ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ямадаевн кIанта дIахьедина тутмакхийн бакъонаш хьешарх


2008-чу шарахь вийначу Пачхьалкхан думан экс-депутатан Ямадаев Русланан кIанта Ямадаев Сайд-Хьусейна видео дIаязйина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Ролик гучуяьлла "Тик-Токехь", стенгахь, маца яьккхина ю ролик, билгалдаьккхина дац цу тIехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Ульяновскан кIоштарчу ИК-2 колонин тергояр доьху Ямадаевс. "Тергамза тхо ца дитийта, хIунда аьлча, кхузахь тхан бакъонаш талхайо, тхо сийсаздо, тхуна эшамаш бо", - боху цо видео тIехь.

Ша Оьрсийчоьнан турпалхочун, Пачхьалкхан думан хиллачу депутатан воI хилар дагадоуьйту Ямадаев Сайд-Хьусайна. Видео тIехь цо гойту шен хедийна куьйгаш, чIагIдо, ша шена тIе куьйгаш дахьа гIоьртинера ша бохуш.

Ямадаев Сайд-Хьусайн лецира 2014-чу шарахь Москвахь, бизнесхочунна тIелатар динчул тIаьхьа. Колонехь даккха 11 шо тоьхнера цунна. 2016-чу шарахь зорбан гIирсашкахь яздора, СИЗО-хь Ямадаевс шен камера тойина телехьожийла а, интернете волийла а долуш.

Новоульяновскерчу ИК-2 колонехь мацалла кхайкхийначу тутмакхех видео яьржинчул тIаьхьа иккхина скандал Ульяновскан кIоштахь хIинца а ерзанза ю. Цхьана версица, мацалла кхайкхийра цхьахволчу тутмакхна йиттинчул тIаьхьа. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан Ульяновскан кIоштарчу ФСИН-н урхалло бакъ ца дира, тутмакхашна тIехь гIело латторах яьржина информаци, амма мацалла хьегар юха ца туьйхира.

Красноярскерчу номер 1 йолчу туберкулезан дарбан цIийнехь ницкъбеш яьхна керла видеош Iораяьхна бакъоларъяран Gulagu.net проекто. 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю бакъоларъярхойн карахь.

Видео яржийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Талламан комитето 12 бехкзуламан гIуллакх долийра, хьийзош, гIелоярна а, бакъонел совбийларна а. ТIаьхьо президента Путин Владимира даржах ваьккхира Оьрсийчоьнан ФСИН-н хьаькам Калашников Александр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG