Нижневартовскехь лаьцначу Дагестанерчу вахархочо Ильясханов Артура латкъамбина, нохчийн диаспоро кхерамаш туьйсу шена аьлла – административан гIуллакхехула чохь даккха 15 дей-буьйсий тоьхна цунна, меттигерчу туьканахь, нохчо ву ша аьлла, харцахьа леларна.
Дагестане цIа ваха лууш вара ша, амма кхоьру, лаца а лаьцна, Нохчийчу дIавигарна аьлла, дIахьедина Ильясхановс. Цо тIечIагIдина, "нохчийн диаспоран векалшкара" кхерамаш кхочу шега аьлла. Ильясхановн бакъоларъяран органашца хилла къамел зорбане даьккхина меттигерчу Neft гIирсо.
Административан ши гIуда хьарчийна Ильясхановх – харцахьа леларна а, Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци" ярна а. Туьканахь къаьркъанан шина шишех дIадала ахча ца хиллачул тIаьхьа, уьш дохийнера цо, ткъа йохкархочо тIаьхьара дIацIанъе аьлча "гIазакхашна тIаьхьара нохчочо цкъа а цIано йийр яц" аьлла хиллера. Видео тIехь цо мохь туху: "Сий хуьлда Американ, сий хуьлда Укрианин". ТIаьхьо иза иштта бехкевира гамо йа мостагIалла даржор аьллачу Iедалан къепехь а.
Машанехь видео гучуяьлла Ильясхановс гечдар доьхуш – ша мелла хиларна шегара ледарло яларна къера хилла иза. Хьалхо хIара истори йийцарейира Нохчийчоьнан ХМАО-хь волчу векало Абдулхаджиев Iаббаза – цо хаамбира, гIуллакх "Нохчийчоьне даьлла, цара шайн тергоне эцна", тIетуьйхира, Ильясхановга гечдар доьхуьйтур ду аьлла.
"Тхо цуьнца цхьанакхийтира, охьа а хиина, дохковаьлла, воьлхура. Кхана дIахьажо там бу оха иза. Цигахь луьстур цуьнца дерг", - хаамбина Абдулхаджиевс. Хьалхо дIахьедира цо, нохчийн диаспора Ильясхановца "къамелдан" лерина ю, тIемаш боьлхучу меттиге дIагIо аьлла, цунна хьеха а хьоьхуш.
- Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста видеорепортажаш гучуюьйлу гечдар доьхуш. Нохчийчуьрчу бахархошкара "сийсазечу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино, дуьненаюкъарчу динан маршонах 202I-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна Нохчийчуьрчу зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш кхайкхор.