ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йозуш цахила бух бу Ичкерин". Украинхойн инарла лаьттинчо – кадыровхойх а, Нохчийчоьнан кханенах а


Украинан ТIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхочун гIовс хилла волу Романенко Игорь. 2018-чу шеран гезгмашин-беттан 17-хь
Украинан ТIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхочун гIовс хилла волу Романенко Игорь. 2018-чу шеран гезгмашин-беттан 17-хь

Оьрсийчоь буьззинчу барамехь Украине чугIорта йолайелча, Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттаза кхерамаш тийсира, ша Киев схьайоккхур йу бохуш, иштта зарратан герз лелор магорах дIахьедира. Америкхойн The Wall Street Journal зорбано дийцарехь, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIом болабалале Кадыровна тIедиллинера Украинан президент Зеленский Владимир вен.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинан кхерамазаллин Сервисо таллам болийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал – агрессиве тIом болорна а, пачхьалкхан дозанан цхьааллина тIекховдарна а, тIеман агресси бакъйарна а бехкево иза. СБУ-но чIагIдарехь, чугIортар долалучу йукъанна Кадыровс ша дакъалоцура цхьайолу операцеш кечйеш, тIаккха цуьнан куьйгкIеларчу наха маьрша бахархой байъина бохура.

ТIеман эксперта, Украинан ТIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхочун гIовс хилла волчу (2006–2010 шш.) Романенко Игоря Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь дийцина, оьрсийн чугIортарехь кадыровхоша дакъалацарх, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгаллица цуьнан дов даларх, Нохчийчохь хиллачу тIемийн а, Украинерчу тIамна йукъахь цхьанадогIучух а.

– ТIом маца дIабоьрзур бу, хьуна хетарехь?

– ХIинца оьрсийн агIоно кечйеш йолу 300 эзар стагах лаьтташ йолу тIеман резерв лелийна йаьллачул тIаьхьа дуккха а хIуманаш къаьсташ хир ду. [Оьрсийчохь] мобилизаци дIахьош йу хIинца а. ХIинцле а 200 эзар стаг фронте валийра, хаалуш ду иза. ТIеман дозанехь – 1 100 километр ду иза – Оьрсийн Федерацин эскарш йеа агIонехула тIегIерташ ду.

Кадыровхой – шайтайпа долара къоман тIеман кампани йу

Маьрша дийцарш даран хаттар ца хьехадо Оьрсийчоьно, хIунда аьлча, шаьш дIалаьцна латтанаш низаме дерзо гIерта уьш, амма Украина цкъа а реза хир йац цунна. Ший а агIо бIостнехьа позицеш лаьцна Iаш хиларна, тIом боьрзура бу Оьрсийчоьно шен резерв кхачийча, йа Украино шен позицеш дIалаьцча. Хила тарло, дайначу шарахь схьадаьхна латтанаш йухадерзор жим-жима хила мега. Амма Iалашо – 1991-чу шарахь дуьнено къобалдинчу кепехь дозанаш дIахIиттор.

– Оьрсийчоьнан эшамашна муха мах хадабо ахь?

– [Украинан эскаран] Коьртачу штабан зераш – 125 эзар вийнарг ву (дечкен-беттан чакхенгахь кхаьчначу хаамашца, амма чиллан-беттан 8-хь – 134 эзарал сов ду и терахь. – Ред. билг.). ТIемаш даран дуьненан зерашца, лазийнарш, контузи йинарш йукъатоха беза оцу терахьна, аьлча а, и терахь кхузза совдаккха. Малхбузено жимма кхин терахьаш даладо. Амма Малхбузенан зерашца а ду Оьрсийчоьнан 100 эзарал сов эшамаш. И терахь хIора дийнахь десташ ду, хIунда аьлча къиза тIемаш ду доьлхуш.

– Оьрсийн некрологашкахь хIора дийнахь "ЧВК Вагнеран" йолахой буьйцу. Уьш кечбарх лаьцна хIун эра дара ахь?

– И тобанаш тIеман йуьххьехь цхьана кепехь йара, хIинца кхечу кепехь йу. Стратегин, тIелатаран операцешкахь баккхийра эшамаш хилла царна – Украинан къилбаседехь йолчу "блицкригехь", цул тIаьхьа йухайехира уьш, тIаьхьо шолгIа тIелатаран операци йолийра малхбалехь а, къилбехь а. Суна хетарехь, кхоалгIаниг а хир йу.

["ЧВК Вагнеран" куьйгалхочуьнгахь Евгений] Пригожинехь тоъал ахча хиллашехь, герз кхачийта тайп-тайпана хийцамаш байта гIерташ и леллашехь, и тоьаш ца хилла. "ЧВК Вагнеран" [Оьрсийчоьнан эскаран] Коьртачу штабан куьйгалхочуьнга шайн тIеман гIирс ца тоьа бохуш латкъамаш дарх лаьцна а хууш ду. "ЧВК Вагнеран" кхин кеп йара хIетахь. Оцу хенахь рогIерчу эскархошца дуьстича, уьш мелла а дика кечбина бара, гIирсаца а, мелла а дукха ахча кхочуш а бара. Цул сов, Пригожино дIахIиттийна долу набахтин низамаш а дара лелаш: цхьаъ йухаваьлча, йа дIавахача – цунна герз тухура. Йа кувалда лелайо. ТIеман къаьсттина хьал хIоттадо цара. Амма Оьрсийчоьно тIамехь лелош йолчу кеп-кепарчу хIукматашна йукъахь девнаш дуьйлу, дуккха эшамаш хиларна: царлахь йу, ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна йукъайогIуш йолу шех "ДНР" олучун тIеман тобанаш а, кадыровхой а, вагнерхой.

Шен долара тIеман кампани кхолла волавелла (Сергей) Шойгу а – (Оьрсийчоьнан) тIеман министр. И гIурт бу. Масех иттанаш доларчу тIеман кампаних лаьцна хаамаш ду. ТIейогIучу ханна кечбеш бу уьш. ЧВК-но уггар хьалха шаьш кхоьллиначу нехан интересаш хьалхатетта йеза.

– Вагнерхой оьрсийн рогIерчу эскархойл дика кечбина бу бохучух муха кхета веза?

– Цига дуккха а ахча хьежадо, хIунда аьлча, Пригожинан аьтто баьлла герз а, гIирс а бохкаран арахьарчу компанешца болх бан – иза Путинан уллера стаг хиларца а доьзна ду иза. Шена дуккха а озабезамаш хилийтина цо. Амма иза а, Кадыров а, хьалххе дуьйна тIеман хьукматашкахь болчу белхахошна Оьрсийчоьнан кхерамазаллин системехь ца оьшурш хета. ТIаьххьаре а [Оьрсийчоьнан эскаран Коьртачу штабан куьйгалхочунна Валерий] Герасимовна а, Шойгуна а аьтто баьлла, дерриг Шойгуна куьйгкIелахь хилийтар, амма тIеман дакъа – Герасимовн.

– Лапин, Суровикин, Герасимов… Оьрсийн тIеман буьйралла хийцалуш ду, амма цаьрца хIун хийцало?

– Кеп-кепарчу тобанийн векалш бара уьш. [Инарла Сергей] Суровикин йукъавогIу Кадыровн а, Пригожинан а тобанна. ХIинца тIеман кадрийн куьйгалхошца долчу девнехь – Шойгуца, Герасимовца – ийшира уьш, цундела Суровикин гIовсан дарже дехьаваьккхира, тIаккха [Александр] Лапин хьехош воцучара йухавалийра, [украинхоша] Харьковехь, Херсонехь гурахь динчу тIелатаршна бехкевиначул тIаьхьа.

ТIемаш дарехула кадыровхоша шаьш дика гайтина

Шойгус Герасимовца тIаьххьарчу итт шарахь ТIеман ницкъийн лаккхара чулацам кхоьллина –генералитетехь шайна оьшу нах дIахйиттийна. ТIаьххьарчу хенахь билгалдаьлла, уьш эшна цахилар, хIинца "декхарш" дIалуш бу Пригожинна а, пригожинхошна а.

Амма царна тIехь декхарш кхочушдаран тIедиллар ду: тхуна хетарехь, Путино зазадоккху-бутт тIекхачале Iалашо хIоттийна, административан дозанашкахь Донецкан, Луганскан кIошташ дIалаца аьлла. Чиллан-беттан 24-хь шо кхочу [Оьрсийчоь буьззинчу барамехь чугIоьртина], тIаккха Путинна оцу кепара терахьаш сийлаллин хета. Цундела вайна гуш ду, рогIера стратегин резерван 300 эзар стаг кечваллалц ца Iаш, эскаран могIанаш дIадузар а, инициатива шегахьа йерзор а долийна – Оьрсийчоьно гурахь шайгара дIахецнера иза.

– Ахь Кадыров хьахийра. Оьрсийн регионан куьйгалхочух муха хилла оцу тIамехь ладаме фигура?

– Хууш ма-хиллара, кадыровхой тIемаш дарехула - шатайпа долара къоман тIеман кампани йу. Доккхачу декъанна, гIашсалти бу уьш [Оьрсийчоьнан] Къоман гвардина йукъабогIуш. Дукхачу хьолехь цуьнан Iалашо – заградотрядаш санна дакъалацар йу, салтий йуха ца бовлуьйту цара. Оцу хьолехь шайнаш байъар йу церан Iалашо.

Нохчийчохь мобилизаци цахилар кхетадо Кадыровс, хьалххе дуьйна ша и йина чекхйаьккхина бохуш. Кадыровхой – уьш шатайпа долара эскар ду. Шен Путинца дика йукъаметтигаш хиларна гIеххьа ийза ца луш лела иза, шен Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а таронаш гойтуш. Пригожинах тера ву иза. Кадыровс къоман тIегIанехь леладо иза.

– Кадыровхоша лелийначу тIеман зуламех лаьцна девзий шуна?

– ТIамехь кадыровхоша шаьш кхин башца гайтина бац, амма тIеман зуламаш дарехула – тоъал гайтина. Ур-атталла маьршачу наханна дуьхьал лелийна уьш, эскархошна лелийна ца Iаш.

Цул сов, [кадыровхойн агIоно] тоъал зуламаш дина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьал. Кечамбаран центрашкахь а, фронтехь а герз лелийна меттигаш йу йуьйцурш.

– Нохчийчуьра бахархой Украинан агIо а лаьцна тIом беш бу. Царах мел пайда болу?

– Шеко йоцуш хаалуш бу и пайда. Нохчийн хилла а Iаш, беларусхойн а, кхин а къоман цхьанатохараллаш йу тхан, цара гойту, шайна муха тIемаш дан хаьа. Сица дIагIертар долуш тIемалой бу уьш. Дуккха а оьрсийн эскархошца дуьстича, къаьсттина "цхьажимма мобилизаци йиначу нахаца", царна дика хаьа шаьш стенна дуьхьа тIом бо.

– Оцу къоман батальонех йерриг йац ВСУ-н чоьте йогIуш. ХIунда?

– Дукхачу хьолехь уьш гIашсалтий бу, царна ладаме дац Украинан ТIеман ницкъийн чоьтехь хилар. Къоман гварди хила а мега уьш, йа кхин хьукмат.

– Украинехь бусулбачу нахе йолу ойла хийцайеллий? Цхьана агIор, кадыровхоша лелийна зуламаш девза, вукху агIор – украинхошца цхьана церан пачхьалкх ларйеш бу бусалба нах.

– Дуккха а динаш лелаш пачхьалкх йу тхан, бусулбанаш, иудейш, католикаш бу. Лелаш долчу низамашца, оцу кепара плюрализм хила йезаш йу, тхан пачхьалкхан интересашца догIуш далахь, оккупантех мукъайаккха гIо деш далахь.

– Къилбаседа Кавказера йийсархой дукха буй Украинехь?

– Баккъала долу терахь суна ца девза. Уьш буйла хаьа суна. Кхерамазаллин сервис а, таллам а бу йийсархой хуьйцуш леларг. Эвсара хилийтархьама и хаамаш къайлаха хила безаш бу тIаьххьара мур тIекхачалц.

Партизанхойн тобанашца бара Нохчийчуьра тIом, кхузахь тIом беш пачхьалкх йу

Халахета, амма тхан эскархой а шортта бу йийсарехь. Амма оьрсийн йийсархой латтош долу хьелаш гойту оха. Къаьсттина, низамашца йогIуш йолу хьукматаш йу уьш, цига "ЦIен жаIар" йан йиш йу, кхинйолу [дуьненайукъара] хьукматаш а. Амма тхуна ца хаьа, тхан йийсархой Оьрсийчохь муха латтош бу, хIунда аьлча "ЦIен ЖаIар" цига ца йуьту.

Дуьненайукъара низамаш шогачу кепехь хьоьшу оьрсийн агIоно, хIунда аьлча, цо чоьхьара низамаш царал а лакхадаьккхина. Путинна а, цуьнан авторитаран ражна а лерина ду иза, цо тидаме ца оьцу дуьненайукъара тIеман низамаш.

– Нохчийчохь тIемаш доьлхучу хенахь цига оьрсийн салтийн наной богIура, шайн йийсаре кхаьчна кIентий дIабига. ХIинца Украине богIий оьрсийн салтийн наной?

– ТIом болалуш оцу кепара меттигаш нислора. Амма тхуна хетарехь, иза (йийсархой дIабалар. – Ред. билг.) официалехь хила деза, кехаташца.

– Нохчийчуьрчу тIемашна а, Украинерчу тIамна а йукъахь муьлха башхаллаш, цхьанадогIурш а го хьуна?

– ЦхьанадогIург – Оьрсийн Федерацин империн позици гучуйаьлла, шена тIехьа лаьтташ "оьрсийн император" Путин а волуш. Башхалла – Нохчийчоь цхьана барамца – Оьрсийн Федерацин субъект йу.

Шен барамашца, эскарш, герз лелорца а Украинера тIом – дуьненан ШолгIачу тIеман тIегIанехь бу, цундела кхузахь а башхаллаш йу. Партизанхойн тобанашца бара Нохчийчуьра тIом, кхузахь тIом беш пачхьалкх йу. Цунах дика кхеташ хила веза.

Путино оцу тIеман Iалашонаш йу боху денацификаци – къам санна украинхой хIаллакбар – демилитарици а – Украинан тIеман ницкъаш эшор, аьлча а, цуьнан пачхьалкхалла. Тхо кхеташ ду и экзистенционале тIом хиларх, шен тIаьхьалонаш а йолуш.

– Оьрсийчохь бахархошкара ахча гулдо тIамна лерина, мел оьшург оьцу – чухула йухучу бедаршна тIера квадрокоптершна тIекхачалц. Бина кечам боцуш стенна болийна Оьрсийчоьно и тIом?

– Сиха толам боккхуш тIом бан дагахь ша хиларна болийна, амма иштта нис ца делла. Украинан къилбаседехь блицкриг йан ресурсаш тоьъар йу аьлла хетара царна, амма уьш ийшира.

ШолгIачу агIор, дукха курхалла лелайора. Тхуна хаьа, дуккха а тIеман буьйранчаша шайн-шайна герз диттина, техника а, гIирс а эца аьлла хьажийна ахча лечкъийначул тIаьхьа, шайга уьш лелайе аьлла тIедиллича.

– Украинан Лаккхарчу радо нохчийн къоман геноцид тIелаьцна, Нохчийчоь – цхьана ханна оккупаци йина латта лаьрра. ХIун аьлла хета хьуна оцу хьокъехь?

– Суна хетарехь, йозуш цахиларан бух бу Ичкерин. Оха тхайн суверенитет къуьйсу, иштта тхуна хета, Оьрсийчоьнан дерриг къаьмнийн бакъо йу иштта лела, шайн тахане, кхане харжа а, деххачу шерашкахь колонизацин хьолехь уьш баьхнашехь. Амма и хилийта Украино толам баккха беза, тIаккха оцу къаьмнийн аьтто хир бу шайн суверенитет хилийтаран бакъо къовса.

***

  • Дечкен-беттан 28-хь францхойн кабелан LCI телеканале хаийтина Польшин премьер-министро Моравецкий Матеуша билгалдаьккхина, шена хетарехь, Нохчийчоь йозуш цахила йиш йолуш йу, аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо шога тIеэцна Моравецкий Матеушан дIахьедар. Европан пачхьалкхаш бехкейина цо ши тIом боьдучу заманчохь къобалйазчу Ичкерина гIо ца дарна. Кадыровн лазаме реакци йоьзна ю, Украинаца тIом боьдучу юкъанна Нохчийчоьнан маршонех дуьйцу къамелаш даьржина дела, аьлла хета Кавказ.Реалии сайтаца къамелдинчарна.
  • "За свободный Кавказ" депутатийн цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь мангал-беттан 20-хь. Цуьнан декъашхой хилира 10 парламентхо, 1едалера а, оппозицера а партешкара бара уьш.
  • 2014-чу шарахь дуьйна, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йина, Донбассехь "ДНР", "ЛНР" аьлла мехкаш кхоьллича, Украинан агIор тIемаш беш бу Нохчийчоьнан маршонехьа берш. 2022-чу шарахь шуьйрачу барамашкахь Украине чугIоьртича украинхойн армин могIаршкара ичкерийхой хаъал алсамбевлира. Тахана пачхьалкхан ТIеман ницкъийн Интернационалан легионан декъахь нохчех юьзна кхоъ нохчийн батальон ю, кхина цхьаъ тIемаш беш ю лаамхойн дакъа санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG