ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йоллу проблемаш Нохчийчохь яра". Къилбаседа Кавказехь Iазапаш лелорна дуьхьал ю тоба


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Мангал-беттан 10-чохь кхозлагIа "арахьара агент" лерира Оьрсийчоьнан юстицин министралло "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" (КПП). Дукха ца Iаш хиира, ша организаци а дIайохийнийла, делахь а, цуьнан юристаш саццанза болх беш бу керлачу цIарца – "Iазапашна дуьхьал ю Команда". Краснодаран кIоштара а, Къилбаседа Кавказан мехкашкара а бахархошкара кхаьчна шовзткъе итт гергга аьрзнаш дара Мангал-беттан юьххьехь бакъонашларъярхойн карахь. Царех цхьана декъан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш ду долийна.

Комитето Нохчийчохь болх болорах а, регионалан Талламан комитетийн урхаллашца юкъаметтигаш тийсарх а, иттаннашкахь дуьхьалонаш йинашшехь, полицехь гIело ярна таIзар дайта гIертарх а дийцира цуьнан векалша Кавказ.Реалиига.

ТIеман йилбазмохь а, Кадыров вар

Тхо Нохчийчу даьхкинчу хенахь, дерриг а кхечу тайпана дара: Комитетан балхана реза бара 2003-чу шарахь а, цул а масех тIаьхьарчу шерашкахь а бахархой а, Iедалхой а, дагалоьцу 20 шо хьалха хилларг КПП-н куйьгалхочун гIовса Хабибрахманов Олега.

"ТIеман йилбазмохь бара иза. Федералан структураша - чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ханна хIиттийначу дакъойн эскархоша а, полисхоша къизаллаш хьегийтинчу нахана тIехIуьттуш дара тхо. Йоллу Нохчийчоьнна, шайлахь куьйгалхой а цхьаьна болуш, хетара оха дика болх бо аьлла. Официалан нахаца цхьанакхетарш хуьлура тхан, пресс-конференцеш дIахьора оха "Грозный-информехь", цхьа а дуьхьало йоцуш муьлххачу а хьаькамна тIекхочийла дара. Дерриг а хийцадала доладелира Кадыров Рамзан Iедале кхаьчча, дIа а тарвелла, йоллу ницкъаллин блок шен куьйгакIел ерзийра цо". – кхин дIа дуьйцу спикеро.

Йоллу Нохчийчоьнна, шайлахь куьйгалхой а цхьаьна болуш, хетара оха дика болх бо аьлла

Оцу заманчохь Нохчийчохь юха дIадолийра кхел йоцуш нах байар. Ханна балха баьхкинчу федералаша ца леладо уьш, меттигерчу ницкъахоша леладо. Хабибрахмановс дуьйцу, хIетахь КПП яхначу хенахь хиллачу зуламашца доьзна гIуллакхаш луьстуш яра, цундела керла гIуллакхаш зуьйш бакъонашларъяран"Мемориал" центр а, цуьнан белхахо Эстемирова Наталья а яра бохуш. 2009-чу шарахь иза йийча, дуьненаюкъара резонанс хилира, иза йен кхайкхийначарна хIинца а кхел ца йина.

"Цуьнца цхьаьна дакъа кхолла декхаре хилира тхо – вовшахтоьхна мобилан группа, цу юкъахь бара кеп-кепарчу бакъоларъяран организацийн векалш, амма балхана тIехь Iуналла латтош яра "Iазапашна дуьхьалояран Комитет". ХIинцалера а доцуш, 2000-чу шерийн юьххьехь хилла мел а мехала долу гIуллакхаш листа дуьйладелира тхо. Оцу кепарчу талламашна тIехула Кадыровн Iедалца юкъаметтигаш эгIа юьйлаелира тхан", - кхетадо "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" векало.

Лечкъа а ца деш, ницкъ бан буьйлабелира тхуна: 2014-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу КПП-н офисах цIе тесира, Зазадокху-баттахь бевзаш боцчу наха "Соьлжа-ГIалахь дан хIума дац аш!" бохуш, маьхьарий а детташ, тIелатар дира журналисташ а, бакъонашларярхой а тIехь болчу вовшахтоьхначу мобилан тобанан автобусна, ткъа кIира даьллачул тIаьхьа Нохчийчохь хIоаш диттира, хIетахь Комитетан куьйгалхо хиллачу Каляпин Игорьна тIе. Хууш ма-хиллара, оцу зуламашкахула шеко йолу нах а ур-аттала ца карийра.

Каляпин Игорь, Соьлжа-ГIалахь тIелатар динчул тIаьхьа
Каляпин Игорь, Соьлжа-ГIалахь тIелатар динчул тIаьхьа

Офисах цIетасале маскех де хьалха конфликт нисъеллера Каляпинна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а юкъахь. ХIетахь бакъонашларъярхоша латкъам бира Кадыровна Талламан комитете а, Коьртачу прокуратуре а, терроризмана бехкебечийн доьзалш махкара арабохур бу ша, церан хIусамаш ягор ю аьлла, цо кхерамш тийсича. ТIаьхьо Кадыровс дIахьедира, "малхбузен къайлахчу сервисашкара Умаров Ахьмадан ("ДжамаIат Нохчийчоь" тобанан лидер. – Редакцин билгалдаккхар.) цIарах ахча" Соьлжа-ГIалана тIелеттачу гIаттамхошка дIакхачийнарг "Каляпин фамили йолу стаг" ву аьлла. "Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйийриг со ву", - элира хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"Тхо кхийтира, Нохчийчохь, еккъа цхьана Нохчийчохь, кхин дIа болх бойла доцийла, цундела тхайн болх Къилбаседа Кавказехула шорбира оха. Пачхьалкхан кхечу регионашкарчу Талламан комитетан векалшна тхо чIогIа дукхадеза аьлла ца хета суна, амма делахь а, кхин дIоггара проблемаш хилла яц цхьанхьа а. Йоллу проблемаш цхьана Нохчийчохь хуьлура", - билгалдоккху Хабибрахмановс.

Йоллу проблемаш цхьана Нохчийчохь хуьлура

Бакъоларъяран болх республикехь тахана бойла дац, аьлла хета къамелдечунна. Нагахь санна дуьйцурш кега-мерса зуламаш делахь, масала машен ядор, йа наркотикаш йохкар, уьш гучудаха тарло. Нагахь санна, зен хиллачо бакъоларъяран органийн белхахоша йиттина алахь – бехкзуламан гIуллакх доьллур ду ала шанс лахара ю. Бехкечарна таIзар до бохург а дац иза.

"Пачхьалкхан массо а кхечу регионашкахь Талламан комитетан дакъа мел а буьрса хуьлу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехьчул а. Махкахь МВД-н а, Росгвардин а структурийн – Кадыров Ахьмадан цIарах полкан ППС а, "Ахмат" спецназан тобанан а карахь ду Iаткъам бар – кадыровхой олурш бу уьш. Талламан комитетан цхьа а талламхо, прокуратурин белхахо, йа кхелахо девне вер вац Нохчийчохь цаьрца, хIунда аьлча, дахарна кхераме хIума ду иза. Кхечу регионашкахь Талламан комитето цхьатерра болх бо ала тарло, Нохчийчоь – ша цхьаъ бен йоцу меттиг ю, дерриг а когашкара коьрте кхаччалц тIекIелтоьхна", - дерзийра къамел КПП-н куьйгалхочун гIоьнчас.

Куьйган рожехь гIуллакх долор

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Краснодар-махкара филиал даим болх беш ю 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна. Оцу заманчохь бакъоларъярхошка кхаьчна ницкъахоша, доккхачу декъанна полисхоша, Iазапаш хьегийтарх бIе сов арз. Стохка ГIуран-баттахь Комитето зорбане даьккхира шаьш бинчу белхан дуьххьарлера регионалан рапорт – "Iазапийн арифметика: Краснодар-мохк" аьлла.

Практика зийначу юристашна каьстира: Оьрсийчоьнан Краснодаран кIоштахула йолчу Талламан комитетан урхаллин белхахоша 90% меттигашкахь дуьхьало еш хилар полисхошна дуьхьал гIуллакхш даха. Юккъерчу барамехь аьлча, бакъонашларъярхойн деза оцу хIора гIуллакхна тIехула ворхIазза дуьхьалояр къовса. Шина меттигехь бен оцу сохьта бехктакхаман гIуллакхаш диллина дац: заьIапхочун Манченко Евгенийн гIуллакхехула а - бакъоларъяран органийн белхахоша йиттинера цунна къиза, шен цIийнан керта тIехула волчу хенахь, - Гелиев Иванан гIуллакхехула а, лаьцначул тIаьхьа кхелхинера иза.

ГIело латтийначу дукхахболчеран хьокъехь административан протоколаш хIиттадо, полицин декъехь уьш хилла хиларна "легализаци" еш. ХIора кхозлагIчу меттигехь лаьцначунна йетта, ша шена бехкаш тIелаца бохуш, билгалдоккху бакъонашларъярхоша.

Дукха хьолахь Краснодар-махкарчу ницкъахоша каравеанчунна куйгашца йетта. ШолгIачу меттигехь ду- ток йеттийтар. Цул тIаьхьа – куьйгех гIоьмаш тухий, когашца йеттар. Иштта дIахьедора лоьмех тосий, цIийдина хи тIедиттар. Кубанера уггар а "Iазапечу" полицин дакъойн цIераш яьхнера – Гулькевичан кIоштара а, Анапера а ОМВД.

Краснодаран кIоштахь пхеа шарахь болхбар дагалоьцучу Комитетан филиалан куьйгалхочо Романов Сергейс дуьйцу, шаьш гучудовлар кIоштарчу Талламан комитетан куьйгалло юьхьанца шеконашца тIеэцарх.

"Iазапех долчу гIуллакхашкахула кхиамаш хир боцийла схьахаийтира тхоьга. И хийца аьтто белира, Бастрыкинан гIовсана Карнаухов Борисна со тIекхаьчначул тIаьхьа. ХIетахь цо дIахьедира: "Аш бохург тIачIагIдахь, гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, ца чIагIдахь – суна тIе кхин вогIур вац хьо". ХIетахь со цецвелира, цо оццул сецна жоп даларна, амма цхьа бутт баьлча дара моьтту суна, кIоштарчу урхаллин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечо со шена тIекхайкхира, Анапехь Iазапаш хьегийтарх бехктакхаман гIуллах схьадиллина аьлла", - дуьйцу Романовс.

Коьртера хийцамаш ца хилира, хIора гIуллакхна тIехула таIзар дайта къовса дезара куьйган рожехь. Къамелдечо боху, цхьа могIа кейсийн хьокъехь церан "дукха бIостане позицеш" хуьлура: "Цхьаццанхьа талламхошна ца го зулам дина меттиг. Масала, Ластин Евгенийн гIуллакхехь санна, полисхоша цунна йетташ дIаязйина видео йоллушехь. Дуккхачу гIуллакхашкахула талламаш бар шерашкахь дахло, иттаннашкахь сов низамехь доцуш, дуьхьалонаш йо".

Къиза ницкъбинчу, тIехьа гIаж а юллуш, противогаз коьртах йоьллина, садаIар дIакъуьйлуш Iазапаш хьегийтинчу Анаперчу бахархойн Пономарчук Артеман а, Арустамян Араман а, Каренан а, Енгоянов Эрикан а хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха реза ца хилира деа шерачохь 11-зза. Анаперчу кхечу бахархойн – Ачкасов Григорийн а, Бегларян Артеман а гIуллакхехула (карарчу хенахь бакъонашларъярхойн гIоьнна дуьхьало йина цара. -Редакцин билгалдаккхар.) бекх дуьхьал баккха 14-зза дуьхьало йира, Скиданов Евгенийн хьокъехь – 12-зза, Гулькевичан кIоштан вахархочун Данилов Артеман (кулер чуьра къехкийна хи тIедиттинера цунна, бехке ву алий, тIеван куьйгъязде бохуш.- Редакцин билгалдаккхар.) -13-зза."ФСБ-но болх бо" бохуш, мохь бетташ, лачкъийна вигначу краснодархочунна Гамбарян Арамана ялх сахьтехь йетташ, меттигерчу бизнесхочунна дуьхьал мукIарло де бохуш, тIехь гIело латтийнера. Цуьнан гIуллакх 14-зза сацийра толлучуьра, шозза бакъо йоцуш юкъахдаьккхира.

Бастрыкин Александр Ивановичех бен ца кхоьручух тера ду талламхой

"Талламан урхаллин куьйгалла тхо цхьанакхетча дика хуьлу тхоьца, тIаьххьара тхан хиллачу вовшахкхетарехь болх барна баркалла а элира тхуна. Амма цо цхьана а агIор Iаткъам ца бо гIуллакхаш таллийта а, бехкечарна таIзар дайта а. Бастрыкин Александр Ивановичех бен ца кхоьручух тера ду талламхой. Бух болчу тхан аьрзнашкахула ледара талламхой цхьа наггахь низам талхорца жоьпалле бен ца ийзабо. Масала, премех боху уьш", - кхин дIа дуьйцу Романов Сергейс.

Цуьнан дешнашца, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" "иноагентийн" реестре яьккхинчул тIаьхьа, цхьаболчу талламхоша телафонаш йеттара, аьтто хуьлда шун бохуш, олура юристаша коьрта мисси ю кхочушйийриг.

Кубанерчу КПП-н филиалан масех чекхдаккханза гIуллакх ду. Масала, дукха хан йоццуш кхеле дIахьажийра Приморскан-Ахтарскан кIоштан полицин декъан хьаькаман хиллачу куьйгалхочун Волков Евгенийн гIуллакх- иза бехкево Калининская станицерчу бахархошна йеттарна. Охан-баттахь бехктакхаман гIуллакх даьстира Тимашевскан кIоштарчу МВД-н декъан белхахойн хьокъехь, цара къиза йиттинера Лихман Андрейна, пляжехь садоIуш болу нах лоьцучу хенахь, шен телефона тIе дIаяздарна.

"Иштачу йа кхечу форматехь оха болх кхин дIа а бийр болуш бу аьлла хета суна. Краснодар-махкарчу кхелашкахь оха гIуллакх дIалелочу, тхоьгара орца доьхучарна хIуммаъ а хийцалур дац, - дерзийра къамел спикеро.

Дехкарша массарна а вон дийр ду

Шен балха тIехь атта гайтамаш хилийтархьама юстицин министраллина цхьа лахьта карийна: бен-башха доцчу нехан цIерашца, юридикан нахаца а, гIирсийн цIерашца а хьаладузуш ду "арахьарчу агентийн" тептар, билгалдоккху Оьрсийчуьрчу Amnesty International юкъараллин директоро Звягина Натальяс. Цуьнан дешнашца, министраллехь шайн дакъойн, аналитикийн, говзанчийн болх иштта "кхиаме" гойту, цхьана декъехь МВД-ца цхьана болхбар а гойтуш.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" гуш, къегина, социалехь къобалъен мисси ю, "иноагент" лейблах охьасеттар яц иза

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" гуш, къегина, социалехь къобалъен мисси ю, "иноагент" лейблах охьасеттар яц иза. "Адам а, низам а" аьллачу кепехь хIара НКО куьйган ГОНГО-ца (GONGO – "пачхьалкхо кхоьллина пачхьалкхан йоцу организацеш, аьлча а, Iедалхойн лаамца, церан интересаш кхочушъян кхоьллина НКО. -Редакцин билгалдаккхар.) аратасарх гIуллакх ца хилла. Маркировка яран Iалашо – юкъараллийн ницкъаллин хьукматашца хилла контакт дIахадор ю", - тешна ю Звягина.

Наггахь мукъна а, юристашца Iазапаш хьегарх а, бакъонел совбийларх а шайн гулделла хеттарш къамелехь листарх хедачу хьукматашна а зен до оцу позицино. Атто а, гIоле а цхьанна а хир яц цунах, боху Оьрсийчуьрчу Amnesty International организацин директоро.

"Вайна дагайогIуш ма-хиллара йолу бахархойн пейзаш хIаллакъяр го суна: евзачу, стабиле йолчу, тешамечу бакъоларъяран НКО-ца, маьршачу медиаца а жигархошца а, тайп-тайпанчу интернетца а, - Оьрсийчохь китаизацин процесс йолуш санна", - дерзийра къамел эксперто.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитет" дIайохор а, "Iазапашна дуьхьал Команда" кхоллар а цхьаьнадеара Краснодар-махкарчу полисхочунна хьалхара таIзар дарца. Шайн ма-хуьллу цунна тIаьхьабевллера бакъоларъярхой: заьIапхочунна Манченко Евгенийна йиттинчу ницкъахошна кхоъ а, диъ а шераш тоьхна арахь такха. Йиттинчун нанас йехнера царна арахь яккха хан, "церан бераш тIехь да воцущ кхиийта" цалиъначу.

"Iазапашна дуьхьал кхин дIа а къийсам латто сацам бина оха, хIунда аьлча. тхуна ца лаьа шуна, тхуна, вайн гергарчарна, бевза-безачарна, вайн лулахошна, цабевзачарна а тIехь Iазапаш а, къизаллаш а лело", - дIахьедира организацин куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

  • Мангал-беттан 14-чохь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци елира, "арахьара агенташ леринчу" Оьрсийчуьрчу НКО-на. "Экозащита и другие против РФ" аьллачу цхьана гIуллакхе верзийначу 73 стеган латкъамашкахула бинера оцу кепара сацам ЕСПЧ-кхело. Царлахь яра "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" – хьалхалерачу кейсашкахула юстицин министраллин тептаре яккхарна. ХIора НКО-на 10 эзар евро дIадалар тIедожийра ЕСПЧ-но. Иштта Комитетана 13 эзар евро а делира, гIуданаш токхуш царна хилла зен меттахIоттош.
  • "Арахьарчу агентех" низам тIеийцира Оьрсийчохь 2021-чу шарахь. Цо бакъо ло Iедалхошна муьлхха а коммерцица йоьзна йоцу, дозанал архьара ахча кхочу, Iедална гергахь, политикан болх бен организаци "иноагент" лара. Карарчу хенахь юстицин министралло лелош "иноагентийн" йиъ реестр ю: НКО-"иноагентийн" тептар, СМИ- "иноагентийн", регистраци йина йоцчу организацеш - "иноагенташ", "арахьарчу агентан" мисси кхочушъен журналисташ а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG