ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЙоI йохка дийзира тхан": Афганистанехь хьоьгу мацалла


Кабулехь кхаллар дечу пурни хьалха гулбелла афганхой, ГIадужу-бетт,2021ш
Кабулехь кхаллар дечу пурни хьалха гулбелла афганхой, ГIадужу-бетт,2021ш

Миллионашкахь афганхоша мацалла хьоьгур ю, нагахь санна, катоьхна цхьа некъаш ца карадахь аьлла, дIахьедина Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Дуьненаюкъарчу Организацин кхачанан программо (ВПП). Яздо цунах лаьцна оьрсийн Свобода Радионо. ВПП-н зерашца, 22,8 мллион гергга стаг (уьш бу Афганистанан ах бахархой) хIинцале а къоьлла ловш ву сурсаташ ца тоьаш, ткъа царлахь 3,2 миллион – бераш ду.

BBC-н корреспонденташна карийна хилла Герате чувуллучохь беха цхьа боккха доьзал. Ше хIинцца дуьненчу яьлла йоI дIайоьхкинера цо, шайн биссина доьзал бузорхьама.

"Тхан чохь хьакхон дама а дац, йа даьтта а дац. И ца дича, кхин дан хIума дацара тхан", - дийцина дас.

BBC-но хаам барехь, 500 долларх йоьхкина ю йоI. Масех батте бовла таро ю церан оцу ахчанах. ЙоI когаяхча, дIалур йолуш ю иза эцначунна. Шен кIантана и йоI йига дош делла цо. Амма билггал и бакъ ду дац, хуийла дац.

Доьзалхо дIавохка декхаре хиллачех Афганистанехь и цхьа доьзал хилла ца Iа.

"Дуьненчохь а уггар а гIад дайна хьал ду пачхьалкхехь, - дIахьедина ВПП-н директоро Бизли Дэвида. – Катастрофе доьдуш ду гIуллакх".

Афганистанера арахьарчу мехкийн эскарш арадаьхначул тIаьхьа, Марсхьокху-баттахь радикалан исламистийн "Талибан" (Оьрсийчохь йихкина ю, террорхойн лаьрра) боламо Iедал шайн караийцира. Церан урхалла дар официалехь цхьана а дуьненчуьрчу пачхьалкхо къобалдина дац. Оцу хьоло баьхна Афганистанан бахархой, хьалха Европан мехкашкара а, Дуьненан банкера а, Къаьмнашна юкъарчу валютан фондера а кхочуш хиллачу гIоьнах.

Кхачанан а, молханийн а кризис хIоьттина Афганистанехь. ЦIеххьашха мехаш дистина кхачан-сурсатийн. Цул совнах, деа шерачохь хIинца шозлагIа йокъа а хIоьттина пачхьалкхехь.

ООН-н информацица, оцу бахьанашца афганхойн 5 процент бахархошна бен кхочуш яц денна кхачам боллу юург-мерг.

Гезгамашин-баттахь Женевехь хIоттийначу конференцехь дуьненан юкъаралло тIелецира, афганхошна гIоьнна 1 миллиард долларшкахь ахча хьажон. Оцу бараман кхозлагIа дакъа Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Дуьненаюкъарчу Организацин кхачанан программа кхочушъян дохуьйтур долуш ду. Амма ВПП-с хаам бо, оцу ахчанан цхьа дакъа бен шайга кхаьчна дац, ткъа иза хIордалахь догIана тIаддамал бен дац.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG