ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сица а, дегIаца а халонаш лайначара дуьйцу Сибрех шаьш лайнарг


Нохчийчоь -- Яхиханов Рустаман суртийн гайтаме хьажа баьхкинчара дагалоьцура шайн доьзалша Сибрех хьегна бала. Соьлж-ГIала, 20Чилл2015
Нохчийчоь -- Яхиханов Рустаман суртийн гайтаме хьажа баьхкинчара дагалоьцура шайн доьзалша Сибрех хьегна бала. Соьлж-ГIала, 20Чилл2015

Диъ шо хан йолуш бер хилла Теркйист кIоштера Хамзатханов Рамруд нохчийн къам дохочу 1944-чу шарахь. Цо ша ма-диццара да  Гитлеран Германица бечу тIамтIехь  а волуш, нана децIа яхана а йолуш дедеца Сибреха вахар нисделла Рамрудин. Итт шо долуш дIакхелхина деда а. Цул тIаьхьий бен ца карийна цунна нана а.

Амма цо ша даре дарца, дедеца цхьаьна оцу ГIум-Азехь даьккхина ялх шо тоьъна цунна хенал хьалха воккха а хила а, къизачу дахаран «къайленаш» йовза а, дикане са а туьйсуш, халонашна садетта а. Шатайпа дагадогIу цунна цIерпошт тIехь дIадигар а, цигахь ша а, кхечара а шаьш зуламхой лоручу, бухарчу нийсархошца бина толам боцу тIемаш а.

Рамруд: «Оцу шалонаш тIехь дIадигар дика дагадогIу суна,массо Iуьргахула шело,ло чу а хьоькхуш». Юкъа-юкъа,юькъа-юкъа» бохуш чкъургаша йина гIовгIа сан лерехь ю хIинца а. Цхьана а метте,юьртара-юьртара багIа йиш йоцуш бара бакхийнарш. Ишколе вогIий коменданто а стоьла тIе тапчанан мукъ а бетташ «зуламхой!» бохуш тхо чехийна дага а догIу суна».

Хамзатханов Рамруда чIагIдарца, цуьнан деда шозза гIоьртина къайлах гергара нах болчу дIаваха. Дуьххьала вада воьлча, ларамаза тIеIоттавелча некъахочо мотт тохар бахьнехь лаьцна схьавалийна уьшших комменданто.

Цу хенахь Рамруд кхета а ца кхеташ, хечина йоманаш а ехкина дедас, кIайчу тайца. Ша кхано тIаьхьа бен дуьхе ца кхиира боху Рамруда. Дедас леррина йохкуш хилла и йома-кисанаш, жоьлгашна ахча ду ца моттийта а, Iедалхой тило а. И ву дуьйцуш ша юххе а ваьккхина дедас уьдуш бинчу некъах а, тIаьхьо цIерпошт тIехь деда лаьцна дIавигарх а, тIамтIера да бахьнехь дIахецарх а.

Рамруд: «Цхьана буьйсанна дедас элира соьга, вайшиъ тховса хьалхе гIатта веза хьуна. Хечина йоманаш летаяр сов, кIадин тIоьрмигаш а дара хьалххе кечдина. Ларми чохь Iаш дара докъарна юкъа а доьлла, кораш а доцуш хиларна кхин дIоггара шийла а ца хилора цу чохь. Буса новкъа велира тхойшиъ. Уьдуш дукха некъ бира. Амма дуьхьал кхеттачу цхьамма а мотт а бина, гIудалкх хаьхкина тIаьхьавеъначу коменданто тхойшиъ юха дIавигира.

Цул тIаьхьа мел хан елира ца хаьа суна. Комендантан самонах воха а вина ведира тхойшиъ шолгIа а. ДIа а кхечира Семеново олучу станци. Дадас со цхьанаметта охьа а хаийна, кхузара дIа ма валалахь аьлла, цхьанхьа вахара. Дикка хьевелла хан а яьккхина схьавеира. ВогIуш волу иза суна гуш а вацара, суна гург цуьнан карара доккха кIайн бепиг дара. Шекар бIелиг а беънера,даьтта а дара.

Дерриге а дуьне а сайн хетар суна цу хенахь. ЦIерпошт тIе хиъначул тIаьхьа юха а дIавигира дада тIеман барзакъ дуьйхинчу шимма. Со цуо цхьана кхазакхан зудчух тешна витира. ГIайгIанехь Iаш со а волуш, деда вогIуш гича «дада!» - аьлла мохь белира соьга. - Дада, хьо схьаваийти цара? - хаьттира ас. -Ваийти, вайшинна орцах ваьлларг мила вара хаьий хьуна? - хаьттира цо.

-Хьан тIамтIехь волу да вара хьуна! - Иза схьа стенна ца веъна со волчу? –тIевирзира со а. - Йиш яцара цуьнан, сиха ма вара иза, - дIадерзийра дедас. Схьагарехь тхан дас тIамтIера кхехьийтинчу кехаташа гIо дина хир дара дар-кх цунна мукъавоккхуш».

Вайнах бохабар хьокъехь дийца боьллачу баккхийчеран къамелехь къеггина билгалдолу цхьа юкъара бакъдерг: цара, корта кеггош,кхин дIоггара ойланашка а ца буьйлуш, охьаялхайо шайн къомо лайна, хийла бу бохучу, дуьненахь шуьйра бевзачу, гоьбевллачу яздархошна гIенаха а гина йоцу къизаллех йоьттина эрчонаш, бохам-трагедеш.

XS
SM
MD
LG