Оьрсийчоьнан къилбехьарчу регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а Украинерчу тIамна дуьхьала хилар бахьана хIоттийна, бахархошна хаддаза йеш репрессеш йу. Кавказ.Реалиин сайт цу тайпачу хиламийн лерина тидам беш, схьайогIу.
- Зазадоккху-беттан кхозлагIчу дийнахь Краснодар-мехкан "Славянский" кIоштан кхеле кховдийра Пивоваров Виктор жоьпалле озор доьхуш, хIоттийна протокол. Бахьана - Оьрсийчоьнан эскар йемалдар. Цу гIуллакхе хьажар зазадоккху-беттан 17-чу денна хан хIоттийна ду.
- Оцу кеппара "дискредитацин" КоАП артиклаца 2022-чу шарахь жоьпалле озийра 67 стаг, 66-нна гIуда туьйхира, цхьаъ дIахьедар дина, витира, боху регионан кхелан департаментан зерашкахь; Дерриге гIуданаш - 2,1 млн сом. Царах хIоранна а тоьхнарг йуккъерчу барамехь 32 эзар сом а хуьлуш.
- Кубань-махкарчу Армавир гIалахь кхело гIуданца дерзийра меттигарчу вахархочун Калюжный Викторан жоьпалле озор. Хьалхо шозза а, и ца тухуш, кIелхьаравалар нисделлера цуьнан - дечкен-беттан 13-чу, 26-чу деношкахь кхелахоша шозза полицига йухакховдийра и гIуллакх. Цул тIаьхьа хилларг хууш дац.
- ГIебарта-Балкхаройчоьнан Чегем гIаларчу кхело Кирц Регинина дуьхьал хIоттийна долу протокол полицига йухаделира. Кеххаташкахь билгалдоккху: "Кирц Регинин гIуллакхна лерина долу кехаташ кхоччуш дика вовшахтоьхна а дац, протоколехь кхетош билгалдаьккхина дац Кирц Регинас динарг гуш-хезаш хилла хилар. Цул совнаха, ца дийцина цуьнан бехкехиларан тешаш а муьлш бу. Иза ша протоколаца реза йац, шен бохку бехкаш тIе ца лоцу". Нагахь полицехь болучара керла хIума довзийтахь, протокол йуха а кхеле кхача тарло.
- Зазадоккху-беттан шолгIачу дийнахь изза "дискредитацин" тIехула бахьана хIоттийна, Нагоев Рустаман гIуллакх кхечира Нальчик гIаларчу кхеле. Цунах хиллачух хаам цкъачунна боцуш бу.
"ОВД"-ИНФО-но дийцарехь, гезигмашан-беттан 21-26 деношкахь мобилизацина резабоцучийн акцешкахь дIалецира 2 419 стаг. Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилберачу регионашкахь а - Махачкалахь, Нальчикехь, Краснодарехь, Волгоградехь - дIайаьхьира тIамна дуьхьало йечийн акцеш.