ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоьхначу хIусамах компенсаци яларан сертификатца харцо лелорах хаийтина Нохчийчуьра вахархочо


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело теллина, масех шарахь Iедалхошкара шен йохийначу хIусамах компенсаци яккха гIертачу Нохчийчуьра вахархочо Исмаилов Муслима чуелла иск. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле кхаччалц латкъамбинарг масийтта кхелан инстанцешкахула чекхваьлла бахаман сертификат даккха гIерташ.

Искехь болчу хаамца, 2008-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь мохк бегийча, 40 шарахь гергга иза ваьхначу ИсмаиловгIеран цIа кхин дIа чохь Iен йиш йоцуш ду аьлла лерира, цул тIаьхьа вовшахдаьккхинера и. Iедалхоша пачхьалкхан бахаман сертификаташ лучийн тептаре язвира Исмаилов. ХIетте а масийттазза хIара кIоштан администраци ваьлча а, пачхьалкхан бахаман сертификат цунна схьа ца делира, бахьанех кхета а ца веш.

Масех шо даьллачул тIаьхьа Гуьмса кIоштан администраци балха хIоьттинчу цуьнан вешина документаш карийра, бахаман сертификат цунна дIаделла хиларх, амма ахча схьа ца эцнера, тIаьхьо кехаташ юкъара даьхнера. Оцу юкъанна иск чуйеллачо дIахьедо, цхьа а сертификат ша схьаэцна дац бохуш, экспертизо гайтина куьйг яздинарг кхин стаг вуйла а.

Гуьмса гIалин кхело 2019-чу шеран лахьан-баттахь искан тIедахкарш кхочушдинера. Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело 2020-чу шеран гIадужу-баттахь и сацам юхабаьккхира, ткъа 2021-чу шеран мангал-баттахь ПхоьалгIачу кассацин кхело юха а талла дIахьажийра гIуллакх. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело билгалдаккхарца, Исмаиловна дуьхьало йира кассацин латкъам дехьабаккха, ткъа 2022-чу шеран заздокху-баттахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело сацfм юха листира.

Эххар а Пятигорскера кхело Лакхарчу суьдхойн сацам хийцаза битина – цо дуьхьало йина кассацин арз къобалдан.

2008-чу шеран гIадужу-беттан 11-чохь мохк бегийра 5,8 Рихтеран шкалаца, цуьнан эпицентр Нохчийчохь яра. Оцу бахьанашца велира 12 стаг, лазийра 116 стаг. Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкахь хIусамаш йохийнера – къаьсттина даккхий зенаш динера Куьрчалан кIоштахь а, Гуьмсехь а. Юкъ-юккъера гIишлош йохийнера Шелан, Гуьмсан кIошташкахь а, Устрада-ГIалахь а, Соьлжа-гIалахь а.

  • Нохчийчуьра лакхарчу кхело хIиттийначу компенсацех бехира федералаша вийначу Кукаев Асланбекан а, Дамаев Росланбекан а доьзалаш. 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхело сацамбира кхаа гергарчунна цхьацца миллион соьмашкахь компенсацеш яла церан сина бинчу Iаткъамна. 2000-чу шеран лахьан-баттахь федералан эскарша "зачисткаш" дIахьочу заманчохь Соьлжа-ГIалара базар йолччахь лачкъйинера 24 шераш долу Кукаев а, Дамаев а – уьш тIепаза байра. 2021-чу шеран охан-баттахь церан декъий схьакарийра Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн колледжан ларми чохь. Уьш лачкъорах бехктакхаман гIуллакх долийра прокуратуро.
  • Нохчийчохь адвокатийн палатин хилла президент Бетризов Iайнди кхеле велира, бакъо йоцуш шена бехкзуламан гIуллакхца тIаьхьабовларна – финансийн министраллина 3 миллион сом тIедожийнера цо, кхело охьабаьккхинера барам 150-зза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG