ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йийсаралла. Соьлжа-ГIала": Нохчийчу дIабигина украинхойн йийсархойх лаьцна хууш дерг


Соьлжа-ГIала, 2016 шо
Соьлжа-ГIала, 2016 шо

Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дале Запорожьера схьаваьлла Скотаренко Сергей дозанал арахьа болх беш вара, амма 2022-гӀа шо чекхдолуш Украине цIа а веана, эскархойн 53-чу чкъурган декъе хIоьттира. 2023-чу шеран зазадоккху-баттахь Скотаренко Донецкан кӀошта хьажийра, оханан-беттан 10-чохь цуьнан хӀусамнене Рашевская Иеге хаам бира, эскархо тӀемахь тIепаза вайна аьлла. ТӀаьхьо хиира цунна шен цIийнда йийсаре лаьцна, Нохчийчохь латтош хилар.

Украинхойн эскархойх мел стаг ву Нохчийчохь йийсарехь латтош? Мичахь, муьлхачу хьолехь латтош бу уьш? Маршо Радион Украинин проекто "Новости Приазовья" теллира, Нохчийчуьра йийсарера украинхойн эскархой цӀаберзош хилла халонаш.

Рашевская Ияс дийцира,шен цIийнда Скотаренко Сергей тӀепаза вайна лоруш вара. Иза дийна вуйла зудчунна хиина йийсарера цӀабаьхкинчу эскархошкара.

"2023-чу шарахь хийцина эскархой бара уьш. ДӀахецначун йийсархочун зудчо дийцира соьга, цуьнан цIийндена сан майра Нохчийчохь гина аьлла. Иштта хиира суна, сан цIийнда дийна а, йийсарехь а вуйла. Сан цIийнда тIапаз вайнера кхечу кӀантаца цхьаьна. И кIант цхьаммо а лоьхуш вацара, цуьнан цхьа а гергара стан ца хилар бахьана. 2023-чу шеран мангал-беттан 11-чохь рогӀера хийцар хилла, сан цIийнден тӀеман накъост Клюшников Вячеслав цӀавеъча, цо дийцира соьга, шаьш "ДНР" чохь йийсаре лаьцна, цул тӀаьхьа Нохчийчу дIадигира аьлла", - дийцира къамелхочо.

ЦIийнда йийсарехь волчу хенахь, цкъа бен цуьнца къамел дан аьтто ца баьлла цуьнан. Лаьцначу цкъа телефон тоьхна зудчунга 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь. Цуьнан могушалллехь йа йийсарехь долу хьолах, хууш хӀумма а дац, билгалдоккху Рашевская Ияс.

Скотаренко Сергей
Скотаренко Сергей

"Марсхьокху-баттахь сан цIийндас телефон туьйхира соьга, кхаа минотехь къамел дира оха, видеочухула. Цуьнан хьаж тӀехь дестар дара, иза йа "дика йа кхераме" ду ца хаьа суна. Цо соьга беран хьал хоттуш, дехар дира, шаьш цӀа кхачо гӀо дар доьхуш, тхан гIоьнне сатуьйса шаьш бохуш".

Цуьнан накъост паргIат воккхучу хенахь, уьш Нохчийн Республикехь, Соьлжа-ГIалахь бара. Подвал чохь латтийна уьш, "Мивину" (сиха кхехкаш йолу гарзанаш) а, промышленни хи а, бепиг а луш – ца валлал хIума ду, ма-дарра дийцича. "Сан цIийнда, чӀогӀа тиша, гIаьлвелла гуш вара", - дийцира цо.

ЦӀечу ЖӀаран дихкина ду Нохчийчу баха, аьлча а, уьш цигахь хилла бац

Йийсарехь волчу украинхойн эскархочун зудчо дийцира "Новости Приазовья" агенталле, гергарчара бинчу хаамца, бӀе сов тIеман тутмакх ву Нохчийчохь латтош.

"Цигахь чевнаш хилла кӀентий бу, хӀинца заьӀапт хилла. Ши шо ду, шайн бераш царна бIаьрга гоза, цхьаболчарна цкъа а ца гина. Сан цIийнда йийсарехь лаьцна волуш, цуьнан нана йелла. Дуккха а ду и тайпа хилларш – дуккха а нах дIабевла шайн гергарнаш цӀаберзаре сатуьйсуш. ЦӀечу ЖӀаран дихкина ду Нохчийчу баха, аьлча а, уьш цигахь хилла бац. Тхо зӀене девлира Координацин штабца, Любинецац (Украинин омбудсменца), СБУ-ца а - тхан аьтто болчарца. Тхуна гӀо дар доьхуш, тхан гергарнаш цӀа кхачош! Уьш а ма лаьттина хьалхарчу могӀаршкахь, карахь пулеметаш а йолуш, шайн мохк ларбеш царна а лаьа цIаберза. Ши шо – чӀогӀа йехха хан йу. "Йийсаро адам хIаллакдо", - билгалдоккху цо.

"Видео тӀехь тхуна тхан кӀант вевзира "

Мороз Сергей Украинхойн эскаран, "Эдельвейс" олу тобан эскархо вара. 2023-чу шеран зазадоккху баттахь, цуьнан гергарчаьрга хаам кхечийра, Донецкан кӀоштарчу Бахмут агӀор, тIемашках иза тӀепаза вайна аьлла. ТӀаьхьо царна хиира иза Нохчийчохь йийсарехь латтош хилар, дийцира "Новости Приазовя" агенталле эскархочун нанас Демянец Аллас.

"Тхуна видео йаийтинера "кадыровцаш" дIайазйина, цу тӀехь тхуна вевзира тхан кӀант. Ткъа цул тӀаьхьа, 2023-чу шеран мангал-баттахь, Сергей мичахь ву дийцира тхоьга, дӀахецначу йийсархоша. Координацин штабехь, персональни аккаунтехь, йуьхьанца йаздина дара "Йийсаре лаьцна", тӀаьхьо йаздина дара - "Йийсаре". – Соьлжа-ГIала, – дуьйцу зудчо.

Иза муьлхачу хьолехь ву хӀинца, ца хаьа цуьнан гергарчарна. Йийсаре лоцучу хенахь чевнаш йина хилла ву иза. ХIинцалц, цхьа а аьтто ца хилла сан, цуьнца зӀене йала, аьлла тӀетуьйхира Мороз Сергейан нанас.

"Иза Оьрсийчохь, цхьанхьа меттехь йийсарехь волуш, нохчаша иза дӀавигале а, цуьнан белша тӀехь урс тоьхна чов йара. Цуьнан накъосташа ца дуьйцу соьга, муха йара цуьнан чов, дерриг а дика ду бохуш. Карарчу хенахь суна ца хаьа, муьлхачу хьолехь ву иза, йа цуьнан куьйгана хIун хилла а. Сан жимаха волу кIант дIакхелхина, хIинца сан воккханиг мукъна а цIаверзо лаьара суна. Мича йаха йеза со, хӀун дан деза ас, ца хаьа суна. ГӀо доьху, кӀант паргӀатваккха а, иза цӀа кхачо а", - доьху Аллас, шен бӀаьрхиш сеца а ца луш.

"Дийна турс"

Нохчийн эскархоша Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу дакъошкара йийсаре лаьцна Украинан тӀемалой оьций, уьш Соьлж-ГӀала дӀабуьга, цул тӀаьхьа уьш шайн йийсаре лаьцна накъосташца хуьйцу, - цунах лаьцна хаам бора Украинхойн йийсархойн хьокъахь болх бечу координацин штабан векало Яценко Петра.

Нохчийчохь болу украинхойн тIеман тутмакхан терахь билггал хууш дацара хӀетахь. Йа тахана а, хууш дац и тайпа "йохка-эцар" дӀадоьдуш ду йа дац, и хIума мел даьржина ду а. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло а, Нохчийчоьнан куьйгалло а хӀоьттинчу хьолах комментари ца йо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанс тутмакхашах "адамийн турс" дина, пайдаэца дагахь ву ша, уьш стратегин мехалла йолу объектийн тховнаш тӀе хӀиттош, бохуш кхерамаш тийсира. И дIахьедар, стохка гIура-беттан 4-чохь дира цо, тӀом болабелчхьана Нохчийчоьнна шозлагӀа дронаш тӀелатар дича. Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан официалан рапортехь иза хьахийна дац, амма Кадыровс тIелатар а зенаш хилар тӀечӀагӀдира.

ТӀеман йийсархошца болха бечу координацин штабо "Новости Приазовья" агенталло динчу дехарна жоп делла, карарчу хенахь 150 сов Украинхойн эскархо Нохчийчохь йийсарехь, хила тарло аьлла. Царах 36 "Лоьхуш верг" статус йолуш ву, амма, уьш Соьлж-ГӀалахь хила мега аьлла, билгалонаш йу.

Бисинчух тутмакхашах хаамаш тӀечӀагӀбина тайп-тайпанчу хьостанашкара. Дуьненайукъарчу ЦӀечу ЖӀаран комитето тӀечӀагӀдеш дац украинахой Нохчийчохь йийсарехь латтош хилар. Иштта Координацин штабна хууш дац, "ЦIен ЖIаран" цу регионехь Украинхойн тӀеман йийсархошца цхьанакхетар хилла йа ца хилла.

"Дуккха хьолахь, Украинхойн эскархой йийсаре лоцу тIеман тайп-тайпана меттигашкахь, амма, тӀаьхьо уьш Нохчийчу дехьабаха аьтто бу. Меттигерчу Ӏедало уьш тӀеман объекташкахь "дийна турс" санна лела бо, иштта, уьш бахьана Кадыровн доьзалан тIера санкцеш дӀайахарна сатуьйса цара"- билгалдоккху Координацин штабехь.

ТӀеман йийсархой "дийна турс" санна лелор леррина дихкина ду 1929 шарахь Женеван конвенцино.

Цул совнаха, координацин штабо дийцарехь, Нохчийчоьнан Ӏедалша цхьа а официалан кховдамаш ца бахьийтина йийсархой хуьйцуш. Украино тутмакхах лаьцна йерриг а информаци дӀакхачайо МККК-на, амма ЦӀечу ЖӀаран аьтто бац Нохчийчоьнан территори тӀехь шен болх дӀабахьа.

Лаьцна латточу хьелашках лаьцна

Йийсарера мукъабаьхначу тутмакхаша динчу тоьшаллашца, Нохчийчохь лаьцна латторан система мелла а къаьсташ йу, Оьрсийчохь а, кхечу дIалаьцна территорешкахь системех, дийцира "Новости Приазовья" агенталле документалан фильман режиссеро, "Медиа-инициатива за человеческие права" (МИХР) журналисто Климик Марияс.

"Уьш Нохчийчу, Соьлж-ГӀала дӀакхаьчийча, Оьрсийчоьнан набахтешкахь лелош йолу стандартан “тӀеэцаран" процедура ци йира царна. Подвалашкахь латтийра уьш, цхьаболчу тутмакхашна хетарехь, полицин дакъошкахь.

Подвалаш чохь кораш дацара, дIадуьйша меттиг- дечкех йина, чохь Iаьржа йара, дуьйцу бакъонашларъйархочо. Дуьненайукъарчу адамийн бакъонашларъйаран центро къамел динчу тутмакхаша дийцарехь, уьш хьийза ца бора: "Нохчийн гӀаролхошца йукъаметтиг дика йара. Оьрсийчохь санна, дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан гимн дагахь Ӏамор, йа бехказло йоьхуш иллеш а, йа пропаганда йацара".

Йийсархой хьийза ца бора, амма, уьш латточу меттигашка оьрсийн гӀаролхой схьакхаьчча, хьал хийцалора, билгалдоккху журналисто.

"Хьал хийцалора, Оьрсийчоьнан векалехь - министраллера, йа тӀеман полицера цхьаъ вогIуш. Цхьадолчу хаттарна делла жоп, йа кхин долу цхьа хIума шайна ца тайча, цара йеттарш дӀадоладора. Массарна а ца йаттара. Цара цхьа кехаташ, цхьа билгал нах лоьхура", - дийцира Климика.

"Т1еман аренгахь йийсархойн хийцарш"

Тайп-тайпана дийцарш ду Оьрсийчоьнан "Ахмат" олучу нохчийн эскархоша йийсаре лацарх лаьцна, дуьйцу бакъонашларъйархочо. Дукха хьолахь, дуьцу цо, йийсаре лацар, къизаллица а хуьлура.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Иштта, тӀеман аренгахь украинхойн салти вуьйш а хилла. Цхьацца говзаллаш йолу эскархой бен йийсаре ца лоцуш - масала, талламхой. Амма йийсаре а лаьцна, цул тӀаьхьа Соьлжа-ГIала дехьабаьхначарна лоьрийн гӀо а дина, дарбан цIийне а кхачийна, буьзинчу барамехь лоьран таллам а беш", - хаам бира цо.

Кадыровна шен авторитет чӀагӀйар оьшу, ша хаддаза тӀаме кхойкхучу шен халкъана хьалха

Редакцин аьтто бац дӀакхачийначу цхьадолчу хиларшна официалан тоьшаллаш дало, йа тӀечӀагӀдан а. Цхьаболу Украинхойн йийсархой нохчашца хийцина официалехь а боцуш "полевой хийцаршкахь", аьлла тӀетуьйхира Климика.

"И тайпа хийцарш хуьлаш хилла къаьстина украинхойн а, нохчийн а агӀонашна йукъахь. Цхьацца меттигаш хилла, хийцарш дан дӀабигинарш Оьрсийчу дӀакхачош, оьрсийн агӀоно цигахь хийцарш дӀахьош хилла. Нохчаша, гӀаролхойн декхар кхочуш дора ишттачу меттехь – хан тӀекхаьчча, цара и тӀеман йийсархой Оьрсийчоьне дӀалора", - билгалдаьккхира цо.

"Кадыровн пурбанца бен йийсархой хуьйцаш бац"

Нохчийн бакъонашларъйархочо, адвокато Янгульбаев Абубакара "Новости Приазовья" агенталле дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна коьрта Iалашо хила мега, шен тӀемалой ма-хуьллу дуккха цӀаберзор. Цу бахьанца, цхьаболу Украинин йийсархой кхидӀа а латтош бу Нохчийчохь. Цул совнаха, Оьрсийчоьнан эскархошна йукъахь, украинхойн тутмакхаш мах белла оьцуш схемаш хила мегаш йу, билгалдаьккхира бакъонашларъйархочо.

"И схемаш йийцаре йеш йу 2022-чу шеран гурахь дуьйна, шинна а агӀор дуьххьара тутмакхаш гучубевллачу хенахь дуьйна. Нохчий Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн декъашхой белахь а, церан шайн интересаш йу. Коьртаниг ду, шайн эскархой алсам, хийцаран тептаршкахула цIа кхачо, хӀунда аьлча, Кадыровна шен авторитет чӀагӀйан оьшу, ша тӀаме кхойкхучу нахана хьалха. Цунах пиар-кампани ала мегар ду. Со цецвоккхуш дерг, муха кхаьчна и тутмакхаш, тӀеман министраллица цхьа а зIе йоцчу Кадыровн кера? И дерриг а, хила дезаш дара Оьрсийчоьнан а, Украинин а тӀеман министраллашна йукъахь", - билгалдоккху цо.

Нохчийчохь латтош болу Украинхойн тIеман тутмакхаш, Кадыровн пурбанца бен хуьйцар болуш бац, аьлла тӀетуьхира адвокато.

"Кадыровхеран лаам хила тарло, йийсархойн хийцаршкахь шайнаш алсам хилийта, амма церан таронаш къезиг йу, тутмакхаш дуккха бац цаьргахь. Ткъа хIинца Нохчийчохь болу йийсархой уггаре хьалха- пиаран лелош бу. Рамзанера пурбанца бен хуьйцар болуш бац”- дерзадо Янгулбаевс.

  • Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцеш шен доьзална тIера йохург украинхойн йийсархой ша хуьйцур бу аьлла хьехна Кадыров Рамзана. Оцу хаамо эргIад бахийтира ур-атталла тIеман блогерш а – "адамаш духкуш" ву аьлла бехкевира цара Нохчийчоьнан урхалхо. Цул тIаьхьа элира цо шен дIахьедар "троллинг" йара, делахь а, Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш дина политологаш тешна бу: йуьхьанца дуьйна а баккъал дара цо аьлларг, делахь, Оьрсийчоьнан элитина малхбузено дуьхьалйаьхна санкцеш билггал шайн болх беш йу.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира. Урхалло цунна тIедиллира жоьпалла кхел йоцуш нах байарна а, гIело хьегийтарна а, дуьнено тIеэцначу адамийн бакъонашца доьзна кхиндолу низам талхон хIуманаш лелорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG