Бехкзуламан гIуллакхехула ГIалгIайчуьрчу шина вахархочунна дехкина бехкаш тIечIагIдина. Уьш кхеле хIиттийнера, хьалххе тобанца барт а бина, стаг лачкъийна дIа а вигина, верна яздо SakhaPress гIирсо.
Талламан версица, машенчохь къайладаьккхина деши дохьуш богIучу ГIалгIайчуьра бахархошна хааделлера, шаьш бохьу ах мохь новкъахь байна хилар. Машенийн урхалладечарех шеконаш гIаьттинчу цара пхеа декъахочуьнца юкъахь пхеа дийнахь тIаьхь ницкъбина хиллера царна, боху талламхоша. Цхьахволчу машенлелорхочун дакъа карийна Усть-Нерерчу Индигирка хи чохь.
Хаам бо, Саха Республикан (Якути) Лакхарчу кхело хоттур долуш ду дов аьлла.
Маршо Радионо яздира, Дагестанерчу Хасу-Юьртан аптекан долахо Кардашов Алексей вен а вийна, цуьнан машен лачкъийначу Соьлж-ГIаларчу Омаров Сайд-Мохьмадна шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь даккха 9 шо хан тоьхна аьлла. 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь хилла ду зулам.
Омаров Iедална тIевеанера, Кардашов ша вийна аьлла, дIахаийта. Цо чIагIдора, дов а даьлла, летачу хенахь ша вийра иза, ткъа цуьнан дакъа хи чу кхоьсира ша бохуш. Кардашовн дакъа хIинца а каронза ду.