ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаевна дуьхьал ву Кадыров. Стенна тIевирзина Нохчийчоьнан куьйгалхо Ичкерина?


Кадыров Рамзан а, Закаев Ахьмад а
Кадыров Рамзан а, Закаев Ахьмад а

Оьрсийчоьнан Нохчийчоь йозуш йоцу республика ян идея цара шайн куьйгашца хIаллакйира, ша а, шен дас Кадыров Ахьмада а, керлачу тIамах нохчийн къам даьккхина бохуш, цхьана заманчохь Ичкерихула шен хилла агIончаш тешо гIертачу Кадыровс дукха хан йойъу.

Таханалерачу Нохчийчохь КадыровгIеран культ дIахIоьттина яьлла. Цунна тоьшаллаш дукха ду, йоллу республикехула дIадиттина, даржийна суьрташ доцурш а. Кадыровна муьтIахь болчу регионан кIоштийн куьйгалхой "паччахь" олий бен цуьнга бистхуьлуш бац, нохчийн маттахь цуьнан метта кхин дош "куьйгалхо" делахь а.

"Церан коьрта Iалашо яра шайн шеф Кадыров Рамзан цIанвар

Кадыров Ахьмад хьахочу хенахь хIора а декхаре ву, официалехь тIечIагIдина мел долу цуьнан даржаш а, цIераш а билгалъяха: "Нохчийчоьнан Хьалхара Президент, Оьрсийчоьнан Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа". ХIора дош йозанехь доккхачу элпаца билгалдаьккхина хила а догIу.

Бакъду, доллу дешнаш даккхийчу элпашца яздинехь-м гуттар а дика ду. Цуьнан цIе яьккхинчул тIаьхьа дицдан мегар дац "Дала къобал дойла цуьнан гIазот" ала а.

Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга цуьнан уллорчу гонера, йа куьйгаллера, парламентера нах бистхуьлуш "ВАША" (ДОРОГОЙ БРАТ) аьлла бен бист ца хуьлу. Цул совнах, Кадыровх лаьцна дуьйцуш, доллу дешнаш даккхийчу элпашца яздина хила а деза. Цуьнан цIийнах болчу нахах лаьцна а дийца деза иштта, шрифт йоккха а йина, масала, "ХЬОМЕ ЙИШИН/ВЕШИН БЕРАШ", ткъа Кадыровн нана Аймани хьахош елахь, царна массарна а "ХЬОМЕ НАНА", йа "МЕХКАН НАНА" хуьлу цуьнах.

Кадыровна муьтIахь хилар а, цуьнга болу безам а дIахоуьйтуш, цуьнан боккхачу доьзалера а, цIийнах а нах а декъалбан беза уьш дуьненчу бевллачу деношца – йижарий, девежарий, ненавежарий, дедедай, Нохчийчоьнан куьйгалхочун 14 бер а.

Кадыров а, Ичкери а

Нохчийн юкъараллехь дуккхаъчу шерашкахь схьабахьаш къовсам бу, кху бIешерийн юьххьехь а, чакхенехь а мила лара веза ца хууш Нохчийчоьнан турпалхо: Оьрсийчоьнан армина дуьхьал тIемаш бинарш, йа Оьрсийчоьнан байракхна бухахь, цара шаьш бахарехь, республика кIелхьаръяккхархьама лаьттинарш.

Таханалерачу нохчийн куьйгалхошна гергахь уггар а лазаме тема ю иза. Дуккха а къахьоьгу, къобал йина ца хиллехь а, йозуш йоцу республика Ичкери аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа, оцу исс шерех юкъараллехь лаьтта дагалецамаш байъа гIерташ.

Кху беттан 10-чохь Кадыров Рамзана масех сахьтехь къамелаш дира, Нохчийн республика Ичкери йолчу заманахь белхаш бина нах вовшахтоьхна. 2000-чу шерийн юьххьехь оьрсийн тIемалошна, йа кадыровхойн карабахна, цул тIаьхьа карарчу хенахь болчу Iедалхошкахьа дехьа а бевлла, селхана хиллачу шайн накъосташна тIе герз хьажийна, тIаккха "Кавказан Имаратна" а (Оьрсийчохь террорхойн организаци лерина, 2011-чу шарахь ООН-н Кхерамзаллин Кхеташоно терррхойн тептаре язйина) дуьхьалбевлла нах бу уьш.

Оцу цхьанакхетарехь дакъалаьцнарш – Ичкерин хенара дуьйна Нохчийчохь дика бевза нах бу:

  • Цхьана ханна Ичкерин парламентан куьйгалхочун декхарш кхочушдина хилла Ахматов ИбрахIим;
  • Ичкерин тIеман министра лаьттина Хамбиев Мохьмад;
  • Ичкерин президент хиллачу Масхадов Асланан хадархо – Турлаев ШаIа;
  • Масхадовн Европехь лаьттина векал Сугаипов Iумар;
  • Парламентан хилла депутат Шахгириев Апти;
  • Европан мехкашкахь "Имарат Кавказан" векал лаьттина Бараев Бухари (2002-чу шарахь Москвахь "Норд-Ост" спектакль йоьдуш дина хилла теракт вовшахтоьхначу Бараев Мовсаран да);
  • цхьана хенахь Масхадов Асланна уллохь хилла, тIаьхьа "Президент" тобан куьйгалхо Ахмадов Артур;
  • тIемало лелла, тахана парламентан спикер волу Даудов Мохьмад;
  • Ичкерин президентан администрацин хилла урхалхо Мурдашев Вахьит;
  • Ичкерин махкахь нохчийн информацин центран куьйгаллехь лаьттина Ампукаев Рамзан;
  • Масхадов Асланан йишин кIант Хаджимурадов Висхан, цхьаболчу хаамашкахь яздарца, оьрсийн спецназо Масхадов лоцучу заманчохь, иза вийна цо 2005-чу шеран Зазадокху-беттан 8-чохь (герз тоьхна хилла Хаджимурадовн тоьпо).

Вовшахтоьхначу цхьанакхетаран коьрта бахьана дара – хьалхо ша тешаме хиллачу Ичкерина дуьхьало латто Кадыров-воккхахверг Оьрсийчоьнехьа валар нийса дара аьлла, тешо гIортар.

Нохчийн исторехь хиллачу турпалхойн сий даимна а дагахь латтийта лууш, ша лелочух а дийцира Кадыров Рамзана. Чай а молуш, шен хьешашца Кадыров-жимахволчо иштта дийцира, Нохчийчохь хийцамаш беш шена хуьлучу гIелонех а. Цо дийцарехь, мехкадаьттано лучу пайдех тоам ца хуьлу мехкан бюджетна, ур-атталла, дешарна харж ян а. Баттахь 100 эзар тонн мехкадаьтта бен ца долу, боху цо.

Мехкан урхалхочо чIагIдо, и барам дукха кIезиг хиларна, нохчийн "Iаьржа деши" арахьарчу инвесторша тергал ца до, Нохчийчоьнан мехкдаьтта доккху комплекс кхион Iалашонца ахча хьажо ца лаьа царна бохуш.

Нохчийчоьнан шахьарахь дукха хан йоццуш кIоштийн цIераш хийцарх хьахош, Кадыровс бохура, XIX-чу бIешерашкахь Кавказан тIом боьдуш нохчийн гIаттамхойн хьалханча хиллачу Бенойн БойсагIаран сий деш, Октябрьскан кIоштан цIе цуьнан цIарца хийцар ца тайначу Москвано къийсира шеца. Амма, ша къар ца велира, бохуш.

Иштта Кадыровс дIахьедира, Бенойн БойсагIаран Дагестанера каш тодайтар а, шен тIедилларца дара, Кавказан тIеман иза турпалхо хилар хууш а кIезиг нах бара, цунна керла чурт хIоттадаллац аьлла.

"Иза а, цуьнан да а ямартваьлла Ичкерина, цара доьхкина къам

Шайх Мансуран цIарах долу маьждиг юхатодайтарх а дийцира Кадыровс, цуьнан цIе денъяр – принцип яра а олуш.

Дозанал а арахьа беха нохчий тешна бара, массо а нохчаша турпалхо ву аьлла, тIеэцначу цуьнан цIе ша цхьана а хIумана туьллур яц аьлла, хета Кадыровна. Амма, эххар а, Шейх Мансуран цIе лелош ю хIинца Соьлжа-ГIалара цхьахйолу кIошт аьлла, дозаллица билгалдаьккхира Кадыровс.

Делахь а, дош ца элира цо, нохчийн шахьарара коьртачу кIоштана, хьалха Шайх Мансуран цIе лелийначу Соьлжа-ГIаларчу аэропортана а цхьаьна шен де, Кадыров Ахьмадан цIе тилларх.

Нохчийчуьрчу Кадыровн цхьахйолчу резиденцехь хиллачу вовшахкхетарехь дехха къамелаш деш Iар хила тарлора, Британехь вехачу, шех Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр волчу Закаев Ахьмадна жоп далар.

ХIара Кадыровн хIусамехь гулам хилале масех де хьалха Нохчийн Республика йозуш йоцу республика ю аьлла, дIакхайкхийна 30 шо кхачарна лерина дуьненаюкъарчуонлайн-конференцехь дакъалецира Закаев Ахьмада.

Кадыровна томана селхана Закаевца цхьаьна хилларш буьйлабелира иза бехван. Закаевх лаьцна стенна дуьйцуш ду дан а, иза дуьненчохь хилар карла а доккхуш аьлла, хаттар деллачу Шахгириев Аптина жоп лучу Кадыровс дуьхьало йира цунна. Европера нохчийн кегийрхой Iехабайта царна таро яла мегар дац аьлла.

Пхеа сахьтехь дахделлачу цхьанакхетарехь, Кадыровс а, цуьнан агIончаша а, кар-кара а оьцуш, къийса а луш, сийсазвора Закаев, цо нохчийн-оьрсийн хиллачу Хьалхарчу тIамехь дакъалацар пайдабоцчу даккха гIерташ, иза хьакъволу политик вацара бохучух тешийта хьийзаш.

Дагалецира цара Ичкерин заманахь хилла кхин болу политикаш а. Бакъду, церан цIераш ехира, деккъа дIа царна карладаккхархьама, нохчийн Европерчу диаспорашкахь цара лелочунна тIе бIаьрг биллина, Соьлжа-ГIалахь шаьш Iаш хилар.

Кхузахь вуьйцург ву, Ичкерин хенахь Iедалхойн президиуман декъашхо хилла Идигов Ахьъяд а, Ичкерин парламентан спикер лаьттина Сараляпов Жалавди а.

Хьахонза ца витира Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIант, Норвегехь веха Масхадов Анзор а. Нохчийчоьнан Iедалхошна мостагIий а, террорхой а хетачарна тIехIуьттуш, цо язъен комменатреш бахьана долуш, емалвира иза.

Европерчу нохчийн реакци

Нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" ассоциацин хьалханча волчу Абдурахманов Мухьаммада тидам барца, оцу кепара гуламаш - Европерчу шена критика ечу нахана дуьхьал Кадыровс еш йолу реакци ю.

Абдурахманов Мохьаммад
Абдурахманов Мохьаммад

"Иза а, цуьнан да а ямартваьлла Ичкерина- йозуш йоцчу пачхьалкхана, доьхкина цара шайн къам. Ткъа хIинца, бехказвийла хьийза иза, цунна вовшахбетта цо Ичкерин векалш, ша мел дуьйцучунна "хIаъ" бохуш, тIетадан декхаре а беш, тIаьхьа мемаш хуьлуш, даржо хатIдоцу масалш а далош. Вайна гуш ма ду, ша ямартвалар хьулдан гIерташ, дайъа а хьийзаш, шен ма-хуьллу чIагIвала гIерта иза, ша мел чIогIа тIемало а, политик а ву, моттуьйтуш. Оьрсийчоьнехьа вала шен ден а, шен а хилла лаам –ледаралла яцара, мелхо а, къоман дуьхьа маса бина сацам бара бохуш", - дуьйцу Абдурахмановс.

Цунна хетарехь, тIекхуьучу тIаьхьенна аьлла, Кадыров ша воллучуьра истори юхаязъан хьийза, нохчийн къоман турпалхо санна ша гайта а гIерташ.

Кадыровн резиденцехь хиллачу гуламах лаьцна хетарг дийцахьара аьлла, дехар дира Кавказ.Реалиино Закаев Ахьмаде а. Цо дIахьедира, оцу цхьанакхетаро ша цуьрриг а цец ца ваьккхира, цигахь къамелаш дина нах бехказбийла гIертара, шаьш Iедална муьтIахь хилар дIагойтуш аьлла.

Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

"Дахначу кIиранах, Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь оха цхьа могIа барамаш дIабаьхьира, 1991-чу шарахь Ичкери йозуш йоцу республика ю аьлла, дIакхайкхийна 30 шо кхачарна лерина. Иштта йоккха онлайн-конференци а хIоттийнера, малхбузен политикаш юкъа а озийна. Европехь хIиттийна и барамаш бахьана долуш эргIадбахна Нохчийчуьра Iедалхой. Муьлхха а Нохчийчоьнан Республика Ичкерех лаьцна аьлла дош, муьлхха а билгалдаьккхина де, йа Ичкерица боьзна хилам, ца боьрзу Кадыровна а, цуьнан уллорчу гонна а, йозуш йоцчу пачхьалкхан идейшна ямартбевлла аьлла, бехкаш ца дохкуш", - дерзадо шен къамел Закаевс.

Цунна хетарехь, леррина оцу бахьаница гулбинера Кадыровс нах, "биллина шеца боьзна болу: цхьаъ цо кIелхьарваьккхина, цхьанна ахчанца гIо дина, йа дарже ваьккхина". Оцу "агIончийн" къамелашна тIе а тийжаш, йозуш йоцу республика кхуллучу заманчохь коьртехь хилла нах бехбан гIоьртина Нохчийчоьнан куьйгалхо.

"Церан коьрта Iалашо яра – шайн шеф Кадыров Рамзан цIанвар, цуьнца цхьана шаьш а бехказа а дохуш", - дерзийна къамел Закаев Ахьмада.

Йозуш йоцу Республика Ичкери аьлла, дIакхайкхина 30 шо кхачарна лерина Гезгамашин-беттан юьххьехь дагалецаман барамаш вовшахтуьйхира Берлинехь а, Венехь а.

ТIаьххьарчу 20 шарахь Оьрсийчуьра дIабахначу нохчийн диаспоран векалийн цхьанакхетар хилира Германехь. Диаспоран декъахоша митинг хIоттийра Австрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG