ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Оьрсийчу дахарх юхаозадалар хьехна америкахошна Пачхьалкхан департаменто


Moldova - State Department, generic
Moldova - State Department, generic

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто карлабаьккхина ша хьалхо хьехам шайн махкахошна, Оьрсийчу ца дахча гIоле хиларх лаьцна хьехам, хаам бо "Американ аз" портало.

ДIахьедарехь аьлла ду Оьрсийчу даха ца оьшу, цигахь терроризм хиларна а, ницкъаллин структурийн белхахоша адамаш хьийзош хиларна а, Американ векалаллин шен махкахошна гIо дан болу аьттонаш кIезиг хиларна а, меттигерчу Iедалша шайна луучу кепара низамех пайда оьцуш хиларна а.

Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь къаьсттина билгалъяьккхина амеркахой баха ца оьшу Къилбаседа Кавказе шена юкъахь Нохчийчоь а, Эльбрус лам а болуш, терроризм а, адамаш лечкъор а даьржина хиларна а, ткъа иштта къепедацарш хила мегаш хиларна а аьлла.

Ларвала везачерах ю аьлла билгалъяьккхина ю Оьрсийчоьно д1алаьцна хиларна Украинин территори ГIирма а, цигарчу оккупацин Iедалша зуламаш деш хиларна, боху Пачхьалкхан департаменто.

Шен комментарешкахь Пачхьалкхан департаменто билгалдоккху, меттигаш яьхкина хилар, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн гражданаш, шайна юкъахь хилла а, хIинца а гIуллакх деш болу а Iедалхой а, эскархой а болуш, ткъа иштта цига бахна а, Оьрсийчохь бехаш болу бизнесхой а Оьрсийчоьнан Iедалан белхахоша бахьана а доцуш лебина а, кхерамаш тийсина а.

Оьрсийчохь "амеркахой хьийзо гIерта а мега, къизаллаш лело а мега царна дуьхьал, цаьргара ахча даккха г1ерта а мега", дIахьедина Департаменто.

Американ дипломатин хьукматана хетарехь, Американ Iедалан белхахоша дикка ойла ян еза Оьрсийчу даха оьшуш дуй-те бохучух.

Пачхьалкхан департамента бинчу хаамца, Оьрсийчоьно ша-тайпа дехкарш леладо Американ а, Оьрсийчоьнан а шалха махкалла долчу нехан хьокъехь. Цара ца лара мега цу тайпачу нехан Американ махкалла хилар, цара бакъо ца яла мега Американ консулствон цу нахана гIо дан, новкъарло ян мега уьш Оьрсийчуьра дIабахарна.

  • Москван, Вашингтонан юкъаметтигаш оьшуш схьайогIу ду масех шо. Оцу юкъаметтигийн хьал «шийла тIом» боьдучу хенахь хиллачу тIегIанехь ду, элира 2019-чу шарахь ша The Wall Street Journal-на еллачу интервьюхь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра гIовса Рябов Сергейс. Зазадоккху-баттахь шега ABC телекомпанин журналиста, Путин киллер хетий цунна, аьлла деллачу хаттарна жоп луш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байдена «хета», элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG