ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йозанаш девлла лела даима а". Къилбаседа Кавказехь Iаьрбийн графика йолчу заманахь…


Iаьрбийн графкица нохчийн маттахь дина йоза

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн меттанашкахь Iаьрбийн графика лелачу заманахь динчу йозанаша, хIиттийначу документаша хIун дуьйцу, муьлха къайленаш кхобу вайна юьстах? "Кавказан хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека оцу хьокъехь къамел дира историкца Шихалиев Шемалца.

Хьомсара Шамал, вай Iаьрбийн маттахь я цуьнан графика тIехь Кавказан къаьмнийн меттанаш лелачу хенахь дина йозанаш, оцу муьрах дисина документаш хьахош дагалоцу нехан долара а, жамаIатийн а архиваш. Уьш мел мехала ду вайна? Архиваш толлу стаг муха ларавала веза Iаьрбийн маттахь яздинчу документашца?

– Юхьанца ас, Iаьрбийн маттахь йолчу Дагестанан архивех дерг олуш, билгалдоккхур ду оцу документех 90% нехан долахь хилар, маьждигийн, хьуьжарийн Iуналлехь хилар. Вуно дукха ду куьйга дина йозанаш, хьалхалерчу графикехь арахецна книгаш, теллина бац и бахам тахана а. Халаниг ду оцу документех цхьа дакъа бен уьш девзачийн долахь цахилар. Оцу коллекцешна тIекхочу талламча дукха хьолехь церан мотт ца хууш вуьсу, бодашка кхоьссича санна.

– Iаьрбийн маттахь долчу Къилбаседа Кавказерчу документех, йозанехь уггаре шираниг муьлхачу хенара ду?

Вачагаев Майрбек
Вачагаев Майрбек

– Вай дуьйцурш Къилбаседа-Малхбалерчу Кавказера йозанаш ду, уьш 11-чу бIешарера схьа ду. Царалахь ду суфийн терминашна тIехь хIоттийна йоза, амма дац иза Дагестанан дахар юьстахдуьтуш яздина, Дербентан хIетахьлерчу дахаран кхетамех лаьцна дуьйцу авторо. ГIала санна юьйцуш а яц цигахь Дербент, мохк санна юьйцу, сельджукийн зама ю иза. Цигахь муьлха Iилманчаш беха, баьхна, цара хIун лелийна, муьлхачу Iилманийн гонах бу уьш, цара муьлха книгаш йоьшу дуьйцу.

Аьлча а, вайн шеко яц Дагестанера йозанаш 11-чу бIешарера хиларх. И йозан документ доцург, дуккха а бу Iаьрбийн маттахь бина белхаш, схьаоьцур вай "Ширванан а, Дербентан а истори", "Дербент-наме", иштта дIа кхин а. Оцу массо а хьасташа Дагестан йовзуьйту Iаьрбийн чубаьржинчу 7-чу бIешарера 14-чу бIешаре кхаччалц. Амма Оьрсийчуьрчу талламчаша шеконе дуьллу (Iилманчашлахь хуьлуш ма-хиллара) цхьадолу йозанаш шира ду бохург, царна хетарехь, 17-чу бIешарал хьалха яздина дац уьш.

– Дукха-кIезиг, мел ду Дагестанехь а, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а шира документаш?

Шихалиев Шемал
Шихалиев Шемал

– Хаттар: стенгара йолалуш ю, кхачалуш ю Дагестан? Вайн административан дозанаш хьехадахь, тоьа карти тIе хьаьжча, хIаъ. Амма вай ярташ, юкъара экономика, юкъара синбахамаллин центр кхоллаялар хьахийча, кеп-кепара ю Дагестанан доза къасторан кепаш. Пачхьалкхан дакъа санна а доцуш, культуран маьIнехь аьлча, йолало иза Азербайджанан къилбаседанера схьа. Кхочу Терка тIе, малхбалехь – ГIалгIайчу. Иза синбахамаллин а, цхьана маьIнехь экономикан а битамашка диллича, цхьа территори ю, оцу хьесапехь яьхна бIешерашкахь, оцу территори тIехула дIасадаьржаш хилла билгал долу цхьа йозанаш.

Культуран маьIнехь аьлча, хилла дац доза регионашна юкъахь. Теркал къилбаседанехьа кхин ламасташ го вайна. Иза Дашо орда лаьттина хиларан, билгало ю, тIаьхьо – Идал-Уралан ламасташ. Куьйга динчу йозанех а, дешаран кепех а, меттигерчу кхоллараллин репертуарах дерг ду иза. Малхбузенехь дикка хаало ГIирмин ламасташ. Цундела ас доькъур дацара документаш, Дагестанан, ГIалгIайчоьнан я Нохчийчоьнан аьлла, массанхьа а ШафиIийн мазхьаб лелла, массанхьа а цхьа ламасташ хилла дешаран, цхьа Iаманташ лелла, цхьа документаш хилла юха-юха куьйга яздийраш.

Ткъа вай таханлерчу административан дозанашкахула чекххьаьвсича, кхеташ ду, дукхахдолу документаш дисина Дагестанехь. Iилманца, дешарца, исламан гIуллакхашца, хууш ма-хиллара, Къилбаседа Кавказе бусалба дин чудеъна меттиг Дагестан ю. ШолгIаниг – иза а мехала ду хаа – нохчашна, гIалгIашна, кхечу къаьмнашна депортаци йича дукха документаш дайна церан мехкашкара.

Куьйган йозанаш цкъа а ца хилла нохчочун, гIалгIачун я дагестанхочун доладирзина. Йоза цхьаьнхьа БагIдадехь яздина хила тарло, иза цхьана хьаьжо Дагестане кхачийна хила мега, цо дIасаделла, доьхкина я совгIатдина, даьржина хила тарло. Аьлча а, йозанаш девлла лела даима а. Суна уьш Парижехь а карийна. "Дагестан" боху термин вайн дуьйцучу маьIнехь таханлера георграфин зона яц, синхаамаллерчу юкъараллийн территори ю, юкъалоцу цо вай юьйцу йоккха регион.

– Кавказан тIеман заманарчу йозанаша кIаргбойла, хуьцийла дуй вайн оцу хенан хиламех болу кхетам?

Куьйгайоза
Куьйгайоза

Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Iилма цхьадолчу маьIнехь гураша льцна дисина

– Кавказан тIамца доьзначу документех вуно дукха ду довзанза лаьтташ. Цара вайна хIун гойтур ду? Дагестанехь еххачу хенахь кхетам баьхна, регионе суфизм кхаьчча, иза Кавказан тIеман заманахь тIеман-политикан тIегIане Ярагский Мохьмада (Кавказехь мурдийн болам баржийна а, Дагестанехь, Нохчийчохь имамаш Iамийна волу Iеламча – редакцин билгалдаккхар) баьккхина, бохуш. И тезис тIетевжа Кавказерчу Оьрсийчоьнан империн администрацин хьаькамаша дитинчу рапорташна, официалан документашна. Амма вай Iаьрбийн маттахь яздина документаш дешча, ца го вайна Кавказан тIеман идеологи ю мурдийн болам ала бух. Хилла суфизм, цо конфликтехь шен дакъа а лаьцна, делахь а Дуьхьалонан идеологи ца хилла иза, цо социалан а, нах вовшахтохаран а некъаш латтош хилла.

–Дагестанера динан Iилманчаш кхечу республикашкарчу шайн коллегашца цхьаьна и документаш талла ойла йолуш бан а буй, Шемал?

Iаьрбийн йозанца хIоттийна документ
Iаьрбийн йозанца хIоттийна документ

Идеологин дехкарш дац. Низамо къайленехь латтош долу документаш доцурш

– Халахеташ делахь а, и тайпа контакташ яц вайн институташна юкъахь. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Iилма цхьадолчу маьIнехь гураша льцна дисина. Яц зIе Дагестанан, Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан я ГIебарта-Балкхаройчоьнан археологашна юкъахь. ГIеххьа хан хьалха Балкаройчоьнан лаьмнашкахула бахархошкара шира йозанаш толлуш лийлира Москвара Iилманча Бобровников Владимир, цо арахийцира цхьа жима каталог йойвзуьйтуш материал. Аьлча а, йозанаш долуш ду, амма Iилманчийн юкъарлонаш хедда, лулахошна я хьашт дац я ахча ца тоьу и болх бан, экспедицеш дIасахьийсо.

– Советан заманахь политикан бахьанашца кест-кеста, зорбане ца кхочуьйтуш, дIалакъадора цхьадолу документаш, хIинца юй и проблема?

Дербент
Дербент

– Оцу тIехь хьал гIолехьа ду. И тайпа идеологин дехкарш дац. Низамо къайленехь латтош долу документаш доцурш. Царна тIекхача шатайпа бакъо еза. Депортацица, репрессешца йоьзна материалаш ю уьш доккхачу декъанна.

– Ахь болх беш муьлха документ нисделла хьуна уггаре а мехала хеташ?

– Цхьаъ ду царех Гражданан тIамера Каява Iелин дагалецамаш (гIазгIумкийн Iилманча, философ - редакцин билгалдаккхар). Оцу документо дуккха а хеттаршна жоьпаш ло Дагестанан оцу хенан исторех лаьцна. И дагалецамаш Iаьрбийн маттахь бу, хIинца а бац зорбане баьхна. Цо гойту, мел дукха хилла Дагестанехь дуьхь-дуьхьаллаьтта ницкъаш. Цо бахарехь, Советан Iедал социалисташа хIоттийнехь а, Дагестанехь авторитетехь бисина хилла Iеламнах - Гоцинский Наджмудди, Салтинский Узун-Хьаьжа, Акушинский Iела-Хьаьжа. Дагестанхой кIезиг тешара Имперехь школаш яьхначу нахах. Вуно мехала болх бу иза. Цунна тIехь къахьоьгуш ву со а, сан цхьа коллега а.

****

Нехан карахь дисинчу Iаьрбийн маттерчу документаша, куьйга динчу йозанаша хаа таро ло регионерчу ламанхошкахь хIун ойланаш, кхетам лелла. Къилбаседа Кавказан истори толлучарна вуно пайде хаарш ло цара. Вайна цкъачунна девзина докуметаш дац дукха, довзанза бухадисинчаьрга хьаьжча, истори езачу наханна чIогIа оьшу уьш довзар.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG