Бакъоларъярхочун, журналистан Эстемирова Натальян йоIа Эстемирова Ланас Нохчийчуьра а, Украинера а тIемаш дуьстина. ТерадогIурш дуьйцуш цо язйина колонка арахецна Британера The Guardian гIирсо. Шен текстехь Эстемировас билгалдаьккхина, дерриг дуьне теш долуш, хIинца лелош долу дерриг зуламаш Нохчийчуьра тIемашкахь а дара, хIинца юханехьа хуьлуш ду иза аьлла.
"Къепе йоцуш тохарш дар, талораш дар, зударий хьийзорах, Iазап латторах, нах байъарх тоьшаллаш, уггар а хьалха, и дерриг лелочу юкъанна церан самукъадалар, лазамца девзаш ду", - яздо Эстемировас.
Цунна хетарехь, "Украинехь Путин Владимира дан луучун гротескан миниатюра хилла" тахана Нохчийчоьнах, "режимца гергаралла долу куьйгаллийн къизалло къарбина, муьтIахь хиллалц хьийзийна нах бехаш йолу, тIера корта баьккхина, охьатаIийна меттиг".
Эстемировас дагадоуьйту, Мариуполера берийн цIенна бомбанаш тохале хьалха Соьлжа-ГIалара бераш тIеэцаран хIусамна а, шортта нах гулбеллачу базарна а динера тохарш, 1999-чу шарахь цигахь велира бIе сов стаг, ткъа Буча, Ирпень гIаланел хьалха СемаIашка яра, 1995-чу шеран Охан-беттан 7-хь оьрсийн эскарша цигахь "зачистка" йира, маьрша нах бойъуш, зударий хьийзош, хIусамех цIераш туьйсуш.
"И тептар кхин дIа дахдан йиш ю: Керла Алды, Котар-Юрт, Комсомольское – дагардан аьтто ца хиллал тIех сов хIаллакдарш, тIех сов дохийна нехан дахарш", - яздо Эстемировас.
Цо билгалдоккху, Оьрсийчохь кхиамца даржадора Нохчийчохь "оьрсашна геноцид" еш ю, "терроризмаца тIом бу" боху туьйранаш, "нохчий адамалла яйна къам санна а гайтина, маьршачу нахана дина зуламаш бакъдархьама".
"Цунах тера пропагандин тактика ю хIинца лелош, украинхой "неонацистех" тарбан гIерташ, йа "бандеровцех", - сацам бо Эстемировас.
- Эстемирова Наталья хIинца ликвидаци йинчу бакъоларъяран "Мемориалан" центран Соьлжа-ГIаларчу офисан белхахо яра. 2009-чу шеран Товбецан-баттахь Эстемирова лачкъийна йигира шен Соьлжа-ГIаларчу хIусамна уллора, тIаьхьо цуьнан даьндаргийн чевнаш йина дакъа ГIалгIайчохь схьакарийра. Бакъоларъярхоша тIечIагIдо, оцу гIуллакхна адеквате таллам бина ца хилар.