ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Дахарх кхехкаш стаг вара поэт Юсупов ИбрахIим”


Юсупов ИбрахIим.
Юсупов ИбрахIим.


Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.
Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.

Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа, хьайниг цаьрца яц – хьо йиси цхьалха.
Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
"ХIай Нана, со вай и-м хьан вайна кIант!".

И дешнаш 1977-чу шарахь яздина волу поэт тахана вевзаш цхьа нохчийн къома литература езархойн готта го бен бац. Юсупов ИбрахIим, вина 1958-чу шарахь, кхелхина 1982-чу шарахь. 23 шарахь ваьхна. Цу шен доцачу дахарехь инзаре йоккха а, шуьйра а поэзин тIаьхье йитина цо.

Цуьнан оьрсийн а, нохчийн маттахь йолу байташ йоьшуш хетало, и кIант ма сихвелла хилла-кх язъян, ма шовкъе, ма ца кхиарна кхоьруш санна деш хилла цо шен йозанаш.

Ткъа хIетте а ма тамашийна вастех а, суьртех а юьзна ю цуьнан поэзи, аьлла. КIорни дайначу аьрзу-ненах елахь а, нохчийн аренех елахь а безачийн вовшашна саIийжарх а, церан дагахьбаламех елахь а.
Йогу гIанийн можа алу,
ТIе "хIуп" бохуш дерзано.
Вайга ваьснийн муьста талу
Марзоне ца дерзало.

Догу шийла туьтеш тхинан
Мажъеллачу бацалахь.
Ма къа ду вайн уьйран синан
Вай хердалар ла ца лахь.

Вайн къастаро тесна Iеха
Цкъа а ца леш хир бу-те?
ХIара гуьйре – некъ бу беха
Суна тIера хьуна тIе…

Юсупов ИбрахIиман поэзин лараш лоьхуш уггаре а дукха цунах лаьцна яздинчех цхьаъ вевзаш волу нохчийн яздархо Ахмадов Муса карийра суна. Цо масех эссе язйина дукъа къона волу кхелхинчу поэтах лаьцна.

Царна юкъахь "Нохчийн поэзин тамашийна стихаш" цIен йолчу эссехь яздархочо анализ йо Юсуповн аьрзун-ненах йолчу байтана: "Оцу стихан духхьарлерчу могIанашкахь а хаало къайленаш, хаттарш. Iажаркх-буц хIунда къастийна поэто, масала, липпар, латталуьттург я Iаждарбуц ца къастош, цу тIе суьйренан тхишлахь массо буц ма тIунло?.. "Iажаркхо" ойланийн цинцаш (ассоциацеш) кхуллу: Iажаркх - Iа - Iаьржа -Iожалла".

Ахмадов Мусас шен къамелехь дийцира Юсупов ваха сихвелла гора шена, шен дахар доца хир дуйла хууш санна, бохуш: "ИбрахIим "Пхьармате" веара шен байташ йохьуш. Цхьа чIогIа дахарх юьзна, дахаре болчу безамца, дахарах цецваларца язйина яра цуьнан байташ. Суна къаьстина тайнарг дара, цхьа шийла маьIнаш а доцуш, синхаамашца, тайп-тайпанчу басаршца, тайп-тайпанчу васташца язйина яра цуьнан стихаш. Дахарх Iаба гIерташ хетара суна иза, доггах стихаш язъеш поэт вара ИбрахIим. Дала цунна гечдойла!"

Юсупов ИбрахIима нохчийн меттан литературехь йитина лар йоккха ю. Цуьнан нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йолу байташ масийтта гуларехь арахеццал ю, 2иза дукха ца ваьхнехь а. Цул сов, вуно дукха оьрсийн поэтийн байташ нохчийн матте яьхна а хилла цо. Есенин Сергейн поэзера цхьа масал:

Марша Iойла, доттагI, марша Iойла.
Гуттаренна хьо-м сан дагчохь ву.
ДоьгIна хилла къастар луьйсу ойла
Вай кхин цкъа а гарна муьтIахь ю.

Марша Iойла, дош-куьг доцуш делла,
ЦIоцкъамаш а хебош, ма е вас.
Кху дуьненчохь кхалхар дац-кха керла,
Амма дахар цул кхин керла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG