивашкара 2 миллион гергга сурт довзийтина музейно. ТIеман васташ дохкуш, куьйга бина иттех сов овхIанхойн куз бу музейхь.