ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмадна дуьхьал Нохчийчохь гIуллакх долийна цо Украинехь батальон кхолларна


Закаев Ахьмад

Къобалйанзачу Нохчийн республика Ичкерин арахьарчу премьер-министрана Закаев Ахьмадна дуьхьал Нохчийчохь гIуллакх долийна цо Украинан интернационалан легионан декъехь Нохчийн республика Ичкерин ТIеман ницкъийн Къаьсттина леррина батальон (ОБОН) кхолларна.

Терроран йукъаралла кхолларна боху артиклана тIехула долийна гIуллакх, дуьйцу пачхьалкхан ТАСС агенталло, республикехула йолчу ФСБ-н пресс-сервисна тIе а тевжаш. Амма ФСБ-но лелош долчу терроран вовшахтохараллин йукъарчу тептаре йазйина йац цкъачунна Нохчийн республика Ичкерин ТIеман ницкъийн ОБОН.

Нохчийн республика Ичкерин ТIеман ницкъийн ОБОН кхоьллира мангал-баттахь Закаев Ахьмадан омраца. Цуьнан буьйранча Хьажи-Мурад Зумсо хIоттийна. Дозанал арахьа бехачу йозуш йоцчу Нохчийчоьнан агIончаша Украинина гIо даккхархьама кхоьллинчех йоьалгIа тоба йу и хIинцле а.

  • Гезгмашин-баттахь Кадыровс Украинерчу тIамехь болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхам бира. И диначунна цо маршо а, хьолан дахар а хьехна. Марсхьокху-баттахь Украинан агIо лаьцна тIом беш болчу Ичкерин агIончашна чIир кхайкхийра Кадыровс. Товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкарчу эскархоша дIахьедира, Нохчийчохь Кадыровн ражна дуьхьал къайлаха тIеман болам кхолларх.
  • ГIадужу-баттахь хаамбора, Закаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорах лаьцна, цо ютьюбехь батальон кхолларх лаьцна видео арахецарна. Талламан комитетан сайтехь цунах лаьцна хаамаш бацара.
  • Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш. Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта ду Нохчийчоь, аьлла ГIадужу-беттан 18-хь сацам тIелецира Украинан Лаккхачу Радо, иштта "нохчийн къоманна йина геноцид" йемалйина цара.
  • 2001-чу шарахь оьрсийн Iедало Закаевгара терроризм лелорна, маьрша нах байъарна бехкбаьккхира, дуьненаюкъарчу лехамашка а велира. Ши шо даьлча Лондонан магистралан кхел дуьхьал хилира иза Москвана дIавала, хIунда аьлча Великобританино цунна политикан тховкIело йелла хиларна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG