ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна дайделла сом?


69 соме гIоьрттуш бу Москох долларан мах пIераскан Iуьйранна. 79 соьмал совъиккхина еврон мах. Шина шеран максимум ю иза, боху тергам бечара.Дужуш ду сом хIара бутт болалбелчхьана а. Бехкебо Цхьаьнатоьхначу Штаташа керла сакцеш юкъайоху аьлла баьржина хаам.

Юкъаяха кечйина санкцеш йоьзна шина мехкан агент хилла волчу Оьрсийчоьнан иччархочунна Скрипаль Сергейна а, иза волчу яхначу цуьнан йоIана а Британехь дIовш даларца. Советан заманара тIеман гIирс - "Новичок" дIовш – до уьш дарбан цIийне кхачорна бехке. Лондоно а, Вашингтоно а Кремль емалйо химин герз юкъадаккхарна.

Керла санкцеш юкъаевр ю тIедогIучу оршотдийнахь

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан Реестро шен сайтехь официале йохур ю санкцеш, тIаккха юьйлалур ю "болх бан". Оцу хьокъехь хаам баржийна ТАСС а, РИА Новости а агенталлаша, Вашингтонан векалшна тIе а тевжаш.

Санкцеш юкъайоху кху беттан 22-чохь, аьлла бара юьхьанца арабаьлла хаам.

Химин, биологин гергаш тергоне эцарх долчу низамо санкцех лаьцна дIахьедар дан къастийна хан чекхъяьлла Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь. Ткъа санкцеш юкъаяха езаш хиларх болу хаам Федералан Реестре дIакхачийна бу. Юкъадоккху таIзар цо довзийта тарло Марсхьокху-беттан 27-чохь, - аьлла Пачхьалкхан департаментан векало.

Кху беттан 8-чу дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто кхайхкийначу санкцешна кIел йоьлху "шалха пайдаоьцу" (маьршачу Iалашонашна а, иштта тIеман Iалашонашна а пайде хила тору) сурсаташ, гIирс Оьрсийчоьнна юхку компанеш. Оццу декъа юьгур ю Штатийн халкъан кхерамзаллица йозу технологеш, электроника, мехкдаьттан, газан индустрина кхачоен техника юхку компанеш а.

Санкцийн рогIера пакет Цхьаьнатоьхна Штаташ юкъаяккха дагахь ю массех бут баьлча, нагахь санна Кремло ша химин а, биологин а герзех пайда оьцур боцийла гойтуш гаранти ца лахь. Санкцийн оцу декъо доьхкур ду "Аэрофлотан" кеманашна Штаташка лела, лагIбийр бу Оьрсийчоьнан-Штатийн йохкьэцаран барамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG