ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сибрех баккхийчара санна къахьега дезна нохчийн берийн


Нохчийчоь -- Яхиханов Рустаман суртийн гайтам, Соьлж-ГIала, 20Чилл2015

Шайна гина а, дайша, дедайша а дийцина а, дохадарх а,цигахь 13  шарахь, дийна доллушехь къам жоьжагIатех чекхдаккхарх а дийца хIума доцуш хенара нохчо карор ву бохург бакъдолчунна гена ду.

Бен дац, хуьлда иза стаг я зуда, 35-40 шераш бен доцчу къоначара а хьуна дуьйцур ду, Сибрехахь шайн дайша лайначу лазамех,цаьргахь даллинчу Iазапех. Иштачех цхьаъ ву 1952-чу шарахь Казахстанехь вина Теркйист кIоштера,тахана ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь веха Абзотов Салавди.

Шен лерана хезнарг,велла дIаваллалц шен дагахь,кхетамехь диснарг ду цо далхориг. Лазарца велахь а хIинца а волчу,воккхачу вашас Адама дийцинарг карладаккхира Салавдис тхан къамелехь.

Абзотов: «Нохчашкахь къизалла яллийна,яллийна бохург дан а дац. Тхан нана децIа яхханчохь дIайигна Сибарех кхо бер карахь а долуш. Тхан да тIаме вуьгу аьлла вигна хилла къам дохош. Цул тIаьхьа нохчий тIамера цIехьалаьхкича Казахстанехь эхашарахь доьзал лоьхуш лелла иза тхан да. Дера лайна халонаш-м. Тхан вашас селхана стомара веъча дуьйцу-кх.

Кхо-диъ шо бен шен хан а йоцуш кхаш хиллачу меттигашкахула лелла иза нанна юххе а ваьлла,ло дIа а тоьттуш, копастан,буракъийн гIаш лоьхуш. Лайн бухара схьадеъна уьш чу а кхуьссуш чорпа еш хилла нанас. Цу чуьра, хи чуьра, Iайгаца ша копастана гIа лехна дагадогIу шена боху-кх тхан вашас…»

Бохийна нохчий махках бохуш 9-10 шо долуш жима йоI хилла Магамадова Iайшат.

«Тхайна и болх хиларх даккхий а деш,- тоьшалла до Iайшата,- ишта бен кхечу агIор и хуьлийла дацца а моьттуш,тхайгара дена-нанна жима а гIо хилча боккха кхаъ а хуьлуш,къа-м хьегна оха хаъал хилчахьана а».

Магамадова Iайшат ю бераллехь дуьйна ша хьегначух къих а, Сибрехахь ша лайначух, шена гинчух а дуьйцуш.

Магомадова: «Бала хьеггий-м хаьа сунна. Кибарчигаш ешший,гIий бешший со хьийзачу хенахь сан 13-14 шо дар-кх. Оццу хенахь хьелийозархо балха дIа а ийцир-кх со.

Мацалла а лаьттира, кхазакхашна йолах болх а беш. Дика дагадогIу сунна. Со ло дан йоьдуш яра,суна хьалха воьдуш 12-13 шо долуш кIант вара. Шен яа хIума ялийта кхазакхашна ло дан воьдуш хиллера а иза а.

ДIагулдина ло дара яккхий оьла –раьгIнаш. Хи дика дацара,вон чам болуш дара. Лайнах доккхура хи. Чуаьхкина яра и лайн раьгIнаш. Ло даккха гIерташ воллучу цу кIантана тIехаьрци-кх и сила долу ло. Цхьа ведар арахь диси,шолгIа ведар а и кIант а ша а къайладели. Денана набахтехь яра цуьнан,да-нана а доцуш байш дара уьш.

Ас и ведара детташ хала ло дIа а даьккхина схьаваьккхира иза. Со тIаккха церан цIа яхара цIерачаьрга ала. Девешин зуда яра моьтту с уна хIетахь уьш кхобург. Ас хилларг дийцича цо бохукх: Ваьккхинехь ма воккхийла ахь иза маьрша боху-кх» цу зудчо.

Со цу хена чIогIа цецьяьккхира цу зудчо. Вон зуда хиллера иза. Цу берийн денана цIа а еъна цуо кхебар-кх уьш. Кохьар хьовзаяйта ша йолчу и ши ваша веъча нанас охьаэгна ахьар а.цу а доуьйтуш хиллера цаьрга»…

Магамадова Iайшата къамелехь карладелира, Даймахке юхадерза къомана бакъо елча, юха а хала гулбина бахамаш (йийбар, хIусамаш, бежана хIума а, кхийолу Iар-дахаран коьчалла а йитина) Iедало кхин деш гIо а доцуш, дерриге а къацахетаршна а дуьсуш, цIадахка дезар.

Дохадар хьокъехь вайнехан баланех, гIайгIанех дуьзначу дийцаршка лан мел дийгIи а лайлахь хIинцца йитинчу лорх тера шера гуш хуьлу, кегийчу къамнашна тIехь, церан собар-доьналлин, къонахаллин, мах хадо Iалашо лаьцча санна Iазапе къизалла яллийна хилар а, цул тIаьхьа 73 шо даьллехь а къам къинтIера даккха,цунна хиллачу зе-зуламан хьакъболлу мах хадо Iедалехь берш саготта ца хилар а

XS
SM
MD
LG