ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзалан гергарнаш гуш-хезаш царах дIакъаьстина


Янгулбаев Сайди
Янгулбаев Сайди

Бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар схьаваьллачу Келойн тайпанан векалша неIалт а кхайкхош, шайн долара ваьккхина иза а, цуьнан доьзалера нах а. Доьзалан гергарчу нехан и дIахьедарш даржийна Iедалан ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан инстаграмерчу официалан агIонехь.

Шен цIе ца йоккхучу Янгулбаев Сайдин вешина хетарехь, дерриг тайп махкана хьалха а, нохчийн къоманна хьалха а юьхьIаьржа ду, "шайна неIалт хилла болу, и сийдоцу нах бахьанехь".

"Оха дIабоху, уьш тхан декъехь бац. ХIинццалц уьш тхан фамили лелош хиллехь а, оха бекхам бийр бу, тхо уьш хIаллакбаран Iалашонех юхадоьвлла дац. Тхо царна тIе кхачахь, оха герз тухур ду. Суна цкъа а ца моьттура оцу тайпа хIума сайна тIеIотталур ду. Иза [Сайди] тхан доьзалехь воккханиг вара, тхан ден метта дIахIотта везаш вара, амма цуьнан бехкаца ду тхо тахана хIокху хьолехь. Аса тахана дукха хIума дIалур дара хIара къамел ца дан", - боху Янгулбаевн вашас.

Иштта цо шена къинтIера довлар дехна республикан куьйгалхочуьнга а, нохчийн къоме а.

"Оха тIом бина хIара Iедал хIотторхьама. Цара Iедалан агIончаш хIаллакбан беза бахахь, тIаккха тхо а дан деза-кх хIаллак, хIунда аьлча, тхо [ницкъаллин структурашкахь болх беш] дара хIокху Iедалан декъехь", - тIечIагIдо Янгулбаевн вашас.

Сайд-Эмин ву ша аьллачу кхечу вашас дош делла, ша шен вешин кIантана, Нохчийчуьрчу Iедалхоша 1ADAT телеграм-каналан администратор ву бохучу Янгулбаев ИбрахIимна кхечарал хьалха тIекхачахь, ша шен куьйга и вуьйр ву, аьлла.

"Аса дерриг дийр ду, цунна массарал хьалха тIекхачархьама. Амма аша иза сол хьалха дахь, ас шуна хьанал до цуьнан цIий. Аса дIахедайо сайн цаьрца хилла юкъаметтигаш", - боху цо.

Нохчийчоьнан муфтий лаьттинчу, келойн тайпах волчу Габазаев ШахIид-Хьаьжас дIахьедина, дерриг тайп бехке ду ЯнгулбаевгIеран доьзало лелочунна, аьлла.

"Вайх цхьа а къинтIера вер вац и нах вайн Келойн тайпанах хиларна. Вай миччахь хилча а, мичча махкахь, муьлхха дуьненан маьIIехь хилча а, вай церан дола дан деза", - тIечIагIдо цо.

Доьзална неIалташ олуш вистхилира лаьцна латточу Мусаева Заремин ваша а.

  • Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Нохчийчуьрчу Iедалхошна хетарехь, и доьзал бу Кадыровн критика ечу анониман IADAT телеграм-канал лелориг. Митингехь дагадора, хьоьшура, этIадора ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ, иштта нисса дIа кхерамаш а туьйсура царна. Нохчийчоьнан Iедалхоша бахарехь, гулвелларг вара 400 эзар стаг. Ткъа боьзнабоцу тергамхойн хаамца, и нах ткъозза кIезга бара.
  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG