ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йуха ца йагIахь, со вуьйр ву". Нохчийчуьра юристана кхерамаш туьйсу ГIалгIайчуьра йеддачу йоIана гIо дарна


Аламов Мохьмад, "Iазапашна дуьхьал Командин" сурт
Аламов Мохьмад, "Iазапашна дуьхьал Командин" сурт

Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" (КПП) организацин филиалан юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш туьйсу ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала 28 шо долу Яндиева Марина цо дIайигина аьлла. Доьзалехь гIелонехь латтийначу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост йукъаозийнера. ХIинца республикера доккха тайп долчу ЯндиевгIара ультиматум хIоттийна: йа Марина цхьана кIиранчохь цIа йогIу, йа Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а шаьш бойур бу аьлла.

Доьзалехь маршо къуьйлуш, ницкъ бина Яндиева Марина 2011-чу шарахь Москва деша дIайахара, диъ шо даьлча цуьнан гергарчара исламан клинике охьайиллира иза – "жинаш арадаха", цул тIаьхьа ГIалгIайчу йухайигира. 2016-чу шарахь йоI йедира, цхьана хеначохь бакъоларйархойн шелтерехь хан йаьккхира цо, амма йуха а цунна тIаьхьа а бевлла, йетта а йиттина, цIа йалийнера.

Цул тIаьхьа Яндиевана кхерамаш тийсира "тIе эхь" дарна, "сий лардеш" йуьйр йу бохуш, зIенах хадийна латтийнера иза – кхо шо даьлча бен цуьнан телефон йуха а ца йелира. ХIетахь дуьйна йуха а цIера йада кечам беш йара иза, дуьйцу "СК SOS" кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас.

Оцу тайпа тIехь гIело латтор магадо, нийса а хета йукъараллехь, полисхоша а, кхелахоша куьйгаш дIасадохуьйту

"Ши бутт гергга хан йайира ГIалгIайчуьра иза арайаккха кечам беш. Минеральные Воды гIаларчу аэропорте йалон йезаш йара Марина. Дукха хьолахь оха такси кхойкху, амма доьзал оьгIазалла а, тоххара а иза йухайигар лерина, цунах лардала гIоьртира тхо. Таксхочунна кхерамаш тийса тарлора йоьIан гергарчара, цо машен тIаккха йухайерзор йара. Цундела "Iазапашна дуьхьал Командера" тхешан коллегашка орца дийхира оха машенца гIо эшна", - дуьйцу къамелдечо.

Оцу йукъанна "Командин" векалшна а, шена Аламовна а хууш хIума дацара, тахана мел а кхерамзаллехь латточу Яндиеван историх лаьцна.

"Юридикан гIирс – тхоьгахь бисинчу кIезигчух цхьаъ бу. Бакъоанан майданахь гIуллакхан йист йаккха хьийза тхо. Маринина хьалхара хIуммаъ а лелош дац тхо, амма тешна ду, цIа йаха цунна кхераме ду", - тIетуху Мирошниковас.

ГIадужу-беттан 5-чохь цIера йедда Яндиева. Йуьхьанца цуьнан наха тIепаза йайна аьлла, лехамашка йелира иза, тIаьхьо полици йеанчу цо ша дийцинера, ша цхьаммо а лачкъийна йац аьлла. Цул тIаьхьа йеддарг бехкейира къола дарна (Къилбаседа Кавказехь дукха хьолахь цунах бахьана до гергарчара, полици тIаьхьайаккхархьама. Оцу бехкашца йухайигира цIера йедда хилла Сулейманова Седа а, Исмаилова Селима а, иштта Арсамиков Идрис а).

Яндиева Марина
Яндиева Марина

ГIадужу-беттан 11-чохь Яндиева машенахь дIакхетийначу Аламовга телефон туьйхира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало латточу Центрера, йеддачу йоIах лаьцна хеттарш дан деза аьлла. Кхин а кхо де даьлча бакъоларйархочун ваша дIавигира Кадыров Ахьмадан цIарахчу Росгвардин полкан дозана тIехь, цигахь кхерамаш тийсира цунна.

"Ницкъабр къобалдар"

"Девне гIуллакх дирзича, Мохьмад [Аламов] реза хилира ГIалгIайчуьра ЯндиевгIарна дуьхьал ваха, цаьрга долчух ма-дарра дийца, - элира хIоьттина хьал девзачу, шен цIе ца йаккхар дехначу бакъоларйархочо. – "А" тIадамера "Б" тIадаме дIайигина цо иза. Цул совнах, Маринех лаьцна цунна хууш а дацара. Цигахь дина ду телефонехула, шайн йоIе цIайола бохуш, гергарчеран хилла къамел".

"СК SOS" тобано зорбане йаьккхинчу адио тIехь Аламовс дIахьедо шена туьйсучу кхерамех: "Со шун цIахь ву, хьан гергарчарна йукъахь, - вистхуьлу иза Яндиева Маринига. – Соьга боху: хьо цIа йало кIира хан ло шаьш. Оцу хеначохь хьо цIа ца йагIахь, со вуьйр ву".

Цул тIаьхьа телефон шега схьаэцначу Маринин дейишас Местоева Зухрас тIечIагIдо и дешнаш. "Нахана бале ца йолуш", цIа йола боху цо. Иза цIа йагIахь, шаьш "тапъаьлла, маьрша" Аламов дIахоьцур ву. Аудио тIехь Местоевас дуьйцу бакъоларйархочун пхиъ жима бер хилар а, цIе ца йоккхучу лазарца да хилар а цуьнан.

Бкъоларйархошна паргIат меттиг йац Къилбаседа Кавказ, дуккха тIелетарш дарх а, нах байарх а хаьа тхуна

И къамел хиллачул тIаьхьа Аламов цIа вахийтина карарчу хенахь Нохчийчохь ву иза, цигахь и кхерамзаллехь ву олийла дац.

Кхеташ ду, Къилбаседа Кавказехь бакъоларйархой кхерамехь бу, кхетадо шен цIе къайлайаьхьначу, регионехь болх бечу НКО-н белхахочо: "Оцу йукъанна юристаш санна болх бойла ду церан, масала, экстреммистийн а, терроран а артиклашкахула долу гIуллакхаш лелош. Амма буьйцурш ЛГБТ-нах, йа доьзалехь ницкъ бинарш белахь, болх бан къаьсттина чолхе хуьлу. ХIунда аьлча, йукъаралло оцу кепара гIело хьегийтар бакъдо, нийса а хета, полисхоша а, кхелахоша а куьйгаш дIасадохуьйту".

Кхеташ дац хIинца Аламов муьлхачу статусехь вуьсуш ву, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Садовская Ольгас: "Тхуна хуург хIун ду аьлча, - Мохьмад оцу хьолан закъалтхо ву, цуьнан дIасаваларна цкъачунна тоьхна дозанаш дац, Нохчийчохь муххале а. Оцу йукъанна хIоттийна кхераме ультиматум йу – вуьйр ву аьлла, ткъа и дешнаш Къилбаседа Кавказехь тесна ца дуьту".

Цо билгалдаьккхира, Аламовн доьзал а Къилбаседа Кавказехь хилар, уьш чIогIа кхерийна бу, амма регионера бовда дагахь бац.

"Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а, Коьрта прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а кехаташ дахьийтина оха, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказ – бакъоларйархошна маьрша, паргIат меттиг бац, дуккха а нах байарх а, тIелетарш дарх а тхуна хууш ду", - дерзийра Садовскаяс.

Дош лела доьзал"

Яндиеван доьзал – ГIалгIайчохь лаккхарчу даржашкахь нах бу, билгалдоккху "СК SOS" тобано. Йеддачун ненайиша Антошкиева Зарема – ГIалгIайчуьра могушалла Iалашйаран министран декхарш кхочушдеш йу, цул хьалха Наьсаран кIоштан дарбан цIийнехь коьрта лор йара иза. Цхьа деваша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь ву, важа мехкан урхалхо лаьттинчу, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс волчу Евкуров Юнус-Бекца воьзна ву.

Массарна а хезаш доьзалехь латточу гIелонех бевддачеран гергарчара кхерамаш наггахь бен ца туьйсу, дуьйцу кхерамехь нисбеллачу зударшна гIо латточу, Къилбаседа Кавказехь болх бечу "Марем" йукъараллин куьйгалхочо Анохина Светланас.

"Тхан практикехь иштаниг хилла ду. Масала, ши шо хьалха Казанера шелтере дIабигинчу дагестанхойн йоIарех цхьахйолчун дас зорбанашна йеллачу комментарихь дIахьедира, со карайагIахь, ша сан ши бIаьрг схьабоккхур бу аьлла. Бакъоларйаран органаша оцу дешнийн терго йанне а ца йира. Со генахь йу. Со Оьрсийчохь Iаш хилча, оцу кепара кхерамаш дуккха а хезар бара суна, цара сан са а гатдийр дара", - дийцира Анохинас.

Оцу доллучунна бIаьргаш хьаббен Оьрсийчоьнан бакъоларйаран система йерриг а зуламхойн а, шайн хеттарг дIадечийна а агIор бу-кх

Анохинас билгалдоккху, бевддачийн гергарчарна шаьш нийса хета, шайн кIад а дийр доций а хаьа, меттигерчу ницкъахоша хIуммаъ деш цахилар дIагойту.

"Нохчийчу дIаделлачу гIуллакхан историно а, Журавель Никитина йеттаро а (иза бехкево КъорIан дагорна, Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта Кадыров Адама йиттира цунна. - Билгалдаккхар) гайтина, оцу кепара хила йиш йоцу, таIзар ца деш дуьсу хIуманашна къурд бо Москвахь. Оцу доллучунна бIаьргаш хьаббен Оьрсийчоьнан бакъоларйаран система йерриг а зуламхойн а, шайн хеттарг дIадечийна а агIор бу-кх делахь. Иштта иза делахь, Мохьмадна туьйсу кхерамаш кхочушбан сахьт дац", - дерзийра бакъоларйархочо.

"СК SOS" кризисан тобанан практикехь Аламовна кхерамаш туьйсуш хилларг - дуьххьара дац. Бакъоларйаран органаша оцу кепара кхерамаш тийсар Къилбаседа Кавказехь тергамза дитина ца Iаш, Москвахь а цхьаьна дуьту.

Масала, доьзалехь латточу гIелонах веддачу Нохчийчуьра 19 шо долчу Тунжаханов Мохьмадан доьзало кхерамаш тийсира адвокатна Соломина Татьянина. Жимчу стагана дуьхьал а йахна, цунна такси кхайкхина хиллера цо. Шайн уьйрашкахула адвокатан кIант хилар хиъна ца Iаш, Тунжахановн гергарчара теллинера цо муьлхачу школехь доьшу а. Оьрсийчоьнан Талламан комитете цо маса хаамбинашехь, шина баттахь гергга гIуллакх таллар долийна а дац хIинца а.

Доьзалехь ницкъбар – уггар а кест-кеста Къилбаседа Кавказехь нислуш дерг ду. Меттигерчу зударшна ницкъбо хIусамдайша а, кхечу доьзалхоша а. Даим а полицино иштта зуламаш тергамза дуьту, ткъа бехкзуламан гIуллакх деллахь а, кIезиг хан тухий, бовлуьйту. Кавказ.Реалиин сайтан корреспонденто къамелаш дира, доьзалехь ницкъбина, пачхьалкхера бовда дезначу зударшца. Цара дийцира пачхьалкхера шаьш довда дезаран бахьанех.

  • Нохчийчохь тIемаш болуш нах лечкъон марзбаларх а, иштта Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а йукъахь рапорт хIоттийнера "Мемориало" а, "Правовая инициатива" тобано а. Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацига дIахьажийра цара и документ. Оьрсийочьнан ницкъахоша нах лечкъабо, уьш кхерон, шайна оьшу тоьшаллаш цаьргара даха, йа царна бекхам беш, аьлла ду кехата тIехь.
  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйаран органийн белхахой баьхкира "Iазапашна дуьхьал Комитетан" Къилбаседа Кавказера офисан куьйгалхочун Нохчийчохь да-нана дехачу хIусаме, цунах лаьцна хаамаш ло шайга аьлла. "Бахархой йухабазбеш" ду шаьш аьллера ницкъахоша, амма лулахошка а, кхечу бахархошка а баьхкина ца хиллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG