ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йозуш йоцчу журналистикана Оьрсийчоьно Iаткъамбар емалдо Малхбузехь


Зорбанийн маршонехьа йолчу Коалицина юкъайогIучу 18 пачхьалкхан Iедалхоша, шайлахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Украина а йолуш, Оьрсийчуьрчу прессан маршона тIехIуьттуш, куьйгаш яздина еарин дийнахь юкъахь хIоттийначу дIахьедарна. Американ Пачхьалхкан департаментан сайта тIехь зорбане хIоттийна дIахьедаран текст. Оцу документа тIехь билгалдоккху, цара "арахьара агенташ" олучу зорбанаша бен хаамаш билгалбохуш маркировка ян Оьрсийчоьно декхаредаро тоьшалла до, йозуш йоцчу журналистикана Оьрсийчоьнан бахархой тIе ца кхачийта гIерта аьлла. "Голос Америки" ресурсо бина цуьнан тидам.

ТIаьххьарчу беа беттачохь иттанашкахь журналисташ а, зорбанаш а "арахьарчу агентийн" реестре яьхна. ДIахьедаран авторша бахарехь, Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехкейина Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпораци, 600 низам дохийна меттигаш бу аьлла, царна диттинчу гIуданийн барам бу 4,4 миллион долларш.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша ишта пачхьалкхера араяьккхина Британин ВВС медиакомпанин корреспондент Рейнсфорд Сара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG